КхоазлагIа а президентан дарже хIоьтти Путин Владимир. Оьрсийчоь "къоман кхиарехь керлачу муьре йолуш ю", тIедогIу 6 шо "къастаме хир ду" пачхьалкхана, элира цо. Нагахь санна кхин а шина харжамийн муьранна и президентан дарже веъна нислахь, шегара дарж цо мукъадита тарло 2024-чу шарахь, шен 71 шо кхаьчча. Путинан президенталлера цхьадолу тоьшаллаш ду хIорш.
Путинна тажтуьллуш
5
Президентан дарже кандидат волу Путин Владимир кхаж таса веъна шен зудчуьнца Людмилица, Зазадоккху-Бутт, 2000.
6
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь террорехь динчу зенашна чIурамаш хIиттош бу ПутингIар - Владимир а, Людмила а, 11Гез 2001.
7
2004-чу шеран Гезгамашин-баттахь Беслан-ГIаларчу бохамехь лазийначу бере хьажа веъна Путин Владимир, Москох, 2004.
8
"Волга" машенахь Москохал арахьа хахкалуш бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ Буш Дж