ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Раввинс шех нах нийса ца кхетта боху Кадыров Рамзане


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Гольдшмидт Пинхас Москохан раввин хилла Iаш вац, Европерчу жуьгтийн кхеташонан коьртехь а ву иза. Цундела, цо бусулбачех аьлларг, могIарерачу диндас аьлларг ца лору дукхачу наха. Иза емал деш, цхьа моггIа дIахьедарш дира Нохчийчура а, кхечу, бусулба наха бехачу меттигашкара а. Дагадоуьйту, масех де хьалха цо дIахьедар динера, кху дуьнен тIерачу террорхойх 99 процент бусулбанаш бу аьлла. Иштта цо лоруш ду, Европера жуьгтий бусулба террорхошна дуьхьал лаьттачарна юкъахь, хьалхара меттехь бу аьлла.

Цуьнан дIахьедаран дуьхьал буьрса къамел дина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьас. Цо, дагадаийта аьлла раввине 60 шарахь Палестинехь жуьгташа латториг.

Оршотдийнахь Гольдшмидт Пинхасан бехказа вала дезнера ша аьллачунна. Цу хьокъехь цо дIаяздина видеодIахьедар гIарадаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун инстаграмман агIонна тIехь. Шен дешнаш дийцинчу хIуманна юккъера маьIан хийцалучу агIор а дерзийна, схьаэцна ду боху цо. Ткъа, террорхойх а, бусулба нахах а аьлларг, доьзна дара, Iамеркера президент Трамп Дональда, мухIажарш тIе ца лаца арахецначу омарех.

«Суна халахета, айса олург кхоччуш къестамаш а ца беш, лар а луш ца аларна а. Иза халонга даьлла нахана. Ас, аьлларг Делахь тешачу нахана халонга даьллехь, къинтIера довлар доьху, со со а динда волун дела. Хьо кхетийла лаьа суна».

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, схьагарехь кхета а кхетта, Гольдшмидт Пинхаса бохург тIедитина. Цо, шена хаьа боху, хаамийн гIирсаша пачхьалкхехь хьал талхо лууш, политикера, я динан стагера цхьа дош а доккхий, иза хьалха тоьттуш хиларна. Цундела, Гольдшмидт Пинхаса аьллачунна кIелахь сиза хьакха деза пачхьалкхехь хьал талха а ца дойтуш дижо деза иза аьлла.

Политолога Эльсункаев Надирсолтан Гольдшмидт Пинхаса а, кхечара а, иштта ларамза олий, сел экаме хIуманех дIахьедарш дар чIогIа кхераме хIума ду аьлла хета. Маршо Радиога цу хьокъехь цо иштта элира.

Эльсункаев: «Оцу раввина аьлларг Оьрсийчоьнна чIогIа кхераме хIума ду. Цу юкъанна Кадыров Рамзана аьлларг нийса хета суна: «Ма талхаде хьал» бохург. Оцу тIехь иза нийса ву. Динан фактор схьа а лаьцна, Оьрсийчуьра хьал меттахдаккха аьлла хIума ду иза. Ца хууш аьлла а дац. Хаа а хууш, аьлла ду».

Иштта питане къамелаш деш берш совцур бу аьлла а ца хета политологан Эльсункаев Надирсолтан. Бусулба нахана аьлларг чIогIа халахетарца тIеоьцу Къилбаседа Кавказерчу къаьмнаша, цундела собаре хила беза нах, элира цо.

Эльсункаев: «Дуьнен тIехь цхьа а къам дац террористаш иштта зе дина, нохчашна санна. Цундела вай кхечу къаьмнашна цуьнах къамел дан йиша ю. Иза нахана дIакховдо а, дIаала а деза вай. Иза вайн коьрта Iалашо ю. Ваьш вай иркарахIиттадайта ца деза вай. Иштта шаьш ледайта а, иркархIиттадайта ца деза Къилбаседа Кавказера къаьмнаша а, гIезалоша а, Оьрсийчохь дехачу бусулба къаьмнаша а.

Гольдшмидт Пинхаса, бусулба нахах дина дIахьедар далале, масех де хьалха кхечу раввина Шмулевич Авраама а аьлла нохчех тамехь доцург. Фейсбукан шена агIонна тIехь, цо язйина нохчий санна, жуьгтий ца безаш болу антисемиташ Къилбаседа Кавказехь къам а дац аьлла.

XS
SM
MD
LG