ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинера жоьпашка ладоьгIуш ву омбудсмен Нухажиев


Нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди.
Нохчийн омбудсмен Нухажиев Нурди.

Оьрсийчоьнан президенто Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларьяйта векал винчу Нухажиев Нурдис, хьалххехь дуьйна а хаамийн гIирсашкахула Iорадаьхнера ша Москох бакъонашларъярхойн кхеташонехь ойур долу цхьамогIа хеттарш. Цо ша чIагIдарца, цуьнан аьтто хилла вайнахана халонга девлла, церан бакъонашна а, Iар-дахарна а эшам беш долу хаттарш Путин Владимиран тидаме кхачо.


Оьрсийчоьнан президенто Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларьяйта векал винчу Нухажиев Нурдис, хьалххехь дуьйна а хаамийн гIирсашкахула Iорадаьхнера ша Москох бакъонашларъярхойн кхеташонехь ойур долу цхьамогIа хеттарш. Цо ша чIагIдарца, цуьнан аьтто хилла вайнахана халонга девлла, церан бакъонашна а, Iар-дахарна а эшам беш долу хаттарш Путин Владимиран тидаме кхачо.

Царах коьртачарех коьрта лору Нухажиев Нурдис эскархоша лечкъийна а, вуьшта доьза байначу а бахархошна тIаьхьакхиар а, тIеман хьелашкахь байина лаьттах Iиттинчу нехан мила-муьлаш бу къастош, даьIашкаш зуьйш талламаш бан таро кхуллуш, махкахь лаборатори схьаеллар а.

Адамийн бакъонашларъярхочо билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь верриге лачкъийнарг а, доьза вайнарг а 8 эзар сов вахархо хилар, шайлахь 5 эзар сов Нохчийчура а волуш. «Нохчийчохь адамаш лечкъорца доьзначу зуламех цхьадерш,-боху Нухажиевс ша Путине дIакхачийначу леткъаман кехат тIехь,- хьан, маца дина а хууш, билгалонаш а йолуш ду.

Ас церан хьокъехь, дикка хьалха дуьйна а тоьшаллаш дIакхачийна инарла прокуратуре а, талламан комитетан хьаькаме Бастрыкин Александре а, Нохчийчохь йолчу талламан комитете а. Амма цара и гIуллакх цхьана новкъадаккха дина хIумма а дац.

Ас и хаттар далхош долу а, цунна жоп каро къахьоьгуш долу а иттех шо ду. Оха болх бечу хенан йохаллехь тхуна зеделла, тхо тешна цхьа хIума ду: федералан тIегIанахь, тайп-тайпана министараллийн а, урхаллийн а векалш юкъахь а болуш, леррина говзанчийн тоба кхолла еза доьза байначу нехан лорх кхиа. Цу тобанан бакъо хила еза мичча набахте кхача а, къевлинчу рожехь болх беш йолчу урхалле кхача а».

ТIаккхий бен аьтто хир бац аьлла хета Нухажиевна бахархошна лазаме девллачу хеттаршна жоьпаш каро а, байинчу гергарчех йоьзна цара ловш йолу гIелояйан а. Нухажиев Нурдис билгалдоккху нохчийн къоманна халонга девлла иза а, кхин долу а хаттарш диъ шо хьалха дуьйна а Оьрсийчохь адамийн бакъонашларъярехь жоьпалле волчу Лукин Владимире а, могашаллин министр Голикова Татьяне а дIакхачийна хилар а, амма хийцаме даьлла хIума цахилар а.

Царах ду, масала, хьенан, муьлш бу а ца хууш байинчийн даьIашкаш зе Нохчийчохь лаборатори йогIийтар а, кхузахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш къепе хIоттош герзашца чевнаш йинарш тIом бахьанехь заьIапхой ларар а, цхьана юххьера дуьйна минанаш дIайохуш кхаш-аренаш мукъаяхар а. Ишта кхин дIа а.

Ала дашна, оцу минанийн хьокъехь масех шо хьалха дIахьедар дира ша Нохчийчу веъна волуш Медведев Дмитрийс. «Кхечу пачхьалкхашна а тIехь гIо деш схьадогIуш ду вай и кхераме герз дIадаккхарехь. Вешан пачхьалкхехь вай муха ца йоху минаш дIа. Аса тIеман министралла декхарийла йийра ю и мехала болх дIаболо»- элира цо.

«Делахь а цуьнан амар дахаре дерзо масех шо ийшира тIеман министараллана. Кху карарчу хенахь Нохчийчохь миннааш дIайохуш ю бохуш, сурт ду, амма говзанчаша даре до цу боларца латтанаш цу кхерамечу герзах цIандан иттаннаш шераш оьшур ду бохуш.

И болх тоаме ца лору Нухажиев Нурдис а. Миннааш бахьанехь еккъа цхьана Нохчийчохь вийна а, лазийна а 3 эзар сов вахархо ву боху Нухажиевс, шайна юкъахь 8 бIе гергга бераш а долуш. Кхузара, цунна хетарехь, леррина программа тIе а эцна, цхьана юххьера дуьйна цIандан доло деза махкахь латтанаш.

Лакхахь хьахаделла хеттарш доцурш бакъонашларъярхочо Путин Владимире дIакхачийна къоман кхин а цхьамогIа лазамаш а. Церан могIарера ларало тIамо йохийначу хIусамашна ахчанаш къастор а, къастийнарг а, масала 350 эзар сом, бахархошна хилла зе аьттехьа а меттахIоттош цахилар а.

Ала дашна, кху сохьта а бIеннашкахь нах бу и ахчанаш схьаэца рагI ца кхочуш Iаш. Царна Iеткъарг а ду шо-шаре мел долу а, ахча дайлуш, пайда боцучу долуш доллушехь,Оьрсийчоьнан Iедало и тидаме а эцна, цуьнан барам лакхабоккхуш цахилар.

Вайнехан тидамза ца дисина, цIерашца а, Iаламца а доьзна Оьрсийчоьнан цхьайолчу кIошташкахь бохамаш бевлча, бутт-батте боллушехь, чу бахачхьана бовлуш, керла хIусамаш дIахIиттош, ахчанаш луш, Iедало кханенаш а ца йохкуш, нахана гIо дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG