ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Прилепинна бале яьлла сонталла


Оьрсийчоь-- Оьрсийн яздархо Прилепин Захар
Оьрсийчоь-- Оьрсийн яздархо Прилепин Захар

“Наг-нагахь цхьажимма дийна дисина цIенош а нислора, можа пенош, юкъ-кара даьндаргийн лараш а йолуш. ТIулгийн пеношна метта дечканиш гучудуьйла – даьгна, чулегна тхевнаш а долуш. ГIалин юкъе кхочучехь цхьана йоха ца еш, дийна йисначу гIишлонан кевнахула арахьаьжира цхьа жима нохчолг, тхуна буй хьажийра цо, мохь тоьхна цхьаъ элира. Со цуьнан бIаьра хьажа гIоьртира, - тхайца хиндерг, соьца хиндерг цунна хууш санна хетаделира суна”, -иштта яздо шен Нохчийчуьрчу тIамах йолчу “Патологеш” цIе йолчу романехь оьрсийн яздархочо Прилепин Захара – цхьаболчара вайнзаманахьлера коьрта оьрсийн прозаярйархо санна вазвеш волчу, вукхара иза сел вазвар бахьана доцуш лоруш а волчу.

ТIаьхьарчу итт шарчохь масех роман, дуккха а дийцарш а язйина волу Прилепин кхечу бIеннаш карарчу хенахь Оьрсийчохь даккхий а, кегий а йозанаш яздеш болчу авторшна юккъехь гIарвоккхуш къастийнарг цуьнан тIеман проза яра – Нохчийчу контрактхо санна тIом бан ваханчу цо лакхахь хьахийначу Патологеш романехь а, ткъа иштта Санькя цIе йолчу кхечу романехь а язйина йолу. Уьш бахьана долуш вовза а волавелира иза шуьйрачу ешархошна. Ша Прилепинс ша Нохчийчу тIом бан вахар хIинца а ‘You Tube’ сайта тIехь ган йиш йолчу цхьана ша оьрсийн хьалхарчу каналана еллачу интервьюхь, цхьана агIор шена цу муьрехь муьлха а хилла а цхьа болх оьшуш хиларца кхетадора, вукху агIор ша шех хазнесанна бIобуларца цо ша даханчу бIешерашкахь Нохчийчохь тIемашкахь дакъалийцинчу оьрсийн литературан классикашца вустура, ша а церан могIарера волчуха.

Прилепин Захар: „Сан ший а воккхада тIемаш беш хилла. Сан цхьа могIа гергар нах я эскаршкахь хилла, я чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматехь. Аьлча, иза тхан доьзалан традицин дакъа дара. Вукху агIор со оьрсийн литератури тIехь кхиина жимстаг вара. Вайн Михаил Лермонтов а, Лев Толстой а хIун деш хилла ву? Уьш эпсарш хилла, шайн заманчуьрчу спецназехь хилла уьш, Нохчийчохь зачисткаш еш хилла. Лермонтов ша хилла тIеман тийсадаларшкахь дакъалоцуш. ЦIий Iенийна цо, неханарг а тIаьхьа. Я изза Гумилев а“.

И шен Нохчийчуьрчу тIамех пайда а баьлла, кхолладелла долу вевзаш хилар Прилепинс ша, цкъа хьалха Оьрсийчуьрчу урхаллина а, Путин Владимирна а мелла оппозицехь ша волчуха кеп лелийначу, -ур-атталла цкъа яздархой Путинца цхьаьнакхеттачехь мелла а цунна ца товш долу хаттар дала а гIуртуш, - цул тIаьхьа амма шо шаре мел долу ша оьрсийн империхойн ойланаш а, сатийсамаш а боькъуш хилар къайла а ца хьош, Путин Владимир а, Оьрсийчуьра таханлера Iедалан а, политикан а система хестош схьавогIучу Прилепинс кест-кеста эпатажечу дIахьедаршца и шен вевзаш хилар лах ца далийта амал бора. Иштта, масала, цо Украинин ГIирма ахгIайренна Оьрсийчоьно аннекси яр бакъдира, ткъа жимма тIаьхьа Донецкехь а, Луганскехь а Киевна дуьхьал тIемаш беш болчу сепаратисташкахь гIодохуш дIахьедарш дора. Ткъа цуьнан сепаратисташца долчу гергарлонан апофеоз хилла дIахIоьттира, яздархочо кху деношкахь ша Донецкан халкъан республика шех олучу сепаратистийн цхьаьнакхетараллехь леринчу тобанан батальонан командира гIоьнча хIоьттина аьлла дIахьедар дар. Цул совнаха, цу Донецкан халкъан республикан куьйгалхо волчу Захарченко Александро Прилепинна рогIера доцу „майор“ олу эпсаран дарж делла хилар а гIарделира масех де хьалха.

Нагахь санна цу кепара керла хиллачу майоран Прилепин Захаран официалечу Киево террорхойн тоба лоручу цхьаьнакхетараллехь карьер толуш йоьдуш елахь, Малхбузехь цуьнан яздархочун карьера, хетарехь, кризисе йоьрзуш ю. Цуьнан а, кхечу оьрсийн яздархойн а киншкаш Малхбузехь гочйеш а, зорбане йохуш а, яржош а йолчу Wiedling литературан агенталло официале дIахьедар дина, шаьш Прилепинан йозанаш кхин даржор дац, аьлла, иза Донецкехь тIамехь дакъалацар бахьана долуш. ХIинццалц схьа цуьнца йина хиллачу контрактехь агенталлина кхочуш йолу гонорарш шаьш адамийн бакъонашларйархойн Amnesty International цхьаьнакхетараллин сагIина лур ю аьлла агенталло журналисташка динчу дIахьедарехь.

XS
SM
MD
LG