Путин Владимиран президентан кампани а, Европехь иккхина йолу шело а ю кху кIирнах оха хаьржинчу сурташ тIехь гойтуш йерг.
КIиран сурташ -- Чиллан-бутт 11-17

2
Украинера Фемен олучу зударийн духьалонан боламан жигархой дуьхьалонан акци дIахьуш бу Москох Газпроман коьртачу штаб-хIусаман хьалха. (ИТАР-ТАСС/Федичев Сергей)

3
Киевехь зезагаш дохкучу церемонехь дакъа лоцуш волчу президентана Янукович Викторна букътоьхна дIахIиттина Советан пачхьалкхо бинчу ОвхIанан тIамехь дакъа лаьцна болу Украинера ветеранаш. (Рейтерс/Гаранич Глеб)

4
Казахстанера жаIуй Iай жа дажош хуьлу шайн мехкан къилба-малхбалехь Китайца долчу дозанца. (Рейтерс/Жуматов Шамил)

5
Къилбаседа Корейн салтти воьлхуш ву дукха хан йоцуш велла волчу шайн баьччийн Ким Чен Иран вина де даздеш Пхеньянехь дIаяьхьначу парадехь дакъа лоцуш. (Рейтерс)