ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан чалтачаш. Муьлш хир бу Росгвардерчу гIалгIазакхийн дакъошкахь


76 шо хьалха хиллачу тIамехь толам баьккхинчу Денна хьажийначу парадехь дакъалоцуш бу Ерригоьрсийчоьнан гIалгIазакхийн юкъараллан эскархой
76 шо хьалха хиллачу тIамехь толам баьккхинчу Денна хьажийначу парадехь дакъалоцуш бу Ерригоьрсийчоьнан гIалгIазакхийн юкъараллан эскархой

Путин Владимира къобалдина Росгвардехь "гIалгIазакхийн" дакъош кхоллар. "Схьабовларца гIалгIазакхий болу нах реза бац оцу сацамна. Оцо репрессин хьукматаш совъяхар бен дийр долуш хIума дац, уьш ишта а ю шортта", – боху дайшкара дуьйна схьа гIалгIазакхи волчу "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центран" куьйгалхочо Дзиковицкий Александра.

Нальчикехь Товбецан-беттан 10-чу дийнахь хиллачу Евразерчу гIалгIазакхийн кегийрхойн "ГIалгIазакхийн цхьаалла – 2021" форумехь гIалгIазакхийн эскарш Росгвардин декъа яздар доьхуш дина дIахьедар президента къобалдо, аьлла, хаам баржийна Оьрсийчохь Инарла прокурор лаьттинчу, хIинца Къилбаседа федералан гонан коьртехь волчу Чайка Юрийс.

Лаам кегийрхоша къадийна бахахь а, гIалгIазакхи а, Оьрсийчоьнан президентан гIалгIазакхийн гIуллакхашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочун гIовс а волу ша Чайка вара гIалагIазакхийн дакъош, цаьрца контракташ а хIиттош, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашка даха деза, аьлла, Товбецан-беттан юьххьехь официалехь дехар динарг.

Цхьайолчу Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь, къаьсттина пачхьалкхан къилберчу регионашкахь, гIалгIазакхийн гIаролаш лела а, полицино аьттонаш а беш, цара оппозицин акцеш дIасалоьхку а ю дукха хан, яздо Свобода Радионо. Ала дашна, "низам латтадо" гIалгIазакхаша шаьш бен кхетош доцчу хьесапашкахь: Мангал-беттан 23-чохь Ставрополь гIалин юккъехь уьш тIелетира вилспеташ хоьхкучу спортхошна, дIаяьккхира цхьаьнгара вилспет.

"ГIалгIазакхийн гIаролаша" лелориг тергалдича хаало уьш дукха хьолехь, шаьш-шайгара а боцуш, цхьаьннан лаам кхочушбеш хьийзар. 2018-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь гIалгIазакхий тIелетира "Иза тхуна паччахь вац" цIе а йолуш Москвахь хIоьттийначу оппозицин политикан Навальный Алексейн акцин декъашхошна. ХIетахь журналисташна гучуделира Пушкинан майдана баьхкина гIалгIазакхий Москван мэрино лучу ахчанах Iемаш буйла нехан гуламаш хьеша. Кхин цхьа хIума а ду хаа оьшуш: ГIебарта-Балкхаройчохь хIоьттина "ГIалгIазакхийн цхьаалла – 2021" форуман спонсоршлахь а ю Москван администраци, 5 миллион сом гергга ахча делла цо цига. Оцу ахчан хьокъехь ду халкъан политикан а, регионан зIенийн а Москварчу Iедалан департаментан куьйгалхочо Сучков Виталийс Москван бюджетера субсиди кховдош дина омра.

Навальный Алексейн агIончаш "Иза тхуна паччахь вац" акцехь дасалохкуш бу гIалгIазакхиq, Стигалкъекъа-бeтт 5-гIа, 2018 шо
Навальный Алексейн агIончаш "Иза тхуна паччахь вац" акцехь дасалохкуш бу гIалгIазакхиq, Стигалкъекъа-бeтт 5-гIа, 2018 шо

Пачхьалкхан кхетамехь Оьрсийчохь "гIалгIазакхий" хила йиш ю лерринчу гIалгIазакхийн реестре язбина нах. "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центран" куьйгалхочо Дзиковицкий Александра бахарехь, реестр кхоьллина гIалагIазакхашна юкъа питана дуьллуш, царна юкъара Iедална муьтIахь берш тIекIабеш.

Дзиковицкий тешна ву "гIалгIазакхий" дайшкара дуьйна схьа болу гIалагIазакхий бен лорийла дац бохучух. "Реестре" язбеллачу дукхахболчу гIалгIазакхех цо "чалтачаш" олу: "Уьш ловза марзбелла нах бу, царна товш дерг духар лелор ду, цунах царна са йолу". Дзиковицкийс бахарехь, дайшкара схьа гIалагIазакхий болу нах а буьйлу реестре, амма тIаьхьа, дог а долий, арабовлу оцу тептаршкара.

Нийса ца хета Дзиковицкийна гIалгIазакхий Росгвардин могIаршка хIиттор а:

"Соьга телефонаш йиттина шаьш гIалгIазакхаша, хиттина, хIун хета суна оцу хьокъехь. Иза деккъа дIа репрессин хьукматаш дебор ду, уьш ишта а ю эскарел а дукха. ШолгIа бахьана – ахча къезиг дайъар. ГIуллакхехь волчу могIарчу гIалгIазакхичунна 23 эзар сом ло юкъарчу барамехь. Церан хьаькамашна, атаманашна, кхеташ ду, пайда хир бу цунах. ТIаьххьараниг – иза "нах дIасабекъа, олалла де" боху политика ю: гIалгIазакхий кхечу адамашна дуьхьалбахар. Бахархошна кIезиг го башхалла "гIалгIазакхашний", "гIалгIазакхий бу бохучарний" юкъахь, нехан бIаьргаш чохь уьш цхьа ун ду".

Урамашкахула лела а, нах дIасалоьхку а гIалгIазакхийн гIаролаш гергга йозаелла ю полицех а, ФСБ-х а, къаьсттина чIогIа ю и зIенаш ГIалгIазакхийн Центрерчу эскарехь, боху Дзиковицкий Александра.

"Реестрехь йолу и организаци яьржина Оьрсийчоьнан Центран 18 регионехь. Цхьацца миграцин гIоьнца оцу 18 махкахь гIалгIазакхий дебна 200 эзарне кхоччуш. Оцу терахьах мел теша веза суна ца хаьа, амма иза керла кхоьллина гIалагIазакхийн дакъош ду. Суна сайна гина иза муха кхуллу, евзина царна хьалхаяьлла лела жигархойн тоба. И эскар кхоьллира цхьацца структурашкарчу инарлаша, полковникаша, милицера, ФСБ-ра эпсарш бара уьш. 90-чу шерийн юьххьехь дара иза. Юьхьанца дуьйна а ГIалгIазакхийн Центрера Эскар Iедалан структура яра. Дуьххьара атаман хIоттийра цунна коьрте 1995-чу шарахь Игнатьев Борис Борисович. Хууш ду цо ФСБ-хь болх бинийла: оперативан белхахо вацара иза, комсомолан хьалханча санна вара цигахь", – дийцира Свобода Радиога Дзиковицкийс 2018-чу шарахь.

Цо бахарехь, ФСБ-ца зIе йолуш хилла Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран кхиболу куьйгалхой а.

"2014-чу шеран Чиллан-баттахь Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран куьйгалхо хIоттийра хIинца атаман верг - ФСБ-н инарла-лейтенант Iийна Миронов Иван Кузьмич. Хьалха иза ФСБ-н оперативан-талламийн урхаллин буьйранча а, конституцин хIоттам ларбечу а, терроризмца къийсам латточу а департаментан куьйгалхочун гIовс а вара. ФСБ-н полковник, ФСБ-рчу "Вымпел" декъехь Iийна волу Шустров Андрей хIоттийра тIаьхьо Центрерчу гIалгIазакхийн эскаран Москварчу а, гонахарчу а гIалгIазакхийн дакъойн коьрте. Навальныйн агIончаш дIасалохкуш куьйгалла динчех вара иза", - дуьйцу Дзиковицкийс.

Шустровна 2018-чу шеран ГIадужу-баттахь баркалла элира Москван мэра Собянин Сергейс. Иза дукхахболчара дуьйзира гIалгIазакхаша протесташ хьошуш дакъалаьцна хиларца. 2020-чу шеран ГIуран-беттан 3-чохь коронавирус кхетарца доьзна велла Шустров.

ГIалгIазакхий контракташца Росгвардехь гIуллакх дан хьовсор хьахош Чайка Юрийс цIеяьккхира кхин а цхьана организацин - "Теркаца еха гIалгIазакхийн эскарийн юкъаралла". Оьцу юкъараллин атаман хIоттийра шен омрица Путин Владимира "дайшкара схьа Теркан гIалгIазакхи " волу Кузнецов Виталий. Оцу дарже вахале Росгвардин Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонерчу леринчу гIуллакхийн авиацин декъан буьйранчин гIовс вара иза.

"Оьрсийчоьнан гIалгIазакхийн реестрехь мелла а бу бакъболу гIалгIазакхий. Изза Чайка, масала – орамашца Кубанан гIалгIазакхи. Амма дукхахберш, 80%, цхьаццанхьара тIегулбина могIара нах бу. Iедална гонах шаьш лестар цара нийса лору, цара олу, "гIалгIазакхий даима а хилла паччахьна гIуллакх деш, ткъа тахана вайн паччахь Путин ву". Ма-дарра аьлча, "паччахьна гIуллакх" гIалгIазакхаша даима а ца дина, уьш дуккхаза а гIиттина, ткъа гIуллакхдан буьйлабелла паччахьан Iедало шаьш горахIиттийча", - дийцира Дзиковицкий Александра.

Йолуш ю гIалгIазакхийн йозуш йоцу юкъараллаш а

"ГIалгIазакхийн йозуш йоцу юкъараллаш а ю пачхьалкхехь: ас куьйгалла ден "Берриг гIалгIазакхийн юкъараллин центр", "ГIалгIазакхийн халкъан кхеташо", Забайкальера гIалгIазакхийн го, цхьана кепехь Iедалца юкъара мотт каро гIертахь а, Iедало пусар деш а боцу "Станицаш меттахIитторехьа болам" а. Уьш дукхахъерш кегий организацеш ю, яккхийнаш Iедало кхобуш ю. Ткъа оха тхешан некъ дIалелош йойъу хан а тхешаниг ю, ен харш а тхайггара ю. Ницкъ бац тхоьгахь гIалгIазакхий берраш а "пачхьалкхан " гIалгIазакхий боцийла наханна дIахаийта: репрессийн система онда ю, хIора а тоба ша-ша гIерта дуьхьаллатта, дийна йиса, ткъа уьш кегий ю. Оьрсийчуьра ерриг юкъаралла а санна, гIалгIазакхийн бакъйолу социум а ю хьаьшна латтош", - боху Дзиковицкийс.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь пачхьалкхан "гIалгIазакхех лаьцна хеза цара Iедална резабоцчарна дуьхьал йохучу агрессин гIулчашца доьзна: шайна ца безачу гайтамашна тIелетарца, ЛГБАТ-юкъараллаш лехкарца, шайна товш доцчу духарахь гинчунна еттарца.

Дзиковицкий Александр реза вац оцу хиламашна, гIалгIазакхийн гIиллакхехь дац, боху цо, иштаниг: "Дукхахболу бакъ гIалгIазакхий гIур бац оцу Росгвардин дакъошна юкъа, гIур бу ма-тов шед дIасалесто, наханна етта хьаьгнарш. Тхо чIогIа реза дац оцу хьоланна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG