Американ санкцешна кIелахь волчу Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочух Даудов Мохьмадах Оьрсийчоьнан президентан Iуналлерчу меттигера урхалла кхиоран Кхеташонан президиуман декъашхо хилла. Ишттачу омрана куьйг яздина Путин Владимира. Пачхьалкхан думан Нохчийчуьрчу депутата Делимханов Адама бахарехь, Даудов Кхеташонна юкъаэцаро пачхьалкхан куьйгалхочун "боккха тешам хилар гойту".
"Интерфаксо" хаамбо, Кхеташонан хьалханча ша Путин хилла, цуьнан гIовс – пачхьалкхан премьер-министр Мишустин Михаил. Кхеташонан федералан декъехь нисбелла президентан администрацин куьйгалхо Вайно Антон, вице-премьер Хуснуллин Марат, администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс Кириенко Сергей, экономика кхиоран, финансийн, гIишлош йоттаран, ЖКХ-н, юстицин министраш, Федерацин Кхеташонан а, пачхьалкхан думан а векалш.
Нохчийн парламентан куьйгалхо воцург, Кхеташонан регионерчу декъехь нисбелла Ростовн, Самарин, Ивановскан, Пензан мехкашкара губернаторш, Бурятин куьйгалхо, Кемерован, Калиниградскан мехкашкара низамаш кхолларан кхеташойнийн хьалханчаш, Ямало-Ненецкан автономин гонан низамаш кхолларан кхеташонан куьйгалхо а.
Кремлан сайтехь меттигера урхалла кхиоран Кхеташо тIаьххьара 2020-чу шеран Дечкен-баттахь хьахош ю.
- Кхинболчу нохчийн хьаькамийн декъехь Малхбузенан санкцешна кIелахь ву Даудов, республикехь адамийн бакъонаш хьешарна бехкаш дохку царна.
- Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртича, Оьрсийчоьнан президентан омрашца, Нохчийчоьнан куьйгалхо инарла-лейтенантан чине ваьккхира, тIаккха Делимхановна тIамехь дакъа лацарна "Оьрсийчоьнан Турпалхочун" седа белира.
- Хьалхо аудиохаам баржйира нохчийн мессенджерашкахула, цу тIехь парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух тера долчу озаца стага дуьйцу, Нохчийчоьнан бахархой дозанал арабевллачул тIаьхьа церан "товш доцчу леларх" йолчу проблемех. Къамел дечо бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра дина хьаькамшана а, полицина а оцу кепара хIуманаш совцаде аьлла.