ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Путина хастийна Кадыров


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Кремлехь тIеэцна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цаьршимма дийцаре динчу хаттаршна юкъахь дара кхерамазаллица доьзна хьал а, "Роснефть" компанино Нохчийчохь болх бар а, кхидерш а.

Оьрсийчоьнан куьйгалхочо хастийра Кадыров 2012-чу шарахь Зазадоккху-баттахь ша арадаьхна указаш кхиамца кхочуш дарна, ша аьлча, Нохчийчохь болх боцучу нехан терахь лахдарна.

Кхерамазаллех лаьцна аьлча, Нохчийчохь дIоггара баккхий кхерамаш бац, элира Кадыровс.

"Роснефть" компанин куьйгаллица барт карийний хьуна кхин дIа болх барх лаьцна?", хаьттира Путина.

"Игорь Ивановичца ("Роснефть" компанин куьйгалхо Сечин) барт бина оха. Цхьацца цакхетамаш бара...Тахана юкъара мотт карийна тхуна", - жоп делира Кадыровс.

"ЧIогIа дика ду, цхьа ши сахьт даьлча иза (Сечин) хир ву со волчехь. Цу хьокъехь къамел дийр ду оха", - элира Путина.

Тахана хьалхо "Роснефть" компанино хаам бинера, Сечинан а, Кадыровн а белхан цхьаьнакхетарехь дийцаре дина компанино Нохчийчохь болх барх лаьцна хаттарш аьлла. Цуьнан жамI ду Нохчийчура болх эвсарбаккха белхан тоба кхуллур ю аьлла барт бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG