ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхеттачу дийнахь дIабахьа гIерта президентан харжамаш


ГIирма Оьрсийчоьнах дIакхеттачу Зазадоккхучу-беттан 18 денца нисбан тарло тIедогIучу шарахь хинболу Оьрсийчоьнан президентан харжамаш. Пачхьалкхан Думан спикеро Володин Вячеслава резахилла тIеоьцу и ойла, язда «Интерфаксо». 2018-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 18-чу дийнахь хIокху тIаьххьарчу шерашкахь даздечу ГIирма Оьрсийчоьнах дIатохаран дезачу денца харжамаш нисбалар, Iаламат дика ду аьлла Володина.

Дахначу кIирандийнахь Думе и тайпа инициатива кховдийна Федерацин Советан комитетан куьйгалхочо Клишас Андрейс а, сенатан комитетан декъашхочо Широков Анатолийс а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG