ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожинан бунт, Нохчийчуьра къоьлла а, йедда йоI а


Соьлжа-ГIала

Оьрсийчоьнан къилбера Пригожинан гIаттаман тIаьхье, Дагестане вахана Путин, доьзалера ницкъбарх йеддачу нохчийн йоьIан кхоллам, Нохчийчуьра къоьлла цунах а, кхиндолчух а дуьйцур ду оха Маршонан 17-чу подкастехь.

ХIоттайе лайк- тхо дIадуьйлало.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Пригожинан гIаттаман тIаьхье

Коьртачех дара кху кIирнахь "Вагнер" олучу доларчу тIеман компанин куьйгалхо Пригожин Евгений гIаттам бан гIортар. Маршо Радион сайто ма-дарра дийцира мангал-беттан 23-24-чохь хиллачух, хIокху подкастехь аса йуха а дуьйцур ду йолахойн а, тIеман министраллинн а Оьрсийчоьнан къилбехь дуьхь-дуьхьал латтаран тIаьхьенах.

Пригожина бунт гIаттийра Ростов-на-Дону гIали йуккъехь. Шоьтан Iуьйранна вагнеровхоша шайн карайерзийра и гIала. ГIаличохь герзашца нах а, тIеман техника а гучуйалар меттигерчу бахархоша кеп-кепара тIеийцира: хуьлучунна резабоцурш бара, амма чIогIа шуьйра даьржира машанашкахула, йолахой доггаха тIеоьцуш, царна гIортор латтош, танкашца а, цаьрца а суьрташ дохучийн кадраш. Ростов гIалин йуккъехь цхьаберш шатайпа самукъадоккхуш хиллехь а, кхинболу меттигера бахархой шайн ма-хуьллу туьканаш йассош бара, йа гIаличуьра уьдуш.

Мангал-беттан 24-чохь, Пригожинца кризис йерзарх Лукашенко Александран пресс-гIуллакхоша хаам бича, Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс хаамбира, ЧВК "Вагнеран" ковра регионалан шахьарера арайаьлла аьлла. Оцу мIаьргонехь хаайелира гIалахь полици – меттигерчу цхьаболчу бахархоша тIеийцира уьш "эхь ду шуна", "йамартхой" бохуш, маьхьарий а детташ.

Оцу кепара, Пригожинан бунтан политикан тIаьхье хилира, президентан Путин Владимиран ницкъаллин блокана а, цуьнан рожан бакъонна а дина тохар. Мангал-беттан 24-чохь, тхан хьасташа дийцарехь, Ростовра бакъоларйаран органийн белхахошна омра дина хиллера белхан меттигашка а ма дуьйла, гIали йуккъехула дIаса а ма лела аьлла. Делахь а, цо новкъарло ца йира регионера ницкъахошна цул тIаьахьа кхо де даьлча, мангал-беттан 27-чохь, Кремлера Соборан майданахь хила. Цу дийнахь Путина полисхошна шайн белхан декхарш кхочушдарна баркалла элира.

ПаргIат хила бохуш, кхайкхамаш беш, президентехьа шайн программица дIахьедарш а деш, реакци йира Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн дукхахболчу куьйгалхоша. Оцу хьолехь билгал вара Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан – цунна муьтIахь долу тIеман дакъош мангал-беттан 24-чохь вагнеровхоша дIалаьцначу Ростов-на-Дону гIала боьлхуш тергалдира.

Йолахоша дIалецначу позицешна гергахь нохчийн эскархой ца гира, амма хIетте а цо новкъарло ца йира Кадыровна дIахьедан, цуьнан дешнашца олу ас, - "кхиамца кхочушйира шайна хьалха хIоттийна Iалашо". ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Путинца йина селфи зорбане хIоттийра – суьрта тIехь къежна президент Кадыровн белшаш тIе тевжина го. И шиъ цхьанакхетта хилар Кремлехь а бакъдира, кхин тIех даьккхина х1ума а ца дуьйцуш.

Пригожинан гIаттаман кхин цхьа хьесап – бакъонан коллизи йу. Масех оьрсийн эскархо вийнашшехь, хиллачух жоьпалла цхьанна а тIедожийна цахиларна хIоьттина иза, Пригожинна дуьхьал айдина хилла бехкзуламан гIуллакх а йукъахдаьккхина.

Къилбаседа Кавказехь терго йира оцу гIуллакхан цхьана ГIалгIайчуьра тайпанийн Кхеташоно. Цуьнан векалша тIедожийра, 2019-чу шарахь Нохчийчоьнца латтанаш хуьйцуш бинчу сацамна дуьхьал республикехь протестхошна хьалхабевлла хилларш маьршабаха аьлла.

ГIалгIайн гIуллакхехула таIзар динарг верриг а 50 стаг ву – бакъоларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лерира уьш. Магасехь хиллачу протестийн лидерш дIахеца аьлла, шена тIедиллар – тергамза дитина Путина.

Дагестане вахана Путин

Мангал-беттан 28-чохь Дагестане веанера Путин, Дербентехь хилира иза, пачхьалкхан зорбанаша хаамбарехь, Къилбаседа Кавказехь туризм кхиорах кхеташо дIайаьхьна цо. Президент республике вале кхерамзаллин барамаш чIагIбира – ПВО-н система хIоттийра гIала чувуллучохь, ткъа Дербентехь масех урам дIакъевлира, оцу тIехула меттигерчу бахархоша латкъамаш бира дуккха а чакхармаш раьгIнаш хIиттарна урамашкахь.

Дербентехь Путин хилира ширачу меттигашкахь – "Нарын-Кала" г1опехь а, Оьрсийчохь уггар а ширачех лоручу Джума-маьждигехь а.

Путин Дагестане веанчу йукъанна официалехь ца хьахийра Пригожинан бунтах лаьцна: пачхьалкхан ресурсаша зорбане даьхначу суьрташ тIехь президент парггIат къамел деш ву меттигерчу хьаькамашца, Ростов схьа а ца йаьккхича санна, йолахой Москва баха новкъа а ца бевлча санна. Суьйранна фонтана хьалхара серлонийн шоу хьажа вахара президент. Хадархоша йукъа а верзийна, кертал дехьа лаьттачу нахана тIевигира иза. Цхьана видео тIехь Путина барт боккху уллохь нисйеллачу йоьIан коьртах – пачхьалкхан урхалхо Дербенте вахарх хIоттийначу официалан хроники йуккъера и дакъа дIахадийнера.

Хаам берзош карладоккху, 2022-чу шеран гурахь Дагестанехь хилира Оьрсийчохь уггар а дукха нах арабевлла протесташ. Украинана дуьхьал болийначу тIаме бахийта Путина кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал арабевллера хIетахь нах. Оцу акцешкахь доккхачу декъанна дакъалецира зударша, Дербентехь Путинца цхьанакхетаре гулбинарш а бара дукха хьолахь меттигера зударий.

Доьзалера йеддачу нохчийн йоьIан кхоллам

Доьзалехь ницкъ бора шена аьлла, цIера йеддачул тIаьхьа Москвахь лаьцна, нохчийн полисхошка дIайеллачу Нохчийчуьра 20 шо долчу йахархочун Исмаилова Селимин кхолламах цхьа а кост доцу ши кIира а ду. Оцу хеначохь адвокатийн аьтто ца хилира цуьнца зIе таса а, цо къола дина хиллера аьлла, цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалашка б1аьрг тоха а. Бакъоларйархошна хетарехь, Нохчийчуьра полисхоша йоьIан гергарчу нахе дIайелла хила а тарло иза.

Доьзалехь гIело хьоьгучарна гIо латточу бакъоларйархочо Попова Аленас петици хIоттийна Исмаилова Селима йолу меттиг катоххий схьабийца аьлла, тIедожош. Пхеа дийнахь петицина куйгаш йаздина 24 эзар стага.

Карладоккху, Исмаилова шен 12 шо долчу хенахь шайн доьзалца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен денене дIайеллера. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина хиллера, ша йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсинера бохуш, дуьйцу.

Йаржийна зорбанашкахь Селимин дас, "заьIапхойн гIудалкх чу хаор ю", йа йуьйр йу хьо, Iедалехь шена бевзаш нах бу, хьо йийнийла цхьанна а хуур дац бохуш, шен йоIана кхерамаш туьйсуш, шен йоIе кхехьийтина хилла аудиош.

Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дира Исмаилова Селимина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийнера цара. Делахь а, йада ка ца йелира Селимин, Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла Исмаилова лецира мангал-беттан 12-хь.

Исмаилова лацаран бахьана - цуьнан гергарчара цо къола дина аьлла, полицехь дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо.

Мангал-беттан 13-хь Iуьйранна Исмаилова Нохчийчуьра баьхкинчу полисхошка дIайелира. Бакъоларйархойн хаамашца, оцу дийнахь Москвара Соьла-ГIала доьдучу кеманахь Нохчийчу дIайигинера иза. ТIехьа-Мартанара полицин декъе йига йезаш хиллера иза, амма цигарчу белхахоша бахарехь, йоI цига йалийна йац. Полисхойна декъа хьалха буьйса йуккъе йаллалц лаьттинера адвокат, иза ларйеш, амма Селима хаайелла йац цунна.

Билгалдаккха догIу, Исмаилова Селимица Iоттаделларг - дуьххьара дац, шеконе бехктакхаман гIуллакх дуьхьал а доккхий, махкара веддарг кадыровхошка дIалуш дукха меттигаш хилла. Эксперташна хетарехь, оцу кепарчу механизмех ницкъахоша кест-кеста пайдаоьцу.

ГIалгIайн "Э" Центран хьаькам верна коьрта бехкехетачо чIир йекхна ша аьлла

ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна коьрта бехке лоручу Картоев Къурейша даредина, и зулам динарг ша ву аьлла. Цо дIахьедина, иза вен шен бахьана - чIир йара, иштта ЭльджаркиевгIеран цIийнах мел волчунна ч1ир кхайкхийна цо. Картоев дуьненайукъарчу лехамашкахь велла ву, амма тIечIагIбазчу хаамашца, Туркойчохь лечкъина ву иза.

Картоевс бахарехь, вийначу ницкъахочун гергарчара кхелехь бехк боцчу нахана доцург кхуллу дела, декхаре хилла иза гучувала. Оцу гIуллакхца доьзна лаьцна ву 11 стаг, кхин а шиъ лаца кхайкхийна ву. Картоевс бехкево "Э" Центран куьйгалхо лаьттина Эльджаркиев ши батIалхьажо верна. Бакъ ду, шен дешнаш тIечIагIдеш, цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийна Картоевс.

"Тхуна гуш йара Эльджаркиевс махкара бахархошца лело харцо, амма тапъаьлла Iара тхо: "Сан хIун бала бу?" бохуш. Эльджаркиевс ши стаг вийна аьлла, 100 процентана сайна хиъча, ас вийра иза. Дохковаьллий со динчунна? ХIан-хIа, ца ваьлла", - аьлла Картоевс.

Шозза кIело йира Эльджаркиевна 2019-чу шарахь. Цкъа дуьххьара цуьнан машенна герзаш диттира, Нохчийчуьра ГIалгIайчу иза йухавогIучу хенахь, амма ца лазош висира хIетахь. Лахьан-баттахь цунна а, вешина Эльджаркиев Iабдулахьмадна а герзаш туьйхира Москвахь.

Эльджаркиев вийна аьлла, таIзаре хIиттийначара дIахьедора, шайна ток йеттийтарх, йеттарх шайна, шайн гергарчарна ницкъахоша кхерамаш тийсарх а.

ГIалгIайчуьра бакъоларйаран органаша Картоев мукIарлонах а, цо тийсинчу кхерамех а комментарий йина йац цкъачунна. 2020-гIа шо доладелчхьана ГIалгIайчуьра ЦПЭ-н куьйгаллехь ву вийначун ваша Эльджаркиев Ислам.

Нохчийчуьра хIора 3-гIа доьзалехь къоьлла йу

Нохчийчохь хIора кхоалгIа доьзална тIебогIу пайда пачхьалкхо хене вала хIоттийначу барамал а лахара бу, аьлча а, 13 эзар сом баттахь. Оцу хьолехь бу, махкахь беха 326 эзар доьзалах 107. Цу кепара зераш далийна тIечIагIйинчу регионалан программехь.

Документехь бечу хаамца, дукха хьолахь таро йоцу бахархой бу къахьега хан йолу нах а, бераш а, оцу йукъанна мискаллехь бохку пенсхой 6% бен бац. ХIунда аьлча, дукха хьолахь пенси а, социалан кхиндолу ахчанаш а хене вала таро йолчу барамехь луш ду цигахь.

Официалан статистикаца а догIуш, Нохчийчуьра къоьлла хьоьгучу 107 эзар доьзалах - 104 дукха бераш долуш бу, 52 эзар - хIусамехь кхоккха бер ду, 33 эзаран – диъ-диъ, ткъа кхин а 18 доьзалехь пхиппа а, кхин а сов бераш ду. Оцу йукъанна боллу таро йоцчу доьзалашкара дай-нанойх нийса ах бохург болх беш бац. Баккхийчу доьзалашна тIедогIу ахча 20 эзар сом ду.

ХIетте а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо зазадокху-баттахь Кремлехь пачхьалкхан президентца Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь чIагIдора, республикера хьал хIуммаъ а вон дац бохуш. Нохчийчохь "инзаре кхиамаш" бу бохуш, кхийкхадо иштта мехкан хьаькамаша а цхьаьна. Бакъду, эксперташа а, федералан статистикашкахь а оцу тайпа дIахьедарш бакъ ца до.

Оцу тIехь дерзадо аса. Аша ладуьйгIира Маршонан хIора кIиранахь арахоьцучу 17-чу подкасте. Къилбаседа Кавказехь а, доккхачу декъанна, Нохчийчохь а тIаьххьарчу кIиранчохь хиллачу коьртачу хаамех лаьцна йара иза.

Тхуна тIетан шайна лаахь, йазло тхан агIонашка, хIоттайе лайк, шаьш ладугIучохь йазйе комментарий.

Йазло Маршо Радион подкасте:

XS
SM
MD
LG