ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Психиатрин лазартнера веддачу Басаевн тIемалочунна кхел йийр ю Астраханехь


Алханов Мохьмад
Алханов Мохьмад

Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанхойх хиллачу Алханов Мохьмадан хьокъехь гIаттийна бехкзуламан гIуллакх Астраханан кIоштан кхело луьстур ду. Цунна бехке диллина эскархошна тIелатар а, Нохчийчохь герзашца йолчу тобанашлахь дакъалацар а, иштта кхиндолу зуамаш дар а, шайлахь Астраханерчу психиатрин лазартнера вадар а цхьаьна.

Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурано хаамбарца, бехкевечо дакъалаьцна герзашца эккхийтинчу бунтехь, 2000-чу шеран Чиллан а, Зазадоккху а беттанашкахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь гIаттамхойн могIарехь Псковерчу дивизин эскархошна тIелатарна. Оцу бахьаница вийра 84 эскархо, кхин а веанна чевнаш йира. ТIеман министраллин версица, тIелатарехь дакъалаьцнера 2 500 гIаттамхочо.

Теракт кечдарна а, герз лелорна а, низамехь йоцчу тобанехь дакъалацарна а хьалхо тоьхна итт шо текхна ву Алханов. Цул тIаьхьа бехкевийриг веддера Астрахань кIоштан психиатрин лазартнера экспертиза ян валийначуьра. 4,3 эзар сом а делла, кхин а тIе миллион сом ша лур ду аьлла, дош делча, Астрахань кIоштарчу УФСИН-н белхахочо гIо а деш, аьтто баьллера цуьнан вада.

Веддачул тIаьхьа масех дийнахь лечкъина Iийнера Алханов Астраханехь, лецира иза Трусовскан кIоштарчу кафе чохь, меттигерчу вахархочо полици телефон тоьхча. И хаам бийриг 100 эзар сом кхаъ беллера цунна.

Официалан хаамашца, Алханов вина хIетахь Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР хиллачу Теркйистехь 1982-чу шарахь. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь цуьнан 12 шо дара, ткъа Псковерчу дивизин 6-чу ротерчу эскархошна тIелетачу заманчохь иза кхиазхо ву. Алхановн адвокато чIагIдора, тIаме кхиазхой ца буьгура Басаевс бохуш. Цул совнах, цуьнан дегIа тIехь таммагIаш а, ларраш а яц йа чевнаш йина а, йа еххачу заманчохь герз лелийна а. Адвокатан дешнашца, бехктакхаман гIуллакх диллина, 20 шо даьллачул тIаьхьа иза вевзинчу оьрсийн спайперо динчу тоьшаллина тIехь. Ша Алхановс а чIагIонаш йо, Псковерчу десантхошна ша тIелетта вац бохуш.

  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето хаамбо, карарчу хенахь Псковерчу десантхошца тIом бина ву аьлла 29 стаг билгалваьлла хиларх. Царех 18-нна, шайлахь Латвин вахархо Ухейда Сулейман а, Украинан вахархо Малофеев Александр а волуш, хIинцале а кхелаш йина. Бехкевен пхиъ лехамашкахь ву, кхин а шиъ вийна лоцучу заманчохь.
  • Адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дечу тоьшаллашца, Къилбаседа Кавказехь тIемаш барна жоьпе ийзочу наха аьрзнаш до кхелашкахь, шайгара дареш етташ даьхна, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG