ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхашна тIехь чипашца терго йийр ю


Оьрсийчоь -- Набахтин корах ара маршонан хьаьрк гойтуш ву тутмакх, Москох, 15Деч2011.
Оьрсийчоь -- Набахтин корах ара маршонан хьаьрк гойтуш ву тутмакх, Москох, 15Деч2011.

Нохчийчохь дай зуламаш дарна бехке бинчу тутмакхашна тIехь терго ян керла хΙума юкъдоккхуш ду Нохчийчохь - хантоьхнарг набахти чохь а ца валлош, цо шен дегIаца лелонйолу чип йиллар. Набахтешкара хьал дика доьвзучарна нийса хета и хIума.


Нохчийчоь дуьххьара регион хир ю и керланиг юкъдаьккхина. Дайн зуламаш дарна хан тоьхначу цхьаболчу нехан набахтехь Iан дезар дац.Церан дийнахь-буса, 24 сохьтехь терго йийр ю когах я куьйгах тосучу чип-гIоьмаша. Цу тIера йолчу сигнало хаам бийр бу бехктакхаман урхаллерчу диспетчере, хIоттийна зил а хадош, тутмакх цхьанхьа дIаводахь. И эксперимент дIайоло дукха хан ца йисина, болчу хаамашца, кечамаш бу беш.

Оьрсийчохь набахтешкахь долу хьал, кхечара дийцарца а ца девзаш, шаьш лайначара дика тIеоьцу и хIума. Мохъмад цIе йолу стаг шозза Iийна набахтехь, дерриг а 23 шо ду цо цигахь даьккхинарг. ХIинца иза цIахь вехаш ву. Цо бахарехь, дика хIума ду юкъдоккхушдерг.

Мохьмад: "Кхиаме мел йолчу пачхьалкхашкахь хIуъа а хIума до, адаман маршо ца йохаярхьама. 3-4 шо а тоьхна, набахте чу вахначу стеган могашалла галл ма йолий. Иза дика хIума ду аьлла хета суна".

Таханлерчу Оьрсийчохь йолчу набахти чу вахана стаг, хийцавелла араволуш дукха меттигаш яц, аьлла хета Мохьмадна. Чувахана волчунна таIзар хилла а ца Iаш, цунна тIаьхьа оьхучу гергарчарна а бала хуьлу цунах.

Мохьмад: "Аренца кху цIера дIавахана, чувоьллина волу стаг, ша оьгIазе а волуш аравалар бен, кхин хIума ца хуьлу. Суна сайна тIехь а хаьа иза. Цига дIакхаьчча дуьйна, цунна тIехь вогIу стаг а хуьлу холчохь. Сан кIезиг сатийсам бу хьуна, цигарчу набахтера стаг хийца а велла, цIа воьрзур ву ала. Шен цIахь-чохь кхабар дика ду".

Оьрсийчоьнан бехктакхаман системехь хийцадезарг а билгаладаьккхира Мохьмада. Оьрсийчохь набахтехь мел кхобуш волу нохчо цIа а валиина, цIахь хан такхийта еза, аьлла хета цунна.

Тахана Нохчийчуьрчу набахтехь Оьрсийчохьчул а луьра хьелаш ду. Оцу хIуман терго йо мехкан Iедалша, кхана-лама цу чуьра арабевларш шайна бале бевр буйла хаьа.Ткъа цунах ца кхеташ дукха регионаш ю Оьрсийчохь. Ала догIу, Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхоша дукхуза кхайкхийна, мелла а сиха пачхьалкхан бехктакхаман системехь хийцамаш бан догIу, бохуш. Нагахь санна, гIуллакх ша долччохь дитахь, иза цхьана боккхачу бохаме дерза мега, бохуш, даима а хуьлу уьш.
XS
SM
MD
LG