ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Радикалан васт". Къилбаседа Кавказера вахархочо Францихь хьехархо вер а, диаспорина хетарг а


Франци, Аррас. Муниципалан школана тIелеттачохь бу полисхой. 2023- шо, гIадужу-беттан 13-гIа
Франци, Аррас. Муниципалан школана тIелеттачохь бу полисхой. 2023- шо, гIадужу-беттан 13-гIа

ГIадужу-беттан 13-чохь 20 шо долу Могушков Мохьаммад уьрсаца тIелеттера францхойн Аррас гIаларчу муниципалан школан кертахь масех стагана. Францхойн меттан хьехархо вийра цо, чевнаш йира кхин а кхаа стагана. Йуьхьанца Iедалхоша дIакхайкхийра, Могушков – Нохчийчоьнан вахархо ву аьлла, къаьсттина билгалдаьккхира, йуккъерчу школан хьехархо Пати Самюэль вийна рогIера шо кхочучу хенахь дина зулам ду аьлла. Парижана гена доццучохь нохчочо Анзоров IабдуллахIа корта баьккхинера Патин. ТIаьхьо къаьстира, Могушков ГIалгIайчохь вина хилар, ткъа Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, теракт дина Паленстинана а, Израильна а йукъахь конфликт марсайалар бахьана долуш.

Карарчу заманчохь пачхьалкхан Iедалхой лерина бу, экстремизман хьежамашца хета шайн махкара иттаннашкахь Оьрсийчуьра бахархой арабаха. Кавказ.Реалиин сайто хеттарш дира Францера нохчийн диаспорин векалшка а, политологашка а, Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахе йолу дог-ойла муха хир йу йукъараллин кхин дIа аьлла.

Цхьаалла дIагайта

Францхойн тайп-тайпанчу хьасташа хаамбора, Могушков 2003-чу шарахь ГIалгIайчохь вина ву бохуш. Шен йалх шо долуш деца-ненаца Франци веара иза, цигахь чекхйаьккхинера цо школа, цул тIаьхьа лицей а, иштта бокс йан Iемаш а вара. Церан доьзална депортаци йан гIоьртира Iедал, амма мухIажарийн гIуллакхаш луьстучу ассоциацеша, шайлахь Mrap, Cimade, RESF а йолуш, новкъарло йира уьш пачхьалкхера арабаха, йаздо шайн хьасташна тIетевжина Le Figaro гIирсо.

Могушков Мохьаммад
Могушков Мохьаммад

Францхойн паспорт ца делира Могушковна – тIаьххьара цо дина дехар дIатеттинера 2021-чу шарахь, апелляци чуйелча, йуха а дуьхьало йира цунна, хаамбо шайн хьасташна тIетевжина BFMTV телеканало. Делахь а жимчу стагана депортаци йойла дацара – шайн 13 шо кхачале пачхьалкха баьхкина нах ларбеш хуьлу.

Пачхьалкхан паспорт дала дуьхьалойаран бахьанаш официалехь хууш дац, делахь а, царех цхьаъ хила тарло – тIелеттачун радикалан исламисташца зIе хилар. 2019-чу шарахь, Елисейн шахьарна кечдина тIелатар йукъахдаьккхира, полицино лецира Мохьаммадан воккхаха волу ваша Могушков Мовсар, йаздо Le Figaro газето. Кхечу информацица, "Исламан пачхьалкхан" агIончаш тIелата кечбелла хиллера меттигерчу полисхошна. Мовсарна таIзар дира – теаркт йан Iалашо хиларна а, терроризм къобалйарна а цунна набахтехь даккха пхи шо кхайкхийра, хан токхуш ву иза тахана.

Цул а шо хьалха, 2018-чу шарахь, Фрацира депортаци йира МогушковгIеран вежарийн дена, Шема а вахна, "Исламан пачхьалкхан" могIаршкахь тIом бан дагахь хиларна (цуьнан цIе йоккхуш йац). BFMTV телеканалан корреспонденташна МогушковгIеран лулахоша дийцарехь, кегий болуш дуьйна дас гIело латтийна ду и бераш.

"Цхьана дийнахь, уьш кегий болчу хенахь, цIеш туьйсуьйтуш, дас летийтира кхо кIант", - дIахьедира иттех шарахь МогушковгIар бевзачу Лоренс цIе йолчу лулахочо

ТIелатале хьалха Могушковс къамел дина хиллера чохь валлочу шен вешица Мовсарца

Цуьнан дешнашца, иза ша теш хилла йу, дас шен хIусамнанна ламеш тIехь йиттина, ма хьийзайе и зуда аьлла, шега дIахьедича, шен хIусамнана коьртана телхина йу, цо ша шена йетта аьллера цо. Ша пачхьалкхера араваьккхича Гуьржийчохь дIатарвеллера Могушков, цигахь а карийра иза, амма доьзалехь ницкъбар сецна дацара. Лулахочо Лоренса дийцарехь, 2022-чу шарахь Мохьаммадан нанас дийцинера цуьнга, шена тоха а тоьхна, деа сахьтехь лаьтта тIехь ламазаш дайтинера цо шега, мархин баттахь суьйранна хIума а ца йоуьйтуш бохуш. Официалехь оцу меттигерчу йахархочун дешнашна тоьшаллаш дац.

Могушков Мохьаммад "шийла, хьал-де хаттар доцуш хилар" доьзал бевзаш хиллачара дузу, доьзалера хьал телхина хиларца. Эххар а "S тептаре" ваьккхира жимстаг радикалан дин лелош ву аьлла – къайлахчу сервисийн тергонехь вара иза, цара ладоьгIура цо телефонехула дечу къамелашка, чохь а камераш хIиттийнера, йаздо Le Figaro гIирсо.

"Потенциал йевзаш, амма ша дийриг цIеххьана дийр долу радикал дагатосу [цуьнан] васто", - дуьйцу Могушковх лаьцна газетан хьасто.

Цабевзачийн тIеIаткъам

Кхечу наха Iаткъам бина, карзахваьккхина хила тарлора 20 шо долу Могушков аьлла хета хIинца Францин полицина. Хилларг хиллачул тIаьхьа мел кIезиг а итт стаг лаьцна, ву царлахь цуьнан ши ваша а, нана а, йиша а, иштта, хетарехь Беларусера волу, кхин ши стаг а. ТIелатале де хьалха цаьрца зIенехь хиллера тIелеттарг.

Францин президент Эммануэль Макрон веана Аррасера школан хьехархошна тIелатар динче. 2023 шо, гIадужу-беттан 13-гIа де
Францин президент Эммануэль Макрон веана Аррасера школан хьехархошна тIелатар динче. 2023 шо, гIадужу-беттан 13-гIа де

ГIадужу-беттан 15-чохь BFMTV канало хаамбира, Беларусера ши вахархо лаьцначуьра дIахецна аьлла. Оцу йукъанна суьйранна цу дийнахь полицино кхин а нах лийцира – мила ву церан шеконашкахь, хууш дац. Лаьцначех цхьаннан, 32 шо долчу С.Максиман цIе йаьккхина. 2022-чу шарахь теракт кечйеш хилла аьллачу гIуллакхехула Мулен-Изер набахте хьажийна вара иза. Полицина хетарехь, цо Iаткъам бина хила тарло Могушков Мохьаммадна, цуьнца телефонехула зIене а вуьйлуш. Оцу стагах лаьцна кхин совнах хаамаш, иза стенгара ву а цхьана, буьйцуш бац.

Ницкъахошна иштта къаьстина, школана тIелатар дале де хьалха Могушковс набахтехь волчу шен вешица Мовсарца къамел дина хилар а. Амма тIелеттарг а, цуьнан ваша а дуьхьал ву полицица йукъахь болх бан, хеттаршна жоьпаш дала а.

Къобалйазчу Ичкерин Францера консуло Албаков Шемала Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь хаттар айдира, Мохьаммад шайн тергонехь латтош хиллашехь, цуьнан Iалашонех дерг къайлахчу сервисашна хIунда ца хиъна аьлла.

"ТIелатале хьалха шен Iалашонех дийцина ца хилла цо, йа полицина дош ца хетта цо дуьйцург? Хьехархо Пати вийна рогIера шо кхачарца дузу цхьаболчара дина зулам, амма бахьана къаьсташ дац кхузахь. ТIелеттарг кхетамчохь ца хилла хила а тарло, йа цомгаш", - элира Албаковс.

Полицера хьастана тIетевжина, BFMTV телеканало хаамбо, тIаьххьарчу деношкахь Могушковс телефонехула динчу къамелашца цуьнан Iалашонех хIуммаъ а туса ца делира аьлла.

Низамаш чIагIдар?

ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера Гамбетта-Карно олучу йуккъерчу школе веара Могушков. Масех шо хьалха цо ша а дешнера оцу школехь. Урс даьккхина тIелеттера жимстаг школан белхахошна "АллахIу Акбар" бохуш, мохь а бетташ. Могушковс вийра францхойн меттан хьехархо, уьрсан чевнаш йира кхин а кхаа стагана. Дийцарехь, царех цхьаъ физкультурин хьехархо ву, цунна йуьхьа тIе а, букъа тIе а урс диттина, ткъа школан техкникан сервисан белхахочунна – некхах чевнаш йина. Чолхечу хьолехь иза ву бохура, карарчу хенахь дикка гIоле йу цунна, хаамбо зорбанаша.

Вийнарг ву 57 шо долу францхойн меттан хьехархо Бернар Доминик. Цунах гергарчаьрга кадам бечу президенто Макрон Эммануэла билгалдаьккхира, тIелеттачунна дуьхьал нисвеллачо "дуккхаъ нах байъучуьра кIелхьара баьхна" аьлла.

Францин ультрааьттун националистийн "Национальный фронт" партин векалш хеттаршка буьйлу, махкалла доцу, гергара нах теракташ кечйарна шеконехь болу стаг йеххачу заманчохь шайн пачхьалкхехь муха ваьхна бохуш. Депутаташа хьехна чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Дарманен Жеральдана, ""Аррасера терактна тIехьа лаьттачу, пачхьалкхан потенциале эшамех" парламентехь шайга дIахаийта аьлла.

Цул тIаьхьа маса францхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, радикалан динехьа ву аьлла, "S тептар" йукъара кхузткъа гергга стаг шайн пачхьалкхера араваккха президентера пурба кхаьчна шайга аьлла. Бу царлахь нохчий а, кхинболу кавказхой а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманена бахарехь, Iедало кест-кеста депортаци йо "къаьсттина кхераме болчу" нахана.

Шен резонансе дIахьедаршца дика вевзачу Парижан йистера имамо Чалгуми Хьассана кхайкхамбина Iедалхошка, Францин бахархой боцу боллу нах пачхьалкхера арабаха аьлла: "Къинхетам боцуш, массо а! Вайна дала церан дац, царна дан вайн а ма хилийта хIуммаъ. Нийсса ах вайн хьехархой цара байъалц садетта деза вай? Вайн хиндерг дохк йолуш ду. Республика цаьрга къарлур йоций дIахаийта деза вай".

Цхьана стагера даьлларг ду, халкъера дац

"Хроника Кавказа" подкат дIахьочу нохчийн историко Вачагаев Майрбека Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, францхойн бахархойн Могушковн зуламех йолчу реакцино цхьана а агIор Iаткъам бийр бац йа нохчийн а, йа Къилбаседа кавказан кхечу диспорашна а. Иза тешна ву, цхьана стага динчух хадош бу мах – бехкевийриг шен къоман цIарах хьалхаваьккхина вацара аьлла.

"Цхьаболу аналитикаш къастон хьийза, хилларг доьзна дуй-те кегийчу къаьмнийн, йа цхьана динах болчийн йукъараллех дIаэн ца лаарца. Кхета гIортар ду, и жимстаг вайн пачхьалкхехь вехаш, цо доьшучу хенахь, кхечу институташца йукъарло цо лелочу заманчохь, Францино цхьа ледарло шегара йалийтиний-те бохуш", - кхетадо спикеро.

Бехкамаш йа дозанаш деттар долор дац Францино – низамо магош дац и

Вачагаевс тидам бо, францхойн телехьожийлера дукхахболчу комментаторша интернето Iаткъам бина хилла, цо кегийрхой къовлу доьзалх а, гонах болчех а бохуш дуьйцуш хиларх.

"Дин лелорехь цхьана а кепара новкъарло йац Францехь бехачу бусалбанашна – пачхьалкхехь эзарнаш маьждигаш ду, ткъа 10 процент гергга бу пачхьалкхехь бусалбанаш. Негатив йац оцу нахе. Амма къона францхойн бусалбанаша дешна хила тарло интернетехь, шайн бусалба вежарий хьийзош бу кхечу мехкашкахь аьлла. Амма цунна реакци йо, шайн лулахошна тIелетарш деш, и нах хьийзочарна бекхам ца бо", - дуьйцу историко.

Хьалхо цунах лаьцна элира министро Дарманена а – цо дIахьедира, "Гергарчу Малхбалехь долчунна" а, Аррасера школехь динчу тIелатарна а йукъахь зIе йу аьлла. Бакъду, кIорггера и шен верси ца йаьстира цо.

ХIокху тIелатаран тIаьхьенах дуьйцуш, Вачагаевс боху: Къилбаседа Кавказера бахархоша тховкIело йоьхучу заманчохь церан дехар дикка талла деза Францин миграцин хьукматаша. Оцу йукъанна,цхьана а кепара официалехь бехкамаш йа дозанаш деттар дац пачхьалкхан Iедалхоша – низамо магош дац и.

Диаспоро йемалдина стаг вер

Аррасехь хиллачо нохчийн диаспоре ксенофоби йа гамо гIаттор йу аьлла ца хета ишта Европера нохчийн Ассамблейн векална Дадуев Iийсанна а.

"Кхузахь доьзна ду, оцу тIелатарх лаьцна зорбанан гIирсаша йаздарца. Оцу кепара тайп-тайпана векалш йукъахь болуш зуламаш муьлхха а пачхьалкхехь хуьлуш ду", - элира цо.

Йукъараллехь къаьстина цхьа кхетам бу, цхьа стаг а, доллу къам а цхьаьнатоха мегар дац аьлла, тешна ву Ичкерин Францера консул Албаков Шемал.

"Дуьххьара хаамийн гIирсаша нохчо ву иза бохуш, билгалвоккхура, амма журналисташца тхан къамел хиллачул тIаьхьа, Могушков схьаваьллачу меттигах лаьцна ма-дарра йаздора. Шайн кIант нохчо ву аьлла, дас-нанас дIайазвайтина а хила тарло, хIунда аьлча, махкахь боьдуш тIом хиларна тховкIело йала шанс йуьтура цо, амма цуьнан фамилино а, иза винчу меттиго а гучудоккху иза нохчо цахилар", - бохура спикеро.

Аррасехь хьехархо вуьйш гинарш. 2023 шо, гIадужу-беттан 13-гIа де
Аррасехь хьехархо вуьйш гинарш. 2023 шо, гIадужу-беттан 13-гIа де

Албаков Шемала а боху, Францера бусалбанийн парггIат дин лело йиш йу, оцу пачхьалкхехь цуьнца доьзна девнаш дац. Диаспорин векалша цхьабоса йемалдира стаг вер, францхойн йукъараллица шаьш хилар дIа а хаийтира.

"Тхо, нохчийн диаспора, кхузахь нисделла тхан махкахь Москвано болийна ши тIом бахьана долуш. Оха кхайкхамбо кегийрхошка, вайн хьолах кхеташ боцчу нахана гергахь ма хила. Кхечу бусалба йукъараллашкара кегийчу нехан дуьнене хьежам кхечу кепара бу, царна ца хаьа, тхан халкъаца хилларг, хуьлуш дерг, тхан ламасташ ца девза царна, хийрачу иделогина тIеийзон тарло цара", - дерзийра къамелдечо.

2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь вийра Парижана йистехь историн хьехархо Пати Самюэль. Ша веле хьалха дешархошца дешан маршонах дуьйцучу цо, Charlie Hebdo журнало Мохьаммад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтинера. Ша къамел доладалале хьалха цо аьлла хиллера, классера бусалба бераш арадовла мегар ду, нагахь санна, и карикатураш шайна товш йацахь аьлла. Нохчийчуьра вахархочунна Анзоров IабдуллахIана Пати вевзаш ца хиллера, амма цунна гинера цунна луьйш дIайазйина видео. Хьехархочо болх бечу колледжана улло а веана, иза аравала ларвина, цунна лечу метте урс тоьхнера цо. Анзоровна герз туьйхира францхойн полисхоша, иза лоцучу заманчохь. Нохчийчохь дIавоьллина ву иза.

  • Пати Самюэль верца йоьзна резонанс гIаьттича Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "терроран иркархIотториг" ву аьллера Макрон, цо дешан маршо къобалъярна, иштта тIетоьхна цо, "оцу тайпа реакцин тIаьхьалонаш бохаме хила мега" аьлла. "Массо бусулбачу нехан мостагI" аьлла францхойн президентах Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа. 2021-чу шеран гезгмашин-баттахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Анзоров "джихIадехь велла" аьлла.
  • Дайначу шарахь францхойн Ниццехь политикан тховкIело йоьхуш хилла волу Нохчийчуьрчу вахархо Абуев Iабдул-Къадир терроризмана пропаганда йарна бехке а лаьрра, набахтехь даккха шо хан тоьхна, Францехь вахар дихкина цунна. Абуевс инстаграмехь дина арахецарш хилла кхелехь материалаш, цуьнан агIонна тIевазвелла I8 эзар стаг вара.
  • Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртичхьана цхьацца формале бахьанашца даймахка дIахьийсабо нохчий европахойн Iедалхоша. Цигахь царна байа, тIехь Iазап хьегон кхерам лаьтта. Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, Украинехь ваьхна ву иза. Иштта цо къобалйеш хилла Ичкерин агIончех вовшахтоьхна лаамхойн батальонаш а.
  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG