ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МоттаргIане безам


Нохчийчоь --Оьрсийчоьнан Цаязаран Дийнахь хIоьттина гулам, Соьлж-ГIала, 12Ман2012.
Нохчийчоь --Оьрсийчоьнан Цаязаран Дийнахь хIоьттина гулам, Соьлж-ГIала, 12Ман2012.

Нохчийчоьнан хаамийн гIирсаша, басарш ца кхоош, дийцаре до махкахь Оьрсийчоьнан де даздар. Iедалан мукъ карахьболчара дозаллица билгалдоккху, кху беттан 12-чу дийнахь Соьлж-гIала, шайн хазахетар, даккхийдер кхечаьрца декъа, шайн лаамехь 100.000 сов стаг дIагулвалар.

Иза, цара кхеторехь, тоьшалла ду нохчийн къам, Оьрсийчоьнах къаста амал доцуш, цхьа дакъа хиларан а, Путин Владимир вайнаха сий-пусар деш, лераме паччахь хиларан а.

Мехкадайша Соьлжа-гIалахь дIабаьхьначу гулам-даздарехь диначу дIахьедарех цхьаъ ду хIара: «Тахана пачхьалкхан уггаре коьрта де ду вай билгалдоккхург,- аьлла цигахь вистхуьлуш Кадыров Рамзана. – Нохчийчоьнан а, тIебаьхкинчу а кегийрхоша тахана къеггина гойту шаьш Оьрсийчоьнан куьйгалхойн тешаме чIагIо хилар. Вай кхузахь оццул вовшахкхетаро гойту вешан Даймахках вайн доглозуш хилар, цунна орцахдовла кийча хилар. Тахана Соьлжа-гIалин урамашка араваьлла хIора а уьтталгIа нохчо. Цу хиламо хадам боллуш тоьшалла до, нохчийн къомо халкъан баьчча Путин Владимир къобалвеш хиларан». Телевизионехь юх-юха а гайта а гойтуш, иштта дIахьедар дина Соьлж-гIалахь чекхдевллачу даздаршкахь Кадыровс.

Цхьаболчу тергамхоша билгалдаккхарца, Москохана ца гуш ца дисина, Оьрсийчоьнан де даздеш, Соьлжа-гIалахь адам дIагулдеш, меттигера Iедалдай хьасартне хьийзар. Цунна тоьшалла лору цара цу дийнах дуьйцуш, Москох а, Волгоград а а дIаяьлча, кхозлагIа Соьлжа-гIала гайтар.

«Цу хиламех дуьйцуш уггаре хьалха Москва гайтира, тIаккха Волгоград, кхозлагIа Соьлжа-гIала, цул тIаьхьа кхин цхьа а ца гайтира».

Соьлжа –гIала адам тIетаттарх, оццул уьш цигахь вовшахкхетарх шатайпа дуьйцу ларамза цига нисбеллачу могIарерчу бахархоша а.

«Дика хьаха ду со гIалахула ца вахна. Ой, трассаш доьттина дара-кх, байракхаш а лаьцна, машенаш дIаоьхуш. Тхан кIант а , цуьнан накъостий а хилла Аргуне балха баха бевлла, дIакхиа гIерташ. Турцин фирмехь бу-кх уьш. Юхаберзош, юхаберзош, полицин белхахоша тIех ца бовлийтина. Шаьш балха дIа ца кхиахь, шайна могуьйтур ма дац аьлча, ГАИ-но кхаьрга аьлла-кх, тахана цхьана дега Кадыровс болх ма бе аьлла, аш биний хаахь, шуна а могуьйтур дац. Шайн дIа а гIой, дIадийша я дIо-о митинге дIахIитта».

Соьца нисделлачу къамелехь къинхьегаман а, дахаран хьелаш кхиоран а министараллин белхахочо дуьйцу, шаьш Соьлж-ГIала дахарх а, цигахь гинчух а.

« Де а гIуллакх долуш дигна дац. Массовке дигна ду. КIоштера 600 хила веза, аьлла, дIадигина. Цу малхехь латтий, байракхаш а лестош, суьрташ кара а лецна. ХIара и аьлла, дуьйцуш хIума а дац. ТIехула ши беркема а хьовзийна, суьрташ а даьхна, Кадыров схьакхаччалц цигахь латтий, и схьакхаьчча, цхьа-ши хелхаран бал а баьккхина, тхо цу ишколан автобусаш тIехь цIа даьхки-кх".

Маршо радио: Каралаца сурт, байракх, транспорант цигахь ло шуна я..?

«Ерриге а оха тхаьш дIахьош ю. Массо меттера белхахой бу цигахь. Путин кхузахь лоруш ву моттийта лелош хIуманаш ду-кх. МоттаргIанаш ю-кх. Тхо ца долхахь, балхара дIадовла олу-кх. Хьо вахна а ца Iаш, ахь-м хьайца кхин а шиъ вига а веза..»

Оьрсийчоьнан а, Дуьненан а юкъараллаша муха кхетадахь а, даима а санна нохчийн къоман цхьаалла а, Кремлан политикана муьтIахьалла а гойтуш, дIадирзина кхузахь Оьрсийчоьнан де даздар.
XS
SM
MD
LG