ТIекхочийла долу линкаш

Эххар а боьхна, баьржинчу доьзалашна тIедирзи Нохчийчуьра Iедал.

ИйгIина, вовшах къаьстина бIе гергга зудий, майрий юха а цхьана кхерча берзий, доьзалш вовшахтоха къобалйичу комиссино.

Йоццачу хенахь оццул шайн кхиамаш хиларх кхаъ хиллачу Iедало, юха а керла план тоьхна кIоштийн, гIалийн урхалхошна а, имамашна а хьалха.

Гергарчу хенахь кхи а 950 доьзал берта бало беза церан, вукхарна лаахь а, ца лаахь а.

Маршо Радионо масийтаза зIе хьовзийра, и комисси вовшахтохаран коьрта мисси хIун ю хаа лууш а, шерашкахь дIасадаьлла Iийначу зудчунний, стагний юкъахь маслаIат дан муха ницкъ кхочу а хаа лууш а, махкарчу Динан урхалле а, динан а, юкъараллийн а организацешца зIенаш латточу департаменте а, амма тхоьца къамел дан цхьа а ца карийра.

Схьагарехь, тоьхна план кхочуш ян арабевллачух тера дара уьш.

Комисси кхолла сацам хилира, бутт хьалха меттигерчу телевизионехь, Кадыров Рамзана дIахьочу кхеташонехь, Шемарчу тIаме оьхучу кегийрхойх дийца долийнначуьра.

ХIетахь мехкан куьйгалхочо, Iоттабаккхамца элира, бер галдаларна бехке, уггар хьалха, нана хилар.

Цо бахарехь, Iедало шайн тергоне эцначу харцахьалелачу берашлахь

"Нанас ша кхиочу берашкара дуьйлу алсам зуламаш"

80 процент да-нана къаьстинчу доьзалера ду, дукха хьолахь, шайн ненаца дисина, ден Iуналлера девлла бераш.

"Оцу тIаьхьенан вай тахханехь терго ца яхь, цхьа 5 шо даьлча, уьш вайна бале бевр бу, цундела бераш кхио деза дас а, нанас а цхьаьна, юкъахь", - элира хIетахь мехкан куьйгалхочо.

Эццахь хьаьвзинчу мехкан муфтитято комисси вовшахтуьйхира. КIоштийн имамаша полицин декъан куьйгалхошца бертахь чоьте ийцира эвлашкахь, гIаланашкахь боьхна доьзалаш.

Юьхьанца кеп-кепарчу бахьанашца вовшахбевлла 240 доьзалш хIусаме берзийна шаьш аьлла, Кадыровс шен Инстаграмехь хаамбира.

Ткъа кху деношкахь керла терахьаш гучудаьхна махкарчу Iедало. Карарчу баттахь аьтто хилла, яздо, доьзалш вовшахтохаран кампанин кхи а 940 хIусаман бартбан.

Маршо Радионо теллира бахархойн дог-ойла, церан хьежамаш. Баккъал а реза бу-те уьш, замано юккъе йоккха хиэро а йолийна, вовшашца цатарбелла, къаьстина а Iийна, тахана, дерриг а дицдеш, вовшашна геч а дина, цхьана стоьлан гонах ховжа.

Я юхабовла некъаш ца дуьту те тIеIаткхам бечара?

Тхоьца къамел хиллачарех цхьаберш догреза бара Iедало арабаьккхинчу некъана, берийн дуьхьа а доккха ниIмат ду боху цара, цхьана кхерча уьш берзор, доьзалан дола дас а, нанас а деш.

Банне резабоцурш а бацара царлахь хIуммаъ кIезиг. Дукхамма олург цхьаъ дара, диц ца даллал доккха бахьана юкъа а деана, къаьстинчу шина адаме хоттуш хIума а доцуш, лаар, цалаар а ца хоьттушш, муха бийр бу ницкъ бохуш.

Дукха хьолахь нохчашлахь цхьа зуда йитинчул тIаьхьа веха ца Iа борша стаг цхьаллехь. Катуххий керла хIусамнана ялайо цо, цунна муьтIахь а волуш, доьзал а болабой, веха.

Ткъа тахана комиссин декъашхоша юьхьар ца лоцу оцу стеган кхи зуда а, доьзал хилар а, ур-аатталла, я оцу бухарчу зудчунна хIун хетар-те бохург а ца лоцу хьесапе.

"Йитина зуда юха а сан коча йоллар суна нийса ца хета"

Сиржа-Эвларчу Салманна вуно цатов Iедал доьзалан баьрче кхийдар. Масалашца дуьйцуш ву иза и юкъаерзийна программа шена цатаран бахьанаш.

Салман: "Суна Iедалан доьзална юкъа кхийда гIуллакх дац аьлла хета. Тахана зуда ялийна, бераш дуьнечу девлла, амма и зуда ас дIаяхийтинехь, цхьа доккха бахьана доцуш йохуьйтуш ма яций: я куьрхиг хилла хир иза, я мот-эладитта лелош. Юха и зуда "хьо вуьйр ву", "юьртах воккхур ву", "балхах вохор ву", бохуш, сан коча йолла стенна гIерта?

Суна иза нийса ца хета. ВорхIе дайшкара дуьйна схьа зуда юьтуш, дIайохуьйтуш хилла ду, амма доьзалш вовшахбетташ тобанаш хилла яц. Цхьа бахьана хIоьттина, оьгIазвахана, дов даьллачохь зуда дIаяхийтича, юхаялош меттигаш хилла, амма оцу некъашца ялош ца хуьлу. Уьш къастаран бахьанаш цу шинна бен хууш дац, цундела церан карахь дита деза бертадахар а".

"ТIе топ хьажийча дийриг саннарг, суна дош ца хета"

Изза ойла ю Iалхан-Юьртахь вехачу Расулан а. Ца хуьлийла а дац, шен шолгIа ялийначу хIусамненаца бертахь, юкъахь бераш а долуш, веха иза.

Расул: "Доьзалаш шина а агIор барт а болуш, вовшахтухуш хилча дерг ша ду. Муха баьхна а ца хууш, хIунда къаьстина а ца хьуьйсуш, цхьана агIоно чу кехат деллера аьлла, лохккий нах неIаре а бохуьйтий, хьуна лаахь а, ца лаахь а, «вуьйр ву», «воккхур ву» аьлча санна, тIе топ хьажийна деш дерг ца деза суна".

Iедало айдина гIуллакх Iаламат мехал ду боху Соьлжа-ГIаларчу Аслана. Иза тешна ву, шина а агIоно, реза болуш, юха деш хиларх и «захало».

Адани: "Муфтиято арабаьккхина некъ, гIуллакх суна чIогIа мехал хета. Къаьстина доьзал, мел а къийлалуш кхуьу, иэшна а богIу, цундела суна чIогIа мехал хета и гIуллакх. ХIинццал доьзалш бохар тидаме а эцна, Iедалехь хилларш Iийна ма бац! Тахана кху Iедалан цуьнца бала хилар хастам бу-кх".

"Со чIогIа реза ву, Iедало боьхна доьзалаш вовшахбеттарна"

Маршо Радио. Тахана и ши адам вовшашца тар а ца делла, амалшца ца тайна, я и стаг кхиндIа къелла а ца велла, дIаяхана хир ю и зуда. Лаахь а, ца лаахь а аьлла, вовшахбеттачу царех, хир буй-те кхана доьзал?

Адани: "Амалшца цатайна къаьстина доьзал вовшахтохалур бу бохург бакъ дац. Масала, барт буху цхьа бахьана а хIуттий, цу юкъа маслаIат дан хаза, нийса дош ала, хьесапе маьIна дан стаг а ца каравахь. Пайда боццу бахьана а даьлла, къаьстина доьзалаш вовшахтохар ша ду. Амма, тахана воккха стаг ву со, нуьцкъала зуда а ялайойтур яц соьга, я юьтуьйтур а яц. Цхьабакъду, накъосталла оьшуш дукха бу вайн доьзалш".

Зударийн ойла а зийра Маршо Радионо. Масала, нана шен доьзална тIе тIам биллина чуерзарал а доккха ирс дан а дац боху, Германехь ехачу Iайшата.

ХIетте а боху цо, цкъа хьалха талла деза зудий, майрий къастаран бахьанаш.

"Тахана цхьа нана а шен доьзалца чуерзар - цул доккха совгIат хир дац"

Iайшат: "Суна дика хета и доьзалш вовшахтухуш комисси кхоьллина. ХIунда аьлча, тахана деа доцчу бахьаница вовшахбевлла дукха доьзалш бу вайн. Бераш ду шайн наношка сатуьйсуш. Да а, нана а къаьстича, берашна алсам дакъа кхочу.

Шайн яхь дIа ца яла, вовшах ца кхетарш а хуьлу. Iедало гIо а деш, оцу шинна а агIоне ла а доьгIна, цара хIун къуйсу а хьаьжна, жимма дерг тIех а тосуш, и доьзалш вовшахтохар, суна чIогIа дика хета. Тахана цхьа нана а шен доьзалца чуерзар - цул доккха совгIат хир дац".

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочуьнца, журналистца Серганова ТIаусца а дийцаредира Маршо Радионо зудчун хьал а, доьзалш вовшахтохар а, уьш къестаран бахьанаш а."

"План етташ боккхург мела ца хета суна"

Серганова: "Доьзалан дахарна юккъе пачхьалкх гIертар суна, цхьана агIор нийса ца хета, со дуьхьал ю. Делахь а, мухха делахь а, оцу доьзална юкъахь бераш делахь, доьзал вовшахтохар, ша схьаэцча дика ду, церан барт бар.

Наггахь хуьлу, юкъахь бераш а долуш, шен ма хуьллу дIагIерта и зуда, амма цунах гIуллакх ца хуьлу, я и майра волавелла лелаш, кхуо доккхучу соьманна тIе хиина Iаш, я молуш, узуш, цIенна пайде воцуш хуьлу. ТIаккха са кхача а дой, дIайоьду и зуда.

Наггахь, зуда харцахьа новкъа йолий, оьздадллех йоьхна меттигаш а нисло. ТIаккха и зуда йита дезаш хьал хIутту.

Амма кхара лелориг, «вай хIокху баттахь оццул вовшахтоьхна», «тIейогIучу хенахь хIоккхул тухур бу», бохуш, планаш еттар а, нийса ца хета суна.

Тахана цIийнда велла, доьзалца йисина зуда марзоша кхусий арайоккху, хIусамаш схьа а йохуш цуьнгара. Эццахь Iедало хIунда ца лоцу гIо? Суна цхьа меттиг бен хиина бац, ишта йисинчу зудчунна Iедал орцахдаьлла".

Махкарчу Iедало дIакхайкхадарца, доьзалш вовшахтохаран программица а догIуш, кхоьллинчу комиссино шина баттахь гергга бертабахийтина 1180 доьзал.

Делахь а, ойла а йо, хаа а лаьа, оцу вовшахкхеттачу доьзалех маса буьсур бу юха шолгIа а ца бухуш, аьлла.

Доьзалш вовшахтохар-м хаза а, деза а дара, нагахь санна, хьаькамо я моллано теттина-Iоьттина, тхоьца къамел динчу Расула ма-аллара, тухуш бацахьара.

Расул: "Лаахь а, ца лаахь а, хIара зуда хьан ю хьуна, лаахь а, ца лаахь а, хIара майра хьан ву хьуна бохург, цхьа а доцург ду".


XS
SM
MD
LG