ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Москох цкъа а ца гIиртина Вашингтонца барт бохо  


Оьрсийчоь -- Путин Владимир (аьрру агIор), Болтон Джон (аьтту агIор). Москох. Манг, 27.
Оьрсийчоь -- Путин Владимир (аьрру агIор), Болтон Джон (аьтту агIор). Москох. Манг, 27.

Москох цкъа а ца гIиртина Вашингтонца барт бохо, аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Iамеркан президентан къоман кхерамазаллехула гIоьнча волчу Болтон Джонца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цо некъ кховдийна шина пачхьалкхан юкъаметтигаш юхаметтахIитторна оьшу гIулчаш йийцаре ян.

Путина дийцарехь, Болтон Москох варо "сатийсам кхуллу" шина агIоне хьалхара гIулчаш яхалур ю аьлла, буьззинчу барамехь юкъаметтигаш дIанисъярехь.

Шен агIор Болтона шаьш сатесна ду аьлла, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш тоярх лаьцна дийца аьтто хиларе.

Цхьаьнакхетарехь, Болтон воцург, дакъалоцуш вара Iамеркан Оьрсийчохь волу векал Хантсман Джон а, Къоман кхерамазаллин кхеташонехь Оьрсийчоьнехула а, Европехула а коьрта директор ХIилл Фиона а, ткъа иштта Iамеркан Къоман кхерамазаллин кхеташонехь Оьрсийчоьнехула а, Европехула а директор Вэнг Джо а.

Оьрсийчоьнан делегацина юкъахь вара арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а, президентан гIоьнча Ушаков Юрий а, тIеман министр Шойгу Сергей а.

Болтон Москох вахана кху беттан 25-26 деношкахь Лондонехь а, Римехь а Iамеркан бертахошца дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ цхьаьнакхета тарло карабогIучу беттан 15-чохь ХIельсинкехь. Reuters агенталло бо и хаам, Iамеркан администрацерчу хьастанна тIе а тевжаш.

Путинца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа суьйранна пресс-конференцехь Болтона элира, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш мехала ю дерриг дуьненна аьлла. Цо билгалдаьккхира Трампан а, Путинан а дийцарш дIахьура долу де а, меттиг а Кремло а, КIайн цIеноно а йовзуьйтур ю еарин дийнахь, Мангал-беттан 28-чохь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG