ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Украинехь лелочунна вуно реза бац Малхбузера политикаш


Украина - Славянск.
Украина - Славянск.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатан арахьарчу гIуллакхех йолчу комиссин векал волчу Коркер Бобна хетарехь, цуьнан пачхьалкхе кесталгIа оьрсийн энергетикан концернашна дуьхьал санкцеш ца йича ер яц. КIирандийнахь ша NBC телеканалана еллачу интервьюхь цуо элира, Газпром а, цхьа могIа уггаре а яккхийчарех оьрсийн банкаш а гIудане ца лацахь,

Кремлан дай шаьшна дуьхьал яьхна санкцеш забар йоцийла кхетар болуш бац, аьлла. Цуо иштта шен къамелехь Оьрсийчоьнан президент Башар Iасадца вуьстира, цу шинна леламаш а, кхетамаш а цхьаттера а лоруш, и шиъ ший а, шаьш хIуъу лелийча а, шайна цунна дуьхьал цхьаммо а хIуммаъ дийр дац бохучух тешаш хилар билгал а доккхуш. Цундела, элира сенаторо, Евроберто а, Цхьаьнатоьхначу Штаташ а, шайн экономикашна мел зенаш хир делахь а, оьрсийн яккхийчу концернашна дуьхьал лазаме санкцеш яха еза.

Жимма хьалхехьуо Times журнало яздинера, Цхьаьнатоьхна Штаташ Оьрсийчоьнан президентан бахамашна дуьхьал гIулчаш яха кийча ю, аьлла. Нагахь санна, даханчу кIиранахь Женевехь хилла барт оьрсийн агIоно бохош хилахь, тIаккха керла юккъейохучу санкцешна декъа Путинан долара ахчанаш а хир ду, журнало шен хьостанашна тIе а тевжаш дийцарехь.

Ткъа и ахчанаш, журналисташна а, цхьа могIа политикан тергамхошна а хетарехь, мел кIезга а 40 миллиард долларе хьалакхаьчна долу, Малхбузерчу банкашкахь лардеш ду Кремлан коьртачу гIентан дас.

Цу хьокъехь карладаккха догIу, Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар волчу Керри Джона Оьрсийчоьнан арахьарчу министре Лавров Сергейга, нагахь санна Кремло Женевехь хилла барт бохош хилахь, Москохана дуьхьал кхин луьрох гIуданаш дохур ду аьлла дIахьедар дина хилар.

Амма Оьрсийчоьно и барт тоххарехь бохош а бу, я иза янне а цхьа а барт ларбан дагахь а яц аьлла хеташ ву политологин Iилманча Чапханов Руслан. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьно Малхбалерчу Украинехь лелош долу питанаш, шаьш ишттаъ-вуьштаъ схьаяьккхина йолу ГIирма дуьненан юкъаралле а шайн долахь тIечIагIяйтархьама лелош хила там бу.

Чапханов Руслан: „Шу билгал хIун Iалашо ю аьлла Лавровца къамел хилла Малхбузенан векалийна, шайна конкретика оьшу, аьлла. Амма оьрсаша царна и конкретика елла а яц, я лур а яц. И шаьш схьаяьккхина йолу ГIирма шайн долахь чIагIян дагахь бу оьрсий. Шаьш йоллучу Украини чугIоьртича, дика ду хIета, и ГIирма-м оха дIаеллера шуна, иза дIаелла а, хIара диснарш лаьттанаш тхуна бухдиссахьара, аьлла Украинерчу Iедална хетийта“.

Цу юкъана зевне дIахьедар дина Украинин президентан даржаш кхочуш дечу Турчинов Александра меттигерчу телевизионехула. „Путин Украинехь чIогIа кхоьру, хIунда аьлча Украина кхин дIа йолчу Советашна юккъейогIуш хиллачу пачхьалкхашна масала ду, царна адамаша шаьш шайна Iедал харжа йиш юйла гойтуш долу“, - элира цуо, цундела ву Оьрсийчоьнан президент маьрша Украина хIаллакйан гIерташ аьлла тIе а тухуш.
XS
SM
MD
LG