ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пятигорскерчу СИЗО-хь шайна латтийначу хьелех дийцина "ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкейечу Саутиева Зарифас


Саутиева Зарифа
Саутиева Зарифа

Шинарин дийнахь, Ессентукехь йоьдучу кхелехь тIаьххьарчу дашца йистхуьлучу Саутиева Зарифас аьлла, Пятигорскерчу СИЗО-хь латтош болу зударий ирча хьелашкахь бу аьлла. Саутиевас дийцина, 2019-чу шеран Товбеца-баттахь чохь довха хи а, шелиг а доцчу 28 квадратан метр йолчу камера чохь латтийра ша 12 стагаца цхьаьна, нормативашкахь цхьанна 4 квадратан метр йогIушшехь. Цул тIаьхьа дакхош жима бер долчу зудчуьнца цхьаьна камера чохь дIатарйира иза.

"Иштта камераш чохь хьелаш гIоле хила деза – цигахь бедарш юьтту автомат а, бедарш якъориг а, иту хьакха стол а, маьнга а, куз а хила беза. Ткъа со цу чу кхаьчча, цигахь хилларг – оцу берана тIехула лела чхьаьвригийн гIера", - Саутиеван дешнаш далийна "Кавказский узел" гIирсо (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина ресурс, "Кавказский узел" цунна реза ца хилла. – Редакцин билгалдаккхар.). КIоштарчу омбудсменца цхьаьнакхетча, шеца чохь йолчу зудчунна эвсара хьелаш хIиттаде аьлла, тIедожийра ша, боху Саутиевас. Масех де даьлча оцу зудчуьнга аьлла хиллера, хьайна мел оьшург айхьа эца – СИЗО-н куьйгалло "могуьйтур ду" уьш камера чохь дIахIиттон.

Саутиева латтийначу кхозлагIчу камера чохь шийла хи а, чхьаьвригаш а, мукадехкий а хиллера. Цуьнца цхьаьна болчу зударша дийцинера, камера чуьра хьелашна шаьш латкъам бича, хи дохден гIирс дIабаьккхинера шайгара, цуьнан нуьцкъалла магийначул а жимма сов ю аьлла, бахьана а хIоттийна.

Саутиевас билгалдоккху, СИЗО-хь латточу заманчохь юкъараллан тергамчийн комиссин (ОНК) цхьа векал СИЗО веана вац аьлла.

"Ставрополан кIоштахь ерриг а шиъ бен яц СИЗО, баттахь цкъа, йа шарахь цкъа цига баьхкина, цхьана а кепара проблемаш юй хьажа йиш йоцуш белахь, цара кхин хIун болх бо, кхеташ дац. Стенна оьшуш ю оцу тайпа юкъараллан тергамчийн комисси?", - хоьтту цо.

Шена буьллучу бехках лаьцна дукха ца дийцира Саутиевас тIаьххьарчу йистхиларехь. Цо бахарехь, бехкаш дохкучийн кхин ала хIума ца хиллехь, ша цунах дийца гIерта а ца оьшу элира цо.

Амма дийцира цо, ницкъхоша шена кхерамаш тийсарх.

"Церан къамелехь гуш дара кхеле ларам боцийла. Цара олура: "Кхелах дегайовхо ма латтайе, хьо цхьаммо а бехказа йоккхур яц, суьдхой тхан куьйгакIел бу, шайга аьлларг кхочушдо цара даим а". Со цунах ца тешара, абсурде хетара суна иза. Стенна йийр ю суна кхел? ХIетахь а хаьара суна, хIинца а тешна ю со – низамашна духьал ас хIуммаъ а дина дац", - дIахьедина Саутиева Зарифас.

ГIалгIайн протестан лидерш бехкебо, Магасехь 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьал болчара хIоттийначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна а, экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна а.

Прокуроро доьху кхеле, бехкебечарна набахтехь даккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш тоха аьлла.

Саутиева Зарифа йоцург а, шинарин дийнахь кхелехь тIаьххьара дош эира Хаутиев Багаудина а, Нальгиев Исмаила а, Барахоев Ахьмада а, Мальсагов Мусас а. Бехкебечаьрца волу Чемурзиев Барах а, Ужахов Мальсаг а вистхир ву кхеташонехь ГIуран-беттан 6-чу дийнахь. Кхеле хIиттийначу массара а бехкаш тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG