ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молханийн дикалла шеконе ю Нохчийчохь


Белорусси
Белорусси

Молханах дIовш даьлла шина беран 3-4 шераш ду. Дарбан хIусаме кхачийна и шиъ. ХIинца церан могашаллана кхерам бац, аьлла хета лоьрашна, шайн хенна шайна уьш тIекхачорна. Жимма хьем бинехьара тIаьхьалонаш чолхе хира яра, аьлла хета царна.

«Глицин» молх коьрте садоIуьйту, наб дика кхоьтуьйтуш молх ду. Шина бера ненан тIера бIаьрг баьлча мелла аьлла дуьйцуш ду Прокуратуро. Цигахь и гIуллакх шайн тидаме лаьцна. Схьахетарехь, нанна гIуда тоха мега. ХIинца а толлуш ду шина бера мелла молх: цуьнан дикалла, иза мичара эцна а. Нагахь санна цуьнан дикалла низамо хIоттийначу шен барамехь яцахь, доьхкинчу аптекана а, цуьнан долахочунна а бале дала тарло.

Нохчийчохь аптекийн бизнес уггаре а яьржинчарех ю. Ког баьккхинчохь ю молханаш духку туьканаш, тайп-тайпана мехаш а долуш. Нийсло цхьана молхан механ йоккха башхалла йолуш а. Фармацевташ шаьш бахарехь харц дина молханаш а ду махкахь. Цундела, молх эцар- леррина дан дезаш хIума ду, аьлла Маршо радиога дийцира ша а фармацевт йолчу Амаева Аминас.

Амаева: «Вайнехан хIун Iедал ду: оцу аптекехь дорах ду иза олий схьаоьцу молх. Ас, сайн гергарчарга а олу, мич-миччара а ма эцахьара аш олий. Ас оьцучу хенахь «Медтехфарм» а, «Грозфармера» а оьцу. Цара муха схьаоьцуш ду а, уьш муха хуьлу а хаа суна».

Дагестанера а, кхечу регионашкара а чудахьаш ду Нохчийчу молханаш. Тамашина дерг ду, цигахь иза дорах хилар. И хIума толлуш а дац. Бакъду 7 шо хьалха Гуьмсехь 2 дарбан хIусаман кертахь схьайиллира молханаш талларан лаборатори. Иза, схьадийцарехь Оьрсийчоьнан Къилбехьа дуьххьара а яра. ХIетте а, Нохчийчохь мич-миччара а молх эца ваьхьийла дац аьлла, кхин дIа а дийцира фармацевта Амаева Аминас.

Амаева: «Дагестанера а, кхечу каналашкахула а чудахьаш ду молханаш. Уьш шадерш теллина вер вац. Плацебо олу молх хилч-м зенехь а дацара. Амма харц динчух зе долу. Аптекера мох схьа а оьций, иза дIа молу, оьцучу хенахь цуьнан сертификат а, кхиерг а хатта а ца хоттуш. Вайнехан, кхечеран санна ма даций и хIума».

Молх чу а деана, цул тIаьхь, цуьнан дикалла толлуш лелачул, хьалхе, чудахьачу хенахь талла мегара дацара и гIуллакх, аьлла хета Соьлж-гIалара яхархочун Тарамова Маликина. Цо иштта элира.

Тарамова: «Дукха а ма ей и комиссеш. Шайна лииъча, Iедало тIаьхьа а даьлла дIадохур дара харц дина молханаш. Цхьанна пайда бахьаш хIума ду и харц молханаш даржар».

Оьрсийчохь чолхе ду харц дина молханашца долу гIуллакх. «Росздравнадзора» даре до цхьа процент а дац уьш бохуш. Амма дозуш доцучу хьасташа бахарехь, и терахь 20 проценте кхочуш ду.

XS
SM
MD
LG