ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин делла думан депутатана Делимханов Адамна


Делимханов Адам ву Нохчийн республикан къаьмнийн Дуьненаюкъарчу цхьанакхетарехь вистхуьлуш
Делимханов Адам ву Нохчийн республикан къаьмнийн Дуьненаюкъарчу цхьанакхетарехь вистхуьлуш

Президента Путин Владимира пачхьалкхан думан депутатана Делимханов Адамна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин кхачош тIедилларна кIел куьйг яздина. И кехат бакъонийн хаамийн сайтехь арахецна ду.

СовгIат даларан бахьана "леринчу тIеман операцехь гайтина йолу стогалла а, турпалалла" ду, дуьйцу кехатехь.

ТIеман тийсадаларш доьлхуче Делимханов Зазадоккху-бутт болалуш вахара – кхечарал сих-сиха Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналера видеош тIехь гучуволура иза. Оцу хаамашца а догIуш, нохчийн керла эскархой Украинехь тIелацарна а, салтешна совгIаташ кхийдорна а, церан гIуллакхашдар кечдарна жоьпаллехь ву иза. Оьрсийн эскархошлахь баккхий эшамаш хила кхерам латтарна Путина "Азовсталь" заводана тIелатар сацадайтича, Делимханов вара Охан-беттан 21-хь Мариуполь ерриг дIацIанйина аьлла, дIахьедар динарг.

Оппозицин политик Немцов Борис а, Кадыров Рамзанна йиллина дуьхьало йина хилла волу ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобан буьйранча Байсаров Мовлади верца лач некъашца воьзна лоруш ву Делимханов Адам. ЯмадаевгIеран вежарий байъарна Интерполо Делимханов лехамашка веллера. Депутатна дуьхьала таллам болор доьхура массарна а хезаш, журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахо хилла волу Янгулбаев Сайдин доьзалан "коьртеш дохур ду" бохуш дош даларна а. Делимханов иштта вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, йа Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна кхерамаш тийсарца. Дахначу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира.

Дахначу шеран хаамашца, Делимхановс йолан декларации йовзийтира 5,7 млн соьманна, 14 бIеметр долчу латта тIехь 250 метар йолчу хIусамна а. Делимхановс кхиош пхиъ доьзалхо ву, официалехь зуда ялийна вац иза. Амма 2021-чу шеран чакхенгахь Кадыровс гергарлонийн зIенаш а ца лечкъош шен гIоьнча хIоттийра депутатан зуда Делимханова Разита. Эксперташна хета, нохчийн депутатан хьолах лаьцна официалан хаамаш "масийттаза лахбина бу", аьлла.

  • Делимханов Украинерчу тIаме вахна Оьрсийчоьнан Турпалхочун чин шена даларе сатуьйсуш хиларна, элира хьалхо Кавказ.Реалиига оппозицин блогера Халитов Хьасана.
  • Тешаш бахарехь, кадыровхойн эскарша Украинехь баккъала лелориг иза меттигера бахархой кхерамехь латтор а, цаьрга нуьцкъаха видеош яхийтар а ду. Шортта кеп гайтаран материалаш яхарна кадыровхойх "тик-ток эскархой" аьлла – хьалхо эксперташна хиира, тIом беш бу бохуш яьхна ерриг видеош оьрсийн дозанна уггар йистехь йолчу Мариуполан цхьана кIоштехь яьхна хилар. Цара бахарехь, кадыровхоша "тIемаш деш" йолчу локацешна юккъехь йолу меттиг цхьа километрал сов ца йолу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG