ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна муьтIахь хиларна совгIат: стенна оьшу Мариуполь Кадыровна


Оьрсийчоьно дIалаьцначу Мариуполехь, 2023 шо
Оьрсийчоьно дIалаьцначу Мариуполехь, 2023 шо

Соьлжа-ГIалина а, оккупаци йинчу Мариуполь гIалин администрацина а йукъахь "вежаралла" лелон барт беш куьйгаш йаздина. 2022-чу шеран бIаьста Нохчийчуьра дакъоша жигара дакъалецира гIала схьайоккхуш, цунна оккупаци йинчул тIаьхьа кадыровхой цуьнан "доладан" буьйлабелира, ткъа хIинца официалехь республикица боьзначу совдегарийн долайохуш йу цуьнан индустрин активаш. Оцу гIаланашна йукъарчу бохаме диллича цхьаьнадаран тергойира бакъоларйархоша: Соьлжа-ГIала а, Мариуполь а оьрсийн эскарша дIахьаькхна йара лаьтта тIера.

Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада а – Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичин кIант ву иза, оккупаци йинчу Мариуполан администрацин куьйгалхочо Моргун Олега а куьйгаш йаздина "доттагIалла" лелон бертана. "Мехала хилам" бу и аьлла Кадыров Рамзана, цо "дахарна коьрта долчу дакъошкахь йукъарлонаш чIагIдийр ду" аьлла, билгалдоккхуш. Шен постехь цо иштта хьахийна Донбассан металлургин центр а, шен "динамикехь кхиаран некъа тIе йухайогIуш" йу аьлла цо и.

Оцу йуккъехула информаци гучуйелира, Мариуполера Ильичан цIарах йолу металлургин комбинат – Укрианан Донецкан кIоштахь уггар а йоккха йу и – ма-дарра аьлча, Кадыровн Iуналлехь йу аьлла.

Комбинате чувоьддучуохь президентан Путин Владимиран а, сепаратистийн "ЛНР-н" куьйгалхочун Пушилин Денисан а, шен Кадыровн а цхьаьна суьрташ ду дIадиттина. Царна бухахь – пропагандистийн дешнаш "Ахмат – сила!" ду, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден культана лерина.

Мариуполера Ильичан цIарах комбинат
Мариуполера Ильичан цIарах комбинат

Компанин долахойх вара 2023-чу шеран зазадокху-бутт тIебаллалц Корчагин Валид – цуьнан цIарах йу Нохчийчохь, Москвахь, Волгоградан кIоштахь исс компани. Ахшо хьалха оцу даржехь цуьнца хийцавелира Дадашов Iалаш, иза ву Соьлжа-ГIалахь. Гуьмсехь, Москвахь, оккупаци йинчу Мариуполехь кхин а йиъ организаци йиллинарг ву аьлла йазвина.

Бахначу лахьан-баттахь регистраци йинчу ООО "Ильичан цIарах ММК-н" уставан капитал йара – 10 миллион сом. Иштта Дадашов ву йазвина цуьнца цхьаьна Мариуполехь регистраци йинчу ООО "Техникан материалаш" организацин долахо ву аьлла, цуьнан капитал йара 50 миллион сом.

Нохчийчонца воьзна ший а бизнесхо хьалха цкъа а металлургица гIуллакх деана вац. "Оьрсийн Би-би-си сервисан" хаамашца, Корчагинан да – Нохчийчохь гIишлошйаран а, ЖКХ-н а министран гIовс Геремеев Вахьит ву, республикан цIарах сенатор волчу Геремеев Сулейманан ваша волчух тера ду иза.

Корчагин хийцинчу Дадашовс куьйгалла дина Москвара латархойн "Ахмат" клубан. Ресурсан талламашкахь йаздо, ший а бизнесхо, хетарехь, номиналан роль ловзош ву, Кадыровн а, цуьнан гонерчу нехан а интересаш дIа а хьош аьлла.

Кадыровхоша тIамехь дакъалацарна Москван цIарах "баркалла олуш

Соьлжа-ГIалица боьзна совдегарш комбинатан куьйгаллехь хилар – и цхьа компенсаци йу, аьлла хета Оьрсийчуьра Transparency International организацин куьйгалхочунна Шуманов Ильяна. Кадыровхоша тIамехь дакъалацарна Москван цIарах "баркалла олуш" дина хIума ду аьлла, билгалдоккхуш.

"Вай кхеташ ду, Кадыровс а, цуьнан уллорчу гоно а тIехь контроль латтош, цхьа къаьстина ницкъ шаьш болуш санна лела уьш. Оцу дакъойх Мариуполехь пайдаэцарна Нохчийчоьнан урхалхочунна Мариуполера йаккхий активаш йелла", - боху эксперто.

Кадыровна а, цуьнан гонерчу нахана а активаш дIалуш хIинца гайтар – ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс эккхийтинчу бунтан цхьахйолу тIаьхье йу, тешна ву политолог Преображенский Иван. Къамел дечо дагадаийтира, хьалхо Кадыровн кланна куьйгалала дайта "Данон Россия" йоккха холдинг кхачор: цо бахарехь, "муьтIахь бисинчарна, совгIаташ до" иштта Кремло.

"Йахначу аьхка вежараллин гIала хилира Санкт-Петербургах. ХIетахь хетта хир дара активаш губернаторна Бегловна кхочур йу, йа Пригожинна. Хьал хийцаделла, ресурсаш Кадыровна кхаьчча", - кхин дIа дийцира эксперто.

Цунна хетарехь, шолгIа игрок ву вице-премьер, оьрсийн гIишлошйаран бизнесан лоббист Хуснуллин Марат: "Гуш ду, иза вуьсуш ву гIала меттахIоттон, ткъа кадыровхоша шайн репрессеш лелор йу".

Преображенскийн дешнашца, гIезалойн а, нохчийн а элиташа тоххара йукъарлонаш лелийна оцу кепарчу схемица аннекси йинчу ГIирмехь, цигахь бизнесаш "схьайохуш" белхаш бора цара.

Пропаганда а, долуш дерг а

Соьлжа-ГIалин а, Мариуполан а "доттагIаллехь" оьрсийн Iедалхошкара пропагандистийн мессендж йу, тидам бо "Одеесан политикан платформа" медиацентран аналитико Христензен Юрийс.

"Оьрсийчоьнан аудиторина лерина нарратив йу хIара: "Оха Соьлжа-ГIала террорхой цIанйина, йуха денйина и – хьовсал, мел хаза гIала ю". Мариупольна тIедоьгIна ду и. Оцу йукъанна гIала меттахIотторца бала бац цхьаьннан а, ахча декъарца бен. Юьйцург йу йеккъа медийн повестка", - дуьйцу Христензена.

Аналитико хьоьху, идеологин нарративаш а, цуьнгара хинйолу йал кадыровхошна дIалур йолу, оккупаци йина Мариуполь билггал меттахIоттор а къастон деза аьлла.

Мариуполь Кадыровн а, цуьнан командин а куьйгкIел хир йу формалехь а доцуш

"Дера хIета цунах лаьцна пропагандо дуьйцур дац, амма Оьрсийчоьнан реалешца "сира" зона нисйеллачу территори тIехь ницкъ оьшу, репрессеш лелон, бахамна тIехь терго латтон, шайна йогIург схьа а оьцуш. 2014-чу шарера схьа дуьйна Донецкехь и лелош ФСБ йара, Луганскехь – ГРУ. Цундела, хетарехь, Кадыровн а, цуьнан командин а куьйгакIел йуьсур йу Мариуполь формалехь а доцуш", - дерзийра спикеро.

Кадыровна официалехь а доцуш Мариуполь дIайаларехь символизм йац, йуьйцурш йу экономикан интересаш, тешна ву украинхойн "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхо, политолог Савва Михаил.

"Цкъа дIахьедина а ца Iа, сих-сиха тIе а чIагIдо, Кадыровна Донецкан кIошт кхаьчна Нохчийчоь экономикехь шорйан регион санна. Ша республика Кадыровн а, цуьнан гонна а жимо йу, ресурсашка диллича, Украинана дуьхьал йаьккхинчу агрессино таро йелла и проблема йерзон", - билгалдоккху къамелахочо.

Цуьнца цхьаьна, аьлла хета Саввина, кадыровхойх пайдаоьцур бу, бухахь бисинчу Мариуполян бахархошна дуьхьал репрессеш лелон ницкъ санна. Оцу Iалашонна хийцамаш тIеэцна низамашкахь, цара маьрша вуьту, Оьрсийчоьнан интересашкахь оккупаци йинчу дозанаш тIехь зуламаш лелийнарг.

Зуламаш къайладахьа

Охьа аьттачу Соьлжа-ГIалина а, Мариупольна а йуккъерчу цхьаьнадарех дуьйцу нохчийн бакъоларйархочо Гашаева Зайнапа а. 1990-чу шерашкахь кхечу жигархошца цхьаьна видеош йохура цо тIемаша йитинчу тIаьхьенех а, федералан эскарша махкахь лелочу зуламех а.

"Соьлжа-ГIалина а, Мариупольна а тохарш дина Оьрсийчоьнан эскарша. Тхан гIалина чуьрабевлла бомбанаш йеттара, тIаьхьенан ойла а ца йеш. 2000-чу шерийн йуьххьехь кхуза веара Путин, цецваьлера иза оццул мохк хIаллакбарх, оцу йукъанна иза кхеташ вацара, иза динарг ша вуйла", - дагалоьцу Гашаева.

Мариуполь, гIадужу-беттан 29-гIа, 2022 шо
Мариуполь, гIадужу-беттан 29-гIа, 2022 шо

Бакъоларйархочо тергам бо Соьлжа-ГIалахь цхьа а гIишло йисина цахилар, тIом дагабоуьйту. Бомбанийн лараш йайина Iедалхоша, федералаша цигахь тIеман зуламаш лелийна хиларх цхьа а тоьшалла ца дитархьама.

"Изза дан хьийзаш хила тарло Мариуполехь а. Амма адамаша шайн иэсехь латтон деза тIамах бакъдерг, оьрсийн пропаганде истори йуха ца йазйайта", - дерзийра цо.

  • Спецназ "Ахмат" Бахмутан агIор дехьайаккхарх дIакхайкхийра Нохчийчоьнан Iедалхоша, цул а хьалха ЧВК "Вагнеран" йолахой бара цигахь. Bloomberg ресурсан хьасташа дийцинера, Украинана дуьхьал болчу тIамехь кадыровхойн терахь алсамдаккха хьийза оьрсийн буьйралла аьлла. ЧВК цигара арайаьллачул тIаьхьа цигахь хилла есалла дIайуза дагахь хиллера уьш.
  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказера векал Чайка Юрий Нохчийчу веара, Кадыров Рамзанна Кремлера баркаллин кехат дохьуш. Цул а ши де хьалха Путин Владимира шен куьйга Сийлаллин орден йелира цуьнан нанна Айманина. Товбеца-баттахь "Даймахкана хьалха декхарш кхочушдарна" орден йелира 26 долчу Кадыровн вешин кIантана Хьамзатана, ткъа стигалкъекъа-баттахь политикан хIусамнанна Меднина "Нана-турпалхо" мидал йелира. Политологашна хетарехь, сил чIогIа Путин Кадыровна муьтIахь хиларо гойту, Москвана шен куьйгакIел берш Iаламат чIогIа ошуш хилар. Оцу йукъанна Нохчийчоьнан урхалхочунна оцу кепара "йукъарло лелор" дахаран а, Iожаллин а хаттар санна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG