ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна дена диттина ХIанноверехь


Германе вахначу Путинна дуьхьал наха хIоттийначу акцера сурт.
Германе вахначу Путинна дуьхьал наха хIоттийначу акцера сурт.

Шен официалан турнен декъехь Германе кхаьчначу Путин Владимирна, Оьрсийчохь Ιедал бакъоларъярхошца луьра хилар хьахош, критика йина канцлера Меркель Ангелас. Иштта Путинна аьтто боцуш яра меттигерчу а, кхечу мехкашкара баьхкинчу а демократин боламийн жигархоша хΙиттийна акцеш а.



Дуьненчохь уггаре бакхийчех техникан гайтам бу хIора шарахь хIуттуш йолу немцойн ХIанноверера ярмарка. Иза схьайоьллуш дара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, немцойн канцлер Меркель Ангела а.

Шина куьйгалхочун вовшахкхетар цхьамогIа критикаллечу бистхиларшца а, гIовгIанечу акцешца а кхоьлина хилар, цу вовшахкхетаран официалан бахьана – ша ярмарка - мелла а IиндагIе тоттуш нисделира.

Дерриге а дIадоладелира юхьенца, Путин шен кортежан машенашца ХIанноверерчу гайтаман гIишлонна герга гIуртушшехь. Цигахь цунна кIело йича санна, Iуьйранна дуьйна дIахIиттина бара дуккха а меттигера бахархой, шайна юкъахь адамийн бакъонашларъярхой а, журналисташ а, юкъараллин жигархой а болуш. Церан карахь даккхий элпашца, -генара ган йиш йолуш, - Путинна дуьхьал йозанаш яздина транспаранташ яра.

Немцойн коьртачу телеканалашкахь кIирандийнахь дуьйна хIора керланашкахь гойтучу видеосюжеташкахь гуш ду, цу транспаранташна тIера лозунгаш. „Путин – диктатор“, „Путин- 250 эзар нохчо вийнарг“, „Путин, юхаберзабе Оьрсийчохь маьрша харжамаш!“, „Путин, маьршабаха политикан бахьанашца набахтешка боьхкинарш!“ - иштта дIа кхин а яра уьш.

Ткъа, нагахь санна, уьш ца гархьама, Оьрсийчоьнан президент кхечу агIор дIавирзинехь а, цунна ца хаза йиш яцара, гулбеллачара детта маьхьарш – изза дешнаш а, лозунгаш а кхайкхош. И маьхьарш хезара полисхоша, уьш лачкъорхьама, лерина екочу сиренийн тата а эшош.

Дуьхьалонна арабевллачарна юкъахь бара дуккха а вайнах а, карахь Нохчийчоьнан байракхаш а йолуш. Оццу ХIанноверера а, кхечу немцойн гIаланашкара а дIагулбеллера цига нохчий, бохуш, дуьйцу Берлинехь вехачу нохчийн диаспоран жигархочо Душуев Рахьмана.

Душуев: „Иза Германе вогIуш вуйла жимма тIаьхьо бен ца хиира кхузарчу вайнахана. Амма хIетте а дуккха вайн махкахой бахара ХIанновере дуьхьалонан акцехь дакъалаца. Дрезденера а, Лейпцигера а вайнах бахара цига. Иштта ХIанноверехь а ма буй бехаш дукха нохчий, уьш а арабевллера. Цигахь дукха адам вовшахкхеттера, немцойн жигархой дукха гулбеллера. Юха кхин башха дийца вайнахалахь томехь а доцуш, цхьана Украинерчу зударийн тобано акци а йинера цигахь, Путинна хьалха тIера хIуманаш дIа а йохуш“.

Ярмарка дIайолош йистхуьлучу Меркель Ангелас доллучу а тIе туьха тессира ала мегар ду. Цо Оьрсийчохь адамийн бакъонашларъярхошна хала хенаш тIекхаьчна, элира.

„Вай вовшашца йолу дискусси кхин а жигараяха еза, - элира цо Путине. - Иштта Оьрсийчохь болх бечу коммерцех йоцучу юкъараллашна а, адамийн бакъонашларъярхошна а шанс яла еза, шайн белхаш кхиамца бан. Уьш кхузахь, Германехь, масала, инновацеш юккъейохуш болу, прогресс кхиош болу ницкъ санна лоруш бу. ХIунда аьлча, тхо тешна ду, пачхьалкхехь кхиаме дахар хила йиш яц, цигахь жигара белхаш беш бахархойн юкъаралла ца хилахь“, - аьлла.

Бакъду, Путин Владимира ша цунна дуьхьал дечу къамелехь и тема хьаха а ца еш йитира.

Скандалех лаьцна аьлча, оршот Iуьйранна ярмаркин цхьана гIишлонна чохь шаьшшина гIийла цигарчу керла-керла евллачу машенашка а, чалхашка а хьоьжуш, лелаш долчу Меркелний, Путинний хьалха, мичара бовлу а ца хууш, цIеххьана иккхира „Фемен“ олучу Украинерчу феминистийн тобанан масех декъашхо.

Доллучу дуьненчохь шайн эвхьазчу акцешца гIарабевлла болу и мехкарий, я Оьрсийчоьнан президентан а, я немцойн канцлеран а гонера нах я церан хехой меттахбовла кхиале, каде шайн тIера духарш охьа а кхийсина, маьхьарш хьекха хIиттира, Путин сийсазвеш. Церан берзинчу баккъаш тIехь Iаьржачу шекъашца язбина бара оьрсийн маттахь Путине цхьанхьа осалчу маттахь осалчу метте гIо, аьлла, бина кхайкхам. Оцу сохьта тIекхеттачу хехоша и мехкарий лаца а лаьцна, гIишлочуьра арабехира, цара,шаьш лаьцна буьггушехь, „Путин диктатор ву“ бохуш, цIогIа а детташ.

Оьрсийчуьрчу официалан хаамийн гIирсаша и хилам я Путинна а я Меркелна а ца гуш бисира, бохуш яздора. Бакъду, Малхбузерчу хаамийн гIирсаша зорбане даьхначу сарташна тIехь гуш ду, шинна а куьйгалхочунна и мехкарий дукха сов тIех гергахь гина хилар а, цу шиннан цеце яххьаш а.

Цуьнца цхьана, нагахь санна, немцойн канцлер Меркель Ангела оьзда цу хьокъехь йист ца хуьлуш Iийнехь, мачо-кепарчу хабаршца вевзаш волу Оьрсийчоьнан президент мичара Iийр вара оццул бахьана даьлча, комментари ца еш. „Цу акцех дерг аьлча, суна-м иза тайра, - элира цо эвхьазчу мехкарийн тIелатар чекхдаьллачул тIаьхьа хиллачу зорбан-конференцехь. - Тхуна-м хууш дара и тайпа акци цара кечъеш юйла. Ткъа аш Украинерчу мехкаршна баркалла ала деза, цара кху ярмаркина иштта реклама ярна“, - аьлла.

„Цара цигахь мохь бетташ хIун дуьйцура со ца кхийтира, - бохуш чIагIдира цо, „Фемен“ тобанерчу мехкарша диттина цIогIа къора воцучунна ца хаза йиш йоцушехь. - ХIунда аьлча хехоша дукха чехка болх ма бой, - аьлла. - Иштта цаьрца дукха дера ца хиллехь а дацара хIумма“,- тIе а тухуш.

Немцойн хаамийн гIирсашкахь, кхеташ ма-хиллара, шуьйра йийцаре йо и хIинцалера Путинан визит. „Феменца“ йоьзна IалагIож бахьанехь хилла а ца Iаш. „Путин Европана пебетташ ву“, - яздо „Тагесшпигело“. Ткъа „Билд“ газетехь шеконе дуьллу, Меркельс а, Путина а вовшашка куьйгаш далар мел доггаха ду бохург. „Дойче велле“ радион журналисташа билгалдоккху, Путин кху муьрехь, хьалха санна, сонта, везвеш а вацара, мелхо а, политкорректаллин масала хилла дIахIоьттинера, иза стенна делахь а, бохуш.
XS
SM
MD
LG