ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путине Херсон схьаяккха аьлла кхайкхамбина Кадыровс – ши бутт бу иза Оьрсийчоьнан куьйгакIел йолу


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Путин Владимире кхайкхамбина Кадыров Рамзана, Украинаца тIеман "шолгIа этап" йолайе аьлла – шаьш спецопераци олу тIелатар йоллу пачхьалкхехь дIахьош. Цунах лаьцна дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, шен телеграм-каналехь хIоттийначу рогIерчу видеокхайкхамехь.

Муьлха гIаланаш, Кадыровна хетарехь, схьаяха еза Оьрсийчоьнан эскаро дуьйцуш, цо хьахийна Киев, Харьков, Херсон. Оцу юкъанна Украинан къилбера Херсон Оьрсийчоьнан эскарийн карахь йолу ши бутт а бу, Харьковна дуккха а тIейиттира, делахь а хIинца а украинхойн Iедалхошкахь юьсуш ю иза, ткъа Киевна тIелатар юхадаьккхира Зазадокху-бутт бовш, оцу агIор аьтто ца хиллачул тIаьхьа.

ТIом болабелчхьана Кадыров Рамзана масийттазза кхайкхамбира конфликт марсаяккха аьлла, дийхира Путин Владимире а, цхьана дийнахь Украинан дуьхьал зарратан герз даккхар магийра. И доллу дIахьедарш Оьрсийчоьнан президенатн терго ца еш дитира – мухха делахь а, массарна хезаш реакци ца хилира пачхьалкхан куьйгалхочуьнгара Кадыровна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь долчу Украинерчу дакъойх "TikTok-эскарш" аьлла, даьссачу цIеношна тIе герзаш деташ, хелхабуьйлуш, йа Кадыровн сурт тIехь долу байракхаш лестош леларна. ТIеман аналитикаша масийттазза шеконаш къадийра, Киеве а, Чернигове а воьдучу агIор аьтто ца баьлла, Донбассе, доккхачу декъанна Мариупольна герга, дехьакхийсина "кадыровхой" тIом бан гунахь хиларх. ХIетахь дуьйна Кадыровс 30-зза гергга дIахьедира и гIала яккхарх, ткъа цигахь тIемаш хIинца а беш бу.

  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
  • Кавказ.Реалиино хьалхо ма-дарра дийцира, Украине гIортале хьалха, муха "гIарабевлла" Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь долчу тIеман дакъойн хьалханчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG