ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимир кхетам чохь вац бохург бакъ ца до Кадыровс


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Арахьарчу зорбанан гIирсаша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхетамчохь вац бохуш, бен хаамаш бакъ бац аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Цхьа лартIахь доцург дешна ас, вайн президент коме воьжна, цуьнан метта цхьахь лоьхуш ву бохуш. Шуна халахетийта лаьа суна -дукха хан йоццуш ас къамел дина цуьнца, чIогIа хIайтъаьлла аз дара цуьнан", - боху Кадыровс, шен телеграм-каналехь хIоттийначу аудиохаамехь.

Иштта цо кхайкхамбина арахьарчу пачхьалкхашка "багош дIакъовла", ца хуьлчу далахь "тIаьхьа товш хир дац бехказадийла гIертар, нагахь санна цунна хан хилахь" аьлла.

Талламхойн хаамана тIетевжина, хьалхо украинхойн Obozrevatel ресурсо яздира, цIе ца йоккхучу лазарна тIехула еш хилла операци галъяьлла, Путин кхетамчуьра ваьлла бохуш. Журналистийн информацица, Оьрсийчоьнан президент реанимацехь ву, цуьнан дахар латтош ду садоIуьйтучу гIирсашца. Путинан гоно цхьана Iалашонца лечкъош ю цунах лаьцна информаци, цуьнан метта хIотто стаг караваллац, хаамбо гIирсо.

Оцу юкъанна Китайн CCTV телеканало Мангал-беттан 15-чохь хаамбира Путин Владимиран а, КНР-н куьйгалхочун Цзиньпин Синан а телефонехула къамел хиларх – цара дийцаредира "украинхойн кризис" ерзорах. Текстехь бинчу хаамах хоьттина яцара видео. Мангал-беттан 17-чохь Петербургерчу экономикан форумехь вистхила везаш ву Путин Владимир.

  • Хьалхо францхойн Paris Match ресурсо яздира, Путин арахьарчу мехкашка воьдуш, цунна улло ваьлла Федералан ха даран урхаллера "леррина" белхало вара, Оьрсийчоьнан президентан экстременташ а, хьатI а гулдарх жоп луш. Журналистийн хаамашца, Путинан цхьахволу хадархо 2017-чу шарера схьа дуьйна гулдинарг Оьрсийчу дIакхоьхьуш, пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна информаци хьулъярхьама.
  • Newsweek америкахойн журнало, лаккхарчу даржашкарчу кхаа анониман хьасташна тIетевжина, яздира, Охан-баттахь Оьрсийчоьнан президенто тIаьххьарчу муьрехь долу, цIе ца йоккху лазар бахьана долуш дарба лелийна аьлла. Охан-бутт бовш а, Стигалкъекъа-бутт баллалц а Американ къайлахчу сервисийн консенсус хиллера, Путин чIогIа цомгаш ву, хетарехь, вала а тарло аьлла. Талламхой тешна бу, коронавирусах йолчу изоляцино цуьнгара хьал къайладаьхьна хилла хьесап ду аьлла.
  • Охан-беттан юьххьехь "Проект" ресурсо хаамбира, 69 шо долчу президентца тIаьххьарчу шерашкахь сих-сиха дIсалела воьлла, гIеметтахIоттинчу а, къеначу а нехан хьорзамха екхоънах кхеттачу, цIе ца йоккхучу цамгарна тIехь говзалле вирзинчу лорца а, хирургца а цхьаьна аьлла. Кремло президентерчу хьолах лаьцна комментареш ца йо. Делахь а, "Проектна" публикацина жоп лучу Путинан пресс-секретаро Песков Дмитирийс "шаьш кхоьллина" материал ю элира, президент цомгаш вац аьлла, дIа а хьедеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG