ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь шен хIусамда вийна хилар кхелехула тIечIагIдайтина дукха бераш долчу ГIалгIайчуьра нанас


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIусамда шен вийна хилар тIечIагIдайтина ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштан кхелехь меттигерчу йахархочо. Украинана дуьхьал тIом беш вара иза, 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь велла хила тарло иза, цунах лаьцна йиссинчьунга хаийтинера куьйгалло, амма официалехь дийна лоруш вара иза хIетте а.

Кхелан сацамехь йиссинчун цIе къайлайаьхьна. ГIуллакхан материлаша тIера хаамашца, цуьнан хIусамда контрактехула гIуллакх деш хилла ефрейторан чинехь цкъа хьалха Къилбаседа ХIирийчохь куп тоьхначу 54686 номер йолчу декъехь. Цул тIаьхьа иза дехьаваьккхинера "ДНР" олучу меттигера номер 78064 йолчу талламхойн взводе. Командиран декхарш кхочушдечо бинчу хаамехь йаздарехь, иза доьза вайна "Iалашонаш кхочушъйеш СВО йоьдучу заманчохь " – иштта олу Оьрсийчохь официалехь Украинера тIамах.

Оцу йукъанна кадрийн декъан хьаькаман кехата тIехь билгалдаьккхина ду блиндаж тIе нийса хIоьънаш кхетта, и йаьгначул тIаьхьа "вайна" аьлла.

Иск чуйеллачо къастийна, 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь йалх эскархочух лаьтта тоба, цаьрца хилла цуьнан цIийнда а, тIеман тIелатаршкахь нисбелла хиллера, цул тIаьхьа цуьнгара хилла хаам бац. 2023-чу шеран лахьан-беттахь тIеман прокуратуро хеттарш дахьийтира йоллу базашка, ГIалгIайчуьра контрактхо лехамашка велира, амма хIетахь дуьйна цуьнгара хилла кост дац. Командираца хиллачу къамелехь аьллера цунах йиссинчуьнга, иза веллачух тера ду, амма тIеман министралла дуьхьал йу официалехь и тIечIагIдан.

Эххар а кхело иск къобалйина, ГIалгIайчуьра вахархо велла аьлла. Оцу кепара сацам оьшуш бара диъ бер кхобучу йиссинчу зудчунна, тIехь да цахиларе терра царна пособи хIоттадайта.

Хьалхо Маршо Радионо йаздира, Къилбаседа Кавказера контрактхойн гергарнаш декхаре хиларх Украинерчу тIаме бахана шайн нах баларх кхелашкахула тIечIагIдайта. Церан декъий тIеман аренашкахь диссина, цундела официалехь уьш байъина лоруш бац. Велла аьлла тоьшаллаш оьшу доьзалашна социалан ахча эца.

  • Украинана дуьхьал бечу тIамехь лазийначу Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьало йо царна оьшу кехаташ дала Ростовера номер 1602 йолчу тIеман министраллин лазартнехь. Шина гIуллакхах лаьцна – Гамзатов Рашидан а, Хасуханов ИбрахIиман а хьокъехь- хиънера Маршо Радиона оханан-баттахь.
  • Кавказ.Реалии редакцино мониторинг йо Украинерчу тIамехь Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а беллачех. Таханалерачу дийнахь тIом боьдучу шиъ сов шарчохь 7657 эскархо валарх хууш ду. Информаци гулйо йиллинчу хьасташкара а- меттигерчу Iедалхойн дIахьедаршкара а, некрологашкара, социалан машанашкара публикацешна тIера а, кешнийн суьрташца а.
  • Охан-баттахь ГIалгIайчоьно шозза тIетуьйхира Украинерчу тIамехь дакъалоцучарна цкъа луш йолу компенсаци – 100 эзарна тIера 200 эзар соьме кхачалц. Хьалхо хаам бира оцу ахчанан барам лакхабаккхарх цхьа могIа кхечу регионашкахь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG