ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хьолах а, цуьнан зударех а лаьцна талламаш бинчу "Проектан" сайте волийла дихкина Роскомнадзоро


"Проектан" коьрта редактор хилла Баданин Роман
"Проектан" коьрта редактор хилла Баданин Роман

Оьрсийчуьрчу бахархошна дихкина "Проект" гIирсан сайте бовлар Роскомнадзоро. Инарла прокуратурин тIедиллар кхочушдарца бина и сацам, яздо оьрсийнСвобода Радионо. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гонех лаьцна бина талламаш шайн материалашкахь Iорабохура оцу хаамийн гIирсо. Оьрсийчохь оьшуш йоцчу организацех дIатуьйхира "Проект", цул тIаьхьа редакцино дIахьедира, шаьш болх сацорах.

"Проект" кхоьллинера 2018-чу шарахь РБК-н а, "Дождь" телеканалан а редакторо Баданин Романа.

Цхьа могIа резонансе талламаш арахийцира "Проекто". Бу царлахь - Путин Владимиран ю бохучу йоIах Кривоногих Елизаветех лаьцна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьолах а, цуьнан шозлагIчу зудчух Хазуева Фатимех а лаьцна а.

"Хаамийн гIирсаш-арахьара агенташ" аьллачу тептаре язвинчул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахначу Баданина керла ресурс кхоьллира - "Агентство" цIе йолуш.

Арахьарчу агентийн тептаре язйинчу "Дождь" телеканалан сайтан коьртачу редакторо Моторин Владимира тидам бинера, Wall Street Journal гIирсо Путинан езарх а, цуьнан йоIах а лаьцна Баданинан материал зорбане яьккхинчул тIаьхьа "Проектан" сайт дIакъевлина хиларх. Оцу тIехь журналисто дуьйцура, президентан дахар хIунда хила тарло юкъараллана интересе.

Карладоккху, Охан-беттан 7-чохь арабелира "Проектехь" Кадыровн зударийн бахамах болу таллам. Талламан авторша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун шина зудчун – Кадырова Меднин а, Хазуева Фатимин а – долахь ю Москварчу тоьлла ларалучу меттехь 800 миллион сом мах болу хIусамаш. Соьлжа-ГIалахь и информаци цхьана а кепехь яц официало йийцаре еш. Кремлехь а ца делла журналисташна цара динчу хаттарна жоп.

Москвахь, премиум-классерчу хIусамийн "Соколиное гнездо" комплексехь Нохчийчоьанан куьйгалхочун уллерчу гергарчийн петарш хиларх лаьцна дийцира хьалхо журналисташа а.

2018-гIа шо доьрзуш Кадыровс хIоттийначу декларацино бахарехь, оцу шарахь цо даьккхина ахча дацара 7,58 миллион сом бен, ткъа рогIерчу 2019-чу шарахь цуьнан хьал дебна 20-зза – кхаьчна 147, 9 миллон соьме.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

Американ Iедалша дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG