ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Pussy Riot Кадыров Рамзанан олаллехь хилча...


Оьрсийчоь -- Pussy Riot-ан барамехь
Оьрсийчоь -- Pussy Riot-ан барамехь

Деношкахь, Оьрсийчуьрчу РЕН-ТВ телехьожийлана ша интервью луш, Кадыров Рамзана мах хадийра, Москох кхел а йина, набахте хьажийначу Пусси Риот цΙе йолчу панк-тобанерчу кхаа йоΙера даьллачу зуламан. Нагахь и саннарг цара маьждигехь динехь, бусулба наха уьш а бойъур бара, церан доьзалшна а Ιойла дойъур дара, элира цо. Маршо Радионо къамел дира оцу хьокъехь Ιелимнахаца. Церан къамел ца догΙу Кадыровс бохучуьнца.


Уьш хьовха, халкъо церан доьзалш, тайп-тукхум а бехке дийр дара оццул боьху хΙуманаш кхиорна. ХΙунда аьлча, маьждиг Делан цΙа ду, бохура Кадыров Рамзана.

Оцу ойланца иза цхьалха вац. Изза элира цул хьалха, Пусси Риотера кхо зуда кхеле озор шеца хьахаделча Путин Владимира а. «Цхьа бусулба меттиг цара сийсазйинехь, уьш Ιалашбеш хане эца а кхууьр дацара Ιедал» - бохура Оьрсийчоьн президента яхначу аьхка.

Бакъду, я Кадыровца а, я Путинца а ца догΙура дин девзаш а, бусулба нехан хьалханчаш а болучарна хетарг.

Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан декъашхо а, Волгоградерчу Ал-Жума маьждиган имам а волу Мустафин Наил, шен ойла йовзуьйтуш, реза ца хилира Ιедалан дайшца. Маьждига чуьра и зударий ара а баьхна, маьршша дΙабохуьйтур бара, дац бусулба дин оццул къиза, бохура гΙезалойн Ιеламчас.

Амма Кадыров Рамзана, иза Ιеламстаг вацахь а, хΙинца аьллачо юха а шеконе докккху бусулба дино Пусси Риотерчу зударша динарг кхечу кепара, къинхетамалле туьдуш хилар.

Цундела Маршо Радионо хаттар дира дуьненан шина маьΙΙерчу Ιеламстаге. Хьалхарниг вара Къилбаседа Кавказан муфтийн кхеташонан хьалханча Бердиев ИсмаьΙал. Цунна хетарг а ца догΙу Путина а, Кадыровс а бохучуьнца.

Бердиев: «Карахь ламаз а доцуш, тΙедоха доггΙу духар тΙехь а доцуш, маьждига чуваха ца мега, боху дино. Уьш оцу куьцахь маьждига чу цхьаммо а буьтур а бацара. Ткъа уьш маьждига чубахча, цигахь хΙаллакбийр бара бохург, иза данне а бакъдац.

Маьждиге леларш суьпа нах бу, Делах кхоьру нах, цара иза дийр дацара. Цхьамма веъна, маьждиг сийсаздинехь, дΙацΙандан деза, кхин хΙумма а дан а ца деза. Церан ойла муха хилла суна ца хаьа, шаьш гайта гΙерташ хилла хир бу-кх.

Амма иза вайн «юхакхоллар» баьхначу боламан стом ма бу. Адамашка элира, хΙан, хΙара демократи а ю шуна, леладе шайна луъург. Цуьнан стоьмаш букх уьш, суна хетарехь. И нах лартΙахьчу, делах тешачу махкахь бехаш хилча, ишттаниг хир дацара. Бусулба волчу суна вуно цатовш дара цара килсахь динарг. Бен-башха дац, делах тешаш долчу адамийн дог-ойла цΙена, сирла хила еза».

ОьгΙазаллах а, адамийн вовшашка хила богΙу ларам гΙелбаларца а къаьсташ йолчу Оьрсийчохь Путинний, Кадыровний цхьана агΙор, бусулба дайшний вукху агΙор, царна хетарг шалхадалар а ду оцу пачхьалкхан хотΙаца дозуш хΙума, гарехь. Цу тΙе дагалаца догΙу, политикий, динний цхьана могΙара даккхарца тилкхазъиккхинчу кхаа зудчо хΙетахь килса чохь лекхначу эшаран дешнаш «ХΙай, Делан нана, Путина дΙавига ахь!» дарий а, ишттаниг царна я Путина а, я Кадыровс а дуьтур доцийла а.

Дин кΙоргга девзачу Ιеламчига-зудчуьнга а хаьттира Маршо Радионо, муха тида догΙу зударша динарг, могуьйтур дарий царна маьждиг чохь ишттаниг дар бусулба наха, аьлла. Урдунерчу нохчех ю жоп луш йолу Бакиер Надия.

Бакиер: « Маьждиг Далла ламаз дан а, иза вазван а диллина цΙа ду. Оцу чохь, гΙара хьала ма айе, маьхьарий ма хьекха, аьлла ду. Амма Делан элчан заманахь хилларг ду хΙара. Цхьа акха Ιаьрби, маьждига чу а веъна, мохь ца хьекхна цо, ара хиина. Делан элчан асхьабаш хьалагΙевттина, ахь лелориг хΙун ду, аьлла, чухьаьлхина. Элчано уьш совцийна, Ιадвита иза шен гΙуллакх дина валлалц, аьлла. И шен гΙуллакх дина ваьлча, тΙекхайкхина, асхьабашка цо бехйина меттиг цΙанъе а олуш. ТΙе а кхайкхина, хьехам бина цунна, хьажал, хΙара Делан цΙа ду, кху чохь деш ца хуьлу и гΙуллакх, аьлла.

Маьждига чохь мохь хьоькхуш верг, иза ца хууш хила а тарло, я кхетамчохь воцуш, цунна хьехам бан беза. ТΙаккха а цо ла ца догΙахь, паччахьан Ιедале иза дΙавала веза. Цунна дино кхачориг 40-60 гΙаж ю, иза уггаре а доккха таΙзар ду динехь.

Ткъа баккъал а цхьа зе а хилла, массанхьа а бахарх, гΙуллакх а ца хилла, гатто иккхина хила а тарло цунна, цунна хилла зе дайдеш, гΙолаца деза бусулбачара. Иштта бен оьккхур ма вац стаг маьждига чу, я хьекъалх эшна хир ву иза, шена тΙера бала дΙа ца баккхалуш».

Пусси Риотера мехкарий-феминисткаш Делан салам хиларш бу ца боху цхьаммо а, ца боху цара килса чу а лилхина, эшарш лекхар нийса ду а. Амма боху дуккхаъчу дуьненан юкъараллаша, оцу зударша динарг уьш набахте теккхол хΙума дац, мегар дара, боху, Оьрсийчоьнан Ιедало ша оппозици хΙаллакйина дΙаяккха арадаьлла доцийла царна къъинхетам барца гайтинехь.

Пусси Риотера кхо зуда набахте хьажоро гойту Оьрсийчохь шайн дахарна а, хьаькамашна а резабоцчарах хуьлуш дерг хΙун ду, адамна мел йитина ю дешан маршо а, ша адам лара бакъо а – и ду Оьрсийчоьно цивилан дуьне шех кхардориг.

XS
SM
MD
LG