КхоазлагIа а президентан дарже хIоьтти Путин Владимир. Оьрсийчоь "къоман кхиарехь керлачу муьре йолуш ю", тIедогIу 6 шо "къастаме хир ду" пачхьалкхана, элира цо. Нагахь санна кхин а шина харжамийн муьранна и президентан дарже веъна нислахь, шегара дарж цо мукъадита тарло 2024-чу шарахь, шен 71 шо кхаьчча. Путинан президенталлера цхьадолу тоьшаллаш ду хIорш.
Путинна тажтуьллуш

1
Путин Владимир а, Собчак Анатолий а Петарбухехь Австрин майданахь, 1992 шо.

2
Путин Владимир, Петарбухарчу мэран хьалхара гIовс, ГIуран-бутт, 1995.

3
Ша ФСБ-н куьйгалле хIоттийна Путин декъал веш ву Оьрсийчоьн президент Ельцин Борис , Москох, 10Лах1998.

4
Шегара дарж Путинан кара а делла, Кремлера дIавоьдуш ву президент Iийна Ельцин Борис, 31ГIа1999.