"Оьрсийчоьнан сийлахь архитектор" совгӀат кхаьчна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Соьлжа-ГIалахь Владимиран Путинан цӀарахчу кӀоштара Кадыров Ахьмадан ц1арах йолу г1ашлойн бульвар схьайоьллуш цунна и совгӀат делира вице-премьеро Хуснуллин Марата.
"ХIоккху йоллу проектийн коьрта архитектор хьо ву", - аьлла Хуснуллина, Кадыровга вистхуьлуш, йаздо ТАСС агенталло. ГӀишлошъйаран министраллан омраца а догӀуш, и совгӀат дина Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а архитектура кхиорехь а, гӀаланаш кхиорехь а "доккха дакъа лацарна" аьлла.
Цул а масех де хьалха, гIадужу-беттан 3-чу дийнахь, Росгвардин директоро Золотов Виктора Кадыровна совгӀат дира эскаран инарлин погонаш а, боьмаша берет а луш. И дарж делла Путинан омраца. Эскаран инарла чин оьрсийн эскарехь уггаре лакхара инарлин дарж ду, маршална тӀаьхьа шолгӀа меттиг дӀа а лоцуш. "Важные истории" гIирсо билгалдоккху, 1997-чу шарахь дуьйна Оьрсийчохь цхьанна а маршалан чин делла дац аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъа а Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъашкахь гӀуллакх дина дац.
Цул совнах, Кадыровн 50 шо кхачарна лерина гIадужу-беттан 5-чохь патриарха Кирилла Сийлаллин I-чу даржера орден йелира цунна. Оцу килсан орденца билгалбоху, доккхачу декъана, динашна йукъахь цхьаьнаболхбарехь а, къаьмнашна йукъара машар чӀагӀбарехь а дакъа лаьцна нах.
- ГӀишлошъйаран а, архитектуран а корматаллин совгӀаташ дуьххьара луш дац Кадыровна. 2024-чу шеран гIадужу-баттахь гӀишлошъйаран министро Файзуллин Ирека цунна совгӀат дира "Оьрсийчоьнан сийлахь гӀишлошъйархочун" седа а луш, иза цIе луш йу 20 шарахь сов цу индустрехь болх бинчу цхьаццаболчу нахана. 2025-чу шеран мангал-баттахь Оьрсийчоьнан коьртачу архитекторийн кхеташоно Нохчийчоьнан куьйгалхочунна сийлаллин "Кентавр" значок йелира, цо гӀаланаш кхиорехь дакъалацарна.
- Иштта "Оьрсийчоьнан цементан индустри кхиорехь къаьсттина дакъалацарна" орден а, "Ӏилма кхиорехь дакъалацарна" мидал а йу Кадыровн. Кавказ.Реалиино хиттира говзанчашка, дукха хенахь дуьйна шеца йоьзна мемаш йохушшехь, и луш долу совгIаташ йуха стенна ца узу аьлла.