ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожин витар. ХIун дийцира Путина, Кадыровс Кремлехь?


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Зазадоккху-беттан 13-хь Путин Владимира Кремлехь тIелецира Кадыров Рамзан - кху шарчохь кхозлагIа цхьаьнакхеташ бу уьш. Официалан-хаамаша дийцарехь, политикхоша дийцаре дира республикан социал-экономикан кхиар, амма эксперташ тешна бу, цу цхьаьнакхетаран чулацам кхин хиларах. Уьш хьехархойн алапаш, ковидан вакцинаш хьехош ца хилла боху цара. И цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа, хьен ца луш, Кадыровс тIеман министралла (Минобороны) хастош, "пост" йира шен аккаунташкахь - хетарехь, Путина шен метте охьахаийначух тера ду. Министаршца хилла девнаш бахьанехь.

Кремло гайтинарг Путинан, Кадыровн къамелан йуьхьанца долу цхьа дакъа бен дацара: видео тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхо халла шен тептаран агIонашкара йозанаш дIадоьшуш воллура. Цу тептарна тIера йоза доккхачу шрифтаца яздина дара. Иштта Кадыровс Путине дийцина, Нохчийчоьно дIадаханчу шарахь хьалхара меттиг йаьккхина дуккха "пачхьалкхан программаш къиамца кхочушйарехь а, иштта, "Кхерамзалле, дика некъаш" къоман проект а чекхйаккхарехь а, бохуш. Цо билгалдаьккхира, "эвсара гIалин среда а, социалан догазификаци а, "Экологи" къоман проекташ кхолларехь республика хьалхарчех хилар. Цул совнах, 2022-чу шарахь инвестицеш хьалаевлла, элира.

Стохка белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь, иштта кхин дIа а Нохчийххоь тIаьхьарчу меттигашкахь лаьтташ йара - иза Кадыровс дийццане ца дийцира.

"Суна хаьа, Соьлжа-гIала, йерриге Нохчийчоь санна, дукха жигара кхуьуш йуйла. Иза иштта хилийтархьама, хьо къахьоьгуш вуйла. Дерриге суна дукха дика хууш ду. Син-мехаллин агIо а, таронийн агIо а - цхьатерра шорлуш, чIагIлуш лаьтта. Цу дерригенах лаций къамел де вайшимма?, - элира Путина. Эццехь цхьаьнакхетаран стенограмма сецира. Цул тIаьхьа цара хIун дийцина хууш цхьа а вац.

ХIаваэхула воггIушехь мачаш хийцина ваьлла

Цхьанакхетар дIадирзинчул тIаьхьа шен телеграм-каналехь Кадыровс йаздо: "тIеман хьалхарчу позицешкахь болчу эскархойн хьал тиша хилар церан шайн бехк бу, цундела резабоцуш хила бакъо церан йанне йац. "Нохчийчоьнан куьгалхочо Кадыров Рамзана хастийра Оьрсийчоьнан тIеман министралла а, цуьнан куьйгалхо Сергей Шойгу.- "Шойгу нах 24 сохьтехь гIароллехь лаьтташ бу. ТIе хIоьт-хIоьттинарг нисдеш." Цо хастийра кхин а тIеман ницкъийн Генштаб. Уьш чIогIа хьекъале бу, царна Украинехь тактика лелон а хаьа, аьлла.

Генералитетна ша хьалха дийциначунна нийсса пурхнехьа дерг дуьйцу Кадыровс хIинца. Цул совнах, ЧВК "Вагнер" хьалханчана Пригожин Евгенийна чугIерташ къамелаш дан а волавелла. Чиллин-беттан чакхенгахь Пригожина бехкевира Шойгу, шен йолахошна патармаш ца латторна. Шен компани хIаллакйан лерина ву хьо, аьлла. 2022 шеран йохаллехь Кадыров а, Пригожин а вуно бертахь волуш, кхинболу инарлаш йемалбеш лийлира. Ткъа хIинца Кадыровн къамел кхин ду: "Дикачу тIемлочун патарамаш кхачош ца хуьлу,"- боху цо.

Уггар дукха Путин волчу хьошалгIа оьгIург Кадыров ву. Оьрсийчоьнан къилбехьарчу республикийн кхинболу куьйгалхой наггахь бен ца богIу: 2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна схьа Путина цуьнца кхаа цхьанакхетарехь хилла. (2022-чу шарахь: чиллин-беттан 2-хь, лахьан-беттан 25-хь, 2023-чу шарахь: зазадоккху-беттан 13-хь.), зазадоккху-беттан 4-хь - Кадыровн 17 шо долчу кIантаца Кадыров Ахьматца.

Дустарш дича: Донской-мехкан губернатор Голубев Василий тIаьххьара Путин волчохь хилла 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь. Ставрополь-мехкан губернатор Владимирова Владимир, ХIирийчоьнан куьйгалхо Меняйло Сергей - 2021чу шеран марсхьокху-баттахь, ГIалмакхойн-мехкан куьйгалхо Хасиков Бату - 2019-чу шеран товбецан-баттахь(цу муьрехь цхьана ханна бен цу даржехь вацара иза).

Нохчийчохь хIинца долчу Iедална оппозицехь болчу "Iадат" - боламехь боху: Путина Кадыров Кремле кхайкхаран бахьана цхьаъ дара - тIеман министраллина Кадыровн дуьхьалвалар, иза инарлашца къийсавалар. И сацон лерина хилла Путин. Кавказ.Реалии сайтан корреспондентаца хиллачу къамелехь "Iадатан" декъахоша дагадаийтира, ши шо хьалха чиллин - баттахь Кадыров стенна кхайкхира Кремле: федерал - суьдхочун хIусамнана Мусаева Зарема кадыровхоша лачкъорчу деношкахь.

"Пригожин къийсамашкахь велахь а, Кадыров-м Дубай вахна

"Кадыровс массарна хезаш Мусаева Заремин доьзална кхерамаш тийссира, ткъа Соьлжа-гIалахь йоккха митинг йира. Мусаева Заремин хIусамден, кIентийн суьрташна цкъа тIе когаш бетташ, йуха цIергахь дагош. Доцца аьлча, и митинг Кадыров Кремле веанчу дийнахь дIайаьхьира. Оьрсийчоьнан йукъараллехь и хилам реза цахиларца тIеийцира. Цхьаболу Iедалхой а цецбевллера - дуьххьара гуш дара царна федерал-суьдхочун доьзална цу кепара йуьхьйоцуш закон дуьхьалдалар. Путинца къамел хиллачул тIаьхьа Iедал-белхалойн критика мелла дIатийра, кадыровхоша и хилам кхин ца хьехийра.

ХIинца, Путина ала аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Генштабаца долу дов сацор ду. ТIаккха гуш хир ду, иза шен лаамехь цахилар, цуьнан карахь хIумма цахилар, аьлла хета "Iадатан" декъашхочунна. Кадыров Iемина ма ву хIаваэхула воьдуш лаьтташехь шен мачаш хийца. Хьалха ша мохь туххуш баьхна дешнаш йухаоьцуш",- боху "Iадатехь"

"Йамарт-м волуш вара и"

"Хетарехь, цу цхьанакхетаран бахьана ахча дара. - Кремло Кадыровн эскархой кхаба а, кхион а лушдолу ахча. Украинерчу тIамехь жигара дакъа лоцуш схьабогIу уьш. Путинна оьшуш а бу, шен тIом бан карах ца долучу генералитетна дустарца дIагIайта,"- аьлл,а хета политологна Преображенский Иванна.

"Эксперто тидаме лаьцнарг:"масех баттахь Кадыровс, Пригожина Генштабаца латтийна дов Путин резаволуш хила тарло. Ший а агIо сацорхьама. Эххар Кремло инарлшкахьа узу."

Пригожин къийссамашкахь ву, ткъа Кадыров-м меллаша шен Дубай вахна. "Генштабехь берш совццалц, цхьажимма дехьа-сехьа валий, хIума де, IиндагIе вала", аьллачух тера ду цуьнга. Федеральное собрание хьалха Путина къамел дечу дийнахь цигахь а вацара Кадыров. Амма шен кIант Кремле ваийтарца, ша хIинца цига вахарца Кадыровс гойту, шен, Путинан гергарло йуха а денлуш хилар. "АстагIа бад" ца хила шех аьлла хеташ ву. Путин а ву-кх тIаккха ша Кадыров охьатосур вац бохуш санна, хьийзаш",- тIетуху Преображенскис.

Политолого дийцарехь, Путинан, Кадыровн тIаьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь дерриге гуш ду. Кадыров инарлашца шен долчу девнна йуккъера араволуш ву. Политолог тешна ву, Кадыровс хIинца ша цу Генштабна муьтIахь хилар гойтург хиларах. Пригожинца йолу йукъаметтиг херйеш гIур ву иза. Ткъа Пригожин цхьана йукъанна бен оьшуш вацара.

"Кадыровс кхоьсси Пригожин. Вукхунна хIинца кхин накъостий, гIоьнчаш ца карабахь, цхьамма цуьнан чот йийр йац. Хьалхо кхиссина донбассан сепаратистийн хьалханчаш санна, вуьсур ву и. Кадыровцех дерг аьлча - цара толамаш ца бахарна Путин оьгIазавахар тидаме оьцуш, уьш хIинца фронтан йисттехь латтор бац, йуккъе дIахьежор бу. Хьалха санна оьрсашца дехана къамелаш дан а, девнаш даха йиш хир йац церан. Украинхоша дийцина "Тик-ток"- эскар хуьлучера дIадаьлла Кадыровн эскар. Наха бохучу толамашна тIехь дозаллаш дар кхачор ду",- боху спикеро.

Кадыров даима хилла йамарт. Цунна хала дац Пригожин вита

Кху къамелана реза ву Госдуман депутат, социолог Яковенко Игорь. ТIеман министраллина дихкина дара хаамийн-гIирсашца болх бар. Ткъа Кадыров, Пригожин доггах царна луьйш лийлира. 2022-чу шарахь инфо-гIирсашца дикка кхиссарш йира цара инарлашна. Вукхарна иза хазахета йиш йацара.

"Массарна гучохь Генштабна луьйш волучо чIогIа новкъарло йора массеран балхана. Путинна хии, и шиъ дIасаваккха. И шиъ бертахь хилар кхераме дара,"- аьлла хета къамелахочунна. - Кадыров-м даима хилла йамартхо, шен да санна. Цуьнан да, шена пайдехь дерг хаа ма деллехь, дукха атта оккупантийн агIора велира. Цо иза дар бахьана долуш Нохчийчохь оьрсийн эскар туьйлира. Дуьххьара беш бац Кадыровс и тайпа тешнабехк. Ма атта вуьтур ву цо Пригожин.

Кадыровхой Бахмутна тIелатийта, аьлла-м ца хилла-те Путина? - цу тайпа дерг хIара санна Москварчу цхьанакхетаршкахь ца дуьйцу. Украинхойн таронашца а, леларшца доьзна ду и. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луур дац шен гвардейцаш хьалхарчийн могIаршлахь балийта. Кху цхьана шарчохь цадинарг хIинца дийр ду аьлла ца хета.

"И шен эскар ша вохош хилахь, бохуш, кхоош латтош ду Кадыровс. Пригожин санна, Путинан белшаш тIехула хьоьжуш ма вай иза а - Путин воцчу кханенгахь ша муха вехар-те бохуш",- элира социолого.

Путина алахь, шен доьзална а йамартло йийр йу цо

2022-чу шеран йуьххьехь Путинан, Кадыровн хилла цхьаьнакхетар Мусаева Зарема дIалацарца, цуьнан доьзална кхерамаш кхайкхорца доьзна хеташ бара нах. Амма хIинца гуш ду - цу шимма хинболчу тIамах дерг дийцина хила тарлой,"- бохуш, дуьйцу Европерчу ичкерхойн "Единая Сила" боламан хьалханчас Сулейманов Джамбулата. Цунна хетарехь, Украинна тIелатале кадыровхойх бIобулуш хилла Путин. ХIинца жамIаш кхин ду. Кадыровна а, Пригожинна а генералитетна критика йан магийнера цо. Амма кадыровхойх схьаболуш пайда ца хилча, цаьргара толамаш шена ца хилча, Кремль йуха а тIеман министраллина (Минобороны) тIетевжи,"- боху спикеро.

"Кремль Пригожинна реза йац тешна бу дукха аналитикаш. Кадыров цкъачунна латтош ву - Кавказера хьал талхахь, шайн гIуллакхаш кхин а галдовларна кхоьруш. Кадыров Кавказехь оьшуш ву царна. Ткъа Кадыровс-м хIумма хала ца дуьтуш, дити ЧВК ( "Вагнер"-ан"хьалханчица Пригожинца долу гергарло. Нагахь Путина омра лахь, цо, ойла ца йеш, шен доьзал а буьтур бу,"- къамел чекхдаьккхира Кавказ. Реалии сайтаца зIене ваьллачу Сулемановс.

"Кадыровс и цхьаьнакхетар ша тIамехь йоккха меттиг дIалацар гойтуш динера. Цо Путин шена резавира",-"аьлла хета тIом талларан институтерчу (ISW) эксперташна. "Кадыров Путинах кхоьруш ву, шен эскархой Украинерчу тIаманна пайденна цахиларна,-" аьлла, тIе а туьйхира.

  • Чиллин-баттахь Кадыровс хаийтира, ша Пригожинна "конкуренци йеш", шен эскар вовшахтоха воллий. Iедалера болх битинчул тIаьхьа, ша шен долахь тIеман компани йа воллу, аьлла.
  • "Путинан пехотинец" ву ша баьхна Кадыров Украинехь тIом болабелча, Пригожинна муьтIахь хилла дIахIоьттира. Цул совнах, церан структураш йара цхьана бертахь болх беш. Нохчийчухула тIаме дIахьовсийна "лаамернаш" ЧВК "Вагнере" кхочура.
  • ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Кадыровс "пост" йира, ЧВК "Вагнер"-ан куьйгалхочух "веза ваша", "бакъволу тIемло" олуш. Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIахецарна, "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр ледара тIемло ву аьлла, йемалвира. Пригожин резахилара Кадыров Рамзана цу хьокъехь аьллачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG