ТIекхочийла долу линкаш

Илларионов: Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнга хьаьжжина бу цо тIеийзабо нах а


Илларионовс тидаме эца деза боху, Оьрсийчуьрчу Iедало масал эца бохуш хьалхатоьтту турпалхой муьлш бу бохург.

Таханлера Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а хьахош, церан кхолламех ойла еш цхьана хIуманна тIе тидам боьду, къаьсттина Советан заманахь баьхначу нехан. Иза ду Путин Владимир Оьрсийчоьнан пачхьалкхан коьрте хIоьттинчул тIаьхьа цу пачхьалкхерчу куьйгалхойн хатI хийцаделла хилар. Цхьа тамашийна литтинча санна цхьаьтера амалш а, лелар а, кхетам а болу нах хетало тахана Оьрсийчохь массо а тIегIантехь урхалла дийраш.

Иза муха нисделла? И хаттар делира Маршо Радионо вевзаш волчу Оьрсийчуьрчу оппозицин жигархочуьнга, 2000 - 2005-чу шерашкахь президентан Путинан хьехамча хиллачу Илларионов Андрейга.

Илларионов: "ХIора стага ша лелочуьнца шена гонаха хIоттадо ша санна дерг. Да-нана гIерта шайн бераш кхето, уьш муха хила деза бохучух. Оцу кхиоран процессехь шаьш кхио гIерта уьш шайн берпшца цхьаьна. Эр вай, кхин а гIоле хилийта а лаьа царна шайн бераш шайл а. ХIунда аьлча, хьоьга хьайн дахарехь цхьаъ дан ца делча хьо сатесна хуьлу "сайн кIантехула я йоIехула кхин а гIоле далур дацар-те соьга иза" олий".

Шаьш Iедале кхаьчча изза до политикаша а, боху Илларионовс.

Илларионов Андрей.
Илларионов Андрей.

Илларионов: "Цара шайна гонах кхуллу, шаьш лелочуьнца, шайх тера болу нах.

Илларионовс тидаме эца деза боху, Оьрсийчуьрчу Iедало масал эца бохуш хьалхатоьтту турпалхой муьлш бу бохург.

Илларионов: "Вайна гуш ду турпалхо ву аьлла схьаоьцуш хилар я малар мелла кеманхо, Литван территори тIе кема охьадожийна волу, я капитан, Норвегин портера хIордакема дадо гIоьртина волу, я "дада" Хьасан, зуламхойн лидер волу, я Япончик, я Тайванчик... И тептар чакхе йоцуш ду".

Советан заманахь коммунисташа масал эца бохуш хьалхатоьттуш хилларш, дIоггара бакъболу турпалхой ца хиллехь а, цаьргахь мухха хиллехь а ларам бан мегар долу хIуманаш дара, боху Илларионовс.

Илларионов: «Тидам тIебахийтал аш! Советан заманахь коммунисташа хьалхатоьттуш хилла турпалхой, мел ша-тайпа хиллехь а, мел уьш баккъалла а боцуш хиллехь а - уьш бара 28 панфиловхо, Космодемьянская Зоя, Гастелло Николай - царах цхьаболчара баккъалла а хьуьнарш гайтинера, уьш хьакъ долуш бу сий деш дагахь латтон.

Цхьаболу хиламаш ца хиллехь а хилла бохуш кхоьллина бу. Амма цу хенахь хиллачу пропагандо билггал турпалхочун васт кхоллар. И турпалхо кийча вара шен дахар а, бахам а, доьзал а, могашалла а дIаяла Даймахкахь а, дерриг дуьнентIехь а сирла кхане хилийта».

Карарчу хенахь Оьрсийчохь долчу Iедалан турпалхой муха бу а дуьйцу Илларионовс.

Илларионов: «Кху режимо махкана хоржу масалш кхоччуш кхин ду. Церан кхин амалш ю. И амалш ю криминалан а, криминалан билгалонаш йолчу а дуьненан. Иза ву "Брат" а, "Брат-2" филмийн турпалхо. Уьш бу цIена криминалитетан векалш я "шпана" олучу нехан векалш, бакъболу криминалан авторитеташ хила сатуьйсуш болу»

Нохчийчоьнан куьйгалхо цу тайпачу нехан амалш йолуш хилар а ларамаза дац аьлла хета Илларионовна. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу цо.

Илларионов: "Цу тайпа стаг Нохчийчохь карор хила ма доггIура дара. ХIунда аьлча, карарчу хенахь Оьрсийчохь йолчу режиман лидеро болх бойла дацара, масала, Дудаев ЖовхIар а, Масхадов Аслан а санна болчу Советан армин эпсаршца. Ткъа, юккъехула аьлча, ницкъаллин структурийн векалш ма бара уьш.

Цо цхьаьна болх бойла дацара цаьрца, хIунда аьлча, и шиъ Оьрсийчоьнан армин эпсар хиллехь а, моралан а, оьздангаллан а мехаллаш йолуш вара. Цаьрца къийса а мегар дара, цара бохучун реза хила а мегар дара, амма Оьрсийчоьнан я Советан армин эпсар шен гIиллакхаш долуш вара, этикан бух болуш и шиъ хиларна уьш партнераш хуьлийла дацара карарчу хенахь волчу Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнца болх бийр болу".

Кху деношкахь шен социалан машанашкарчу цхьана агIон тIехь Илларионовс зорбане даьхна Левада-центро Нохчийчоь йозаш йоцуш хилар муха тIеоьцур дара Оьрсийчохь бохурчун хьокъехь 13 шарахь бинчу талламан жамIаш.

Цаьрца а догIуш, 2000-чу шарахь дуьйна Нохчийчоь йозуш йоцуш хилийта еза аьлла хетачу нехан терахь 62 процента тIера алсамдаьлла 2013-чу шарахь 76 проценте кхаччалц.

Левада-центран талламо гайтуш ма хиллара, 20 шо хьалха, 1997-чу шеран Гезгмашан-баттахь, Нохчийчоь дIакъастар ловр долуш бара Оьрсийчохь 85 процент бахархой.

XS
SM
MD
LG