ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан Федералан гуламе вистхиларехь ца хиллачух тера ду Кадыров могуш цахиларна – хаамийн гIирсаш


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Федералан гуламе вистхуьлучохь ца хилла Кадыров Рамзан – оцу барамехь Нохчийчоьнан делегацина хьалхаваьлла вара Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, республикера парламентан спикер Даудов Мохьмад а. "Новая газета. Европа" гIирсан хьасташа бахарехь, и доьзна хила тарло Нохчийчоьнан урхалхочуьнгахь дика хьал цахиларца.

Ресурсо хаамбарехь, Кадыров Москва вахначух тера ду Кремлан Коьртачу дарбан цIийне шен рогIера дарба дан. Чиллан-беттан 23-чохь шен телеграм-каналехь цо хаийтира Путинца цхьаьнакхетарх- Кавказ.Реалии сайто ма-йаздарра, иштта кхетийра цо къам Сталина махках даьккхина 80 шо кхачарна хIоттийначу тезетан барамехь Соьлжа-ГIалахь ша цахиларх.

Оцу йукъанна, билгалдоккху "Новая Газета. Европа" гIирсо, Кадыровца цхьанакхетарх президентан сайтехь информаци йацар.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо телеграм-канале хIиттира Москвахь лаккхарчу федералан тIегIанера хьаькамашца шен хиллачу цхьанакхетаршкахь даьхна суьрташ. Делахь а, "Новой Газета. Европа" гIирсо чIагIдо, и хаамаш тоххара дуьйнна кечбина латтийна хила тарло аьлла. Чиллан-беттан 26-чохь Соьлжа-ГIалара музейна реконструкци йечохь хиларх видео а санна. Хьалхе дуьйна кечйина хилла публикацеш зорбанейахаран Iалашо йу – йеххачу хенахь Кадыров гуш цахилар къайладаккхар.

ТIаьххьарниг лач тIечIагIдо Flightradar сервисо а, цуьнан зерашца, Кадыровн долара кема чиллан-беттан 23-чохь Москвара Соьлжа-ГIала деана дийнахь, ткъа чиллан-беттан 25-чохь суьйранна – Соьлжа-ГIалара Москва дахана, йеарин дийнахь Соьлжа-ГIалара Сочи а. Нагахь санна Нохчийчоьнан куьйгалхо оцу кеманца дIасаваханехь, чиллан-беттан 24-чохь а, 25-чохь а Москвахь цхьанакхетаршкахь а, чиллан-беттан 26-чохь Соьлжа-ГIалара барамехь а хуьлийла дац иза

  • Стохка зазадокху-баттахь "Новая газето" йаздира, Кадыров цомгаш хилар къаьстина, и лазар пехашца а, жимашца а ду, оцу тIехула гуттар а диализ тIехь латтон везаш ву иза аьлла.
  • Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана эшна йогIу аьлла, дийцадаьккхира гезгамашин-баттахь, украинхойн талламчаша а, оппозицин телеграм-каналаша а иза кхетамчуьра ваьлла бохуш, дIахьединчул тIаьхьа. "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс а – цо чIагIдора, Кадыровн "жаннашца лазар ду, сих-сиха гемодиализ оьшу" цунна аьлла.
  • Кадыровн кема Соьлжа-ГIалара Москва дахара, ткъа иттех нохчийн номершца машенаш хаайелира президентан дарбанан цIенна хьалха. Кадыровн телеграмехь ши видео хIоттйира, хетарехь, иза могуш вац бохуш даьржина хабарш дайа - шина а роликаца шеконаш хаайелира. Кадыровгара хьолах лаьцна дийца дуьхьал хилира Кремлехь.
  • Маршо Радионо кIорггера дийцира, и хабарш стенна тIера дуьладеллера а, билггал цуьнгарчу хьолах хууш долчух а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG