ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожина бунт гIатторан бахьана лерина Кадыровс цуьнан амбицеш а, бизнес тIехула девнаш а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

ЧВК "Вагнер" кхоьллинчу Пригожин Евгенийс бунт эккхийтар доьзна цуьнан бизнес-интересашца, доккхачу декъанна, цуьнан йоIана лаьттан дакъа ца деллачу Санкт-Петербурган администрацица хиллачу конфликтаца аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Пачхьалкхан коьртачу гIуллакхашца эйина шен амбицеш" Пригожина аьлла, тIетоьхна цо.

"Шен бизнесехь тIаьхьий-хьалхий дийцаршца аьтто боьхна, Санкт-Петербурган Iедалхоша цуьнан йоIа доьху лаьттан дакъа ца делча, кхин а тIе эргIадвахначу бизнесхочун собар кхачийна хиллера", - хаамбина Нохчийчоьнан урхалхочо.

Пригожина гIаттийна тIеман бунт цуьнан бизнес-интересашца йоьзнарг цхьа Кадыров ву Оьрсийчоьнан лаккхарчу даршхошлахь.

Цуьнан постехь йуьйцург йу 30 шо долу Пригожина Полина. 2016-чу шарахь Пригожинан доьзалх бина талам, иштта цуьнан йоIанан гонах а, зорбане баьккхира оппозицин политико Навальный Алексейс. Ткъа кхо шо хьалха зорбанан гIирсаша арахийцира Пригожина Полинин бизнесан хьокъехь бина таллам.

Хьалхо ЧВК "Вагнеран" долахочун йоI ООО "Кредо" йиллинарг йара – чу-ара ца баккхалун бахам ханна цхьаьнга луш, цуьнан урхалла деш йара иза. Иштта цуьнан йу ООО "Лахта Плаза" цIе йолу хьешан хIусамийн комплекс а. Хинан туризман центр йан Пригожинна делла дара и латта. Карарчу хенахь Пригожина Полинас Санкт-Петербургера а, Ленинградан кIоштара а Арбитражан кхелехь къуьйсу ООО "Пивоварня" компаница миллион сом декхар бахьанехь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, Украинан а, Керла Зеландин а, Японин а, кхин а цхьа могIа пачхьалкхийн а санкцийн тептаршкахь йу Пригожина Полина.

  • Мангал-беттан 23-чохь Пригожина хаамбира ЧВК-н позицешна Оьрсийчоьнан эскархоша тохарш дарх. "Нийсонан марш" кхайкхийра цо, "оьрсийн тIеман куьйгалло дохьу зулам" сацорхьама. Шеца 25 эзар эскархо ву элира цо. Шайн "маршан" Iалашо – тIеман министраллин урхаллина жоьпалла тIедожор йу бохура цо, къаьсттина урхаллин министрна Шойгу Сергейна а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан хьаькамна Герасимов Валерийна а
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло "информацин питана" ду элира ЧВК-на тохарш дина бохуш, йаржийна информаци. Пригожинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира Оьрсийчоьнан ФСБ-но, герзашца Iедалан карчам бан гIортарна. ТIаьхьо Кремлан пресс-секретаро Песков Дмитрийс хаамбира, Пригожинна дуьхьал айдина гIуллакх йукъахдаьккхина, цо тIамехь "дакъалацарна а, президентан Путин Владимиран гарантех тешна "Белорусси дIаверзарна а"аьлла.
  • Хьалхо Кадыровс Пригожин Евгенийх "хьомсара ваша", "бакъволу тIемло", "доггаха лорург" бехира. Цу йуххехула украинхойн гIала Лиман дIахецарна, "Центр" эскаран буьйранча инарла Лапин Александр "ледара тIемло" ву аьлла, йемалвира. Цу шиммо билгалдоккхура шайн доттагIалла, цхьатерра критика йора тIеман министраллина. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Кремлехь цхьанакхетар хиллачу тIаьхьа Кадыровс Пригожинна луьйш, лач къамел дира, иза тIехIоьттира тIеман министралина. Цул тIаьхьа пайда боцчу хIумана тIехула Нохчийчоьнан урхалхочун гонера нах бехкаш дохуш тIекхохкабелира ЧВК "Вагнеран" долахочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG