ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маьрша Европа/Маршо Радио" медиакорпорацин президент Кент Том: "Оьрсийчоьнан Iедало новкъарло йо тхан балханна"


Еарийдийнахь Москох Тверан кIоштан кхело 100 эзар сом гIуда тоьхна "Маьрша Европа/Маршо Радиона" Оьрсийчоьнан юстицин министраллан сацамна тIекарло еш – "арахьарчу агентан хьесапехь болх бечу Iедалх йоцчу организацино Iедалан урхаллашка финансех йолу информаци цаяларна" (Оьрсийчоьнан административан бакъонаш талхорах йолчу кодексан 19.7.5-2 артикл).

Кхело сацамбечу юкъанна, "Маьрша Европа/Маршо Радион" юристо довзийтина ма-хиллара, корпорацин аьтто бацара дуьйцу документаш тIедожийначу хенахь чудала – дуккхаза а дехарх, Оьрсийчоьнан юстицин министралло ца гайтира, муьлхачу кепехь кечдан деза уьш, цу тIе, документаш чудала низамо елла хан тIехъяьлча бен а ца йовзийтира церан хила еза кеп. Кхело бина сацам низамашца бустаран варианташ зуьйш ю медиакорпорацин куьйгалла.

"Маьрша Европа/Маршо Радион " президентна Кент Томна гарехь, "Хаамийн гIирсех – арахьарчу мехкийн агентех" долу низам медиакорпорацина духьалдаккхаро кхерамна кIелбуьгу цуьнан Москохарчу декъан белхахой а, оцу декъан болх а. "Маьрша Европа/Маршо Радиона " дуьхьал кхел яккхар – иза Оьрсийчоьнан Iедало медиакорпорацин балханна новкъарло ярхьама, цуьнан журналисташ бехкала эгорхьама йохучу гIулчех керланиг ю, аьлла хета Кентна.

"Маьрша Европа/Маршо Радион" президент тешна ву стохка ГIуран-баттахь арахецна "Хаамийн гIирсех – арахьарчу мехкийн агентех" низаман шенна къастийна Iалашо хиларх : "Оьрсийчохь болхбечу кхечу мехкашкарчу хаамийн гIирсех "арахьарчу мехкийн агентийн" статусе баьхнарш бу беккъа цхьа Iаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессо гранташ латтораш. Уьш ю, я раж а йоцуш, я цара вайга хIун доьху а ца кхетачу низамо тидаме эцнарш. Гарехь, и низам кхоьллина тхуна, деккъа тхуна, новкъарло ярхьама. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн низамаша гаранти ло тхан корпорацина цхьаннах а йозуш ца хила. Харц ду "Маьрша Европа/Маршо Радио" цхьана Iедалан агент ю аьлла хIоттош долу муьлхха а хьесап. Оцу хьесапаша хIинцале а бина шайн тIеIаткъам оха Оьрсийчохь бечу балханна, кхерам бохьу Оьрсийчуьрчу тхан белхахошна", - боху Кент Тома.

"Маьрша Европа/Маршо Радион" (RFE/RL) медиакорпорацин президент Кент Том
"Маьрша Европа/Маршо Радион" (RFE/RL) медиакорпорацин президент Кент Том

ТIаьххьарчу шера чохь Оьрсийчоьнан официалан векалша а, Кремлх бозучу хаамийн гIирсаша а бехкейо "Маьрша Европа/Маршо Радио" а, "Iамеркан Аз" а медиакорпорацеш пачхьалкхан политикан система йохо гIерта бохуш. Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмерчу корреспондентна Семена Николайна 2017-чу шеран Гезгмашин-баттахь арахь яккха хан тоьхна "сепаратизме кхайкхарна". Кхин а цхьа корпорацин штатехьвоцу корреспондент, Асеев Станислав, шарахь гергга лаьцна латтош ву, шпион ву аьлла, Украинан малхбалерчу сепаратисташа. Стохка аьхка тIелатар дира редакцин декхар кхочушдан бахначу корреспонденташна Краснодаран махкахь. 2018-чу шеран Мангал-баттахь Оьрсийчоьнан векалша "Маьрша Европа/Маршо Радио" декхарейира шен сайтех йолчу цхьанна тIера Нохчийчоьнан полицино ша лецначу наханна таIзарш дарх лаьцна язйина ши артикл дIаяккха.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Russia Today телеканална болх бан дуьтучу хьелех терра хьелаш "Маьрша Европа/Маршо Радиона" Оьрсийчоьно а кхачийча нийса хир дара, аьлла хета корпорацин куьйгаллана.

​Оьрсийчоьно "Маьрша Европа/Маршо Радион" балханна дуьхьалонаш еш нисделла хьалха а. 2000-гIачу шерийн юьххьехь "Маьрша Европа/Маршо Радион" регионашкара радиостанцеш бехкейира гIишлош чохь цIеяларна болчу кхерамна дуьхьалонаш цаярна а, финансийн низам дохорна а. Иштта йохийра 35 радиостанцех лаьттина партнерийн юкъаралла. 2012-чу шарахь дуьйна яц Маршо Радион Оьрсийчоьнан территори тIехь эфир яржо бакъо.

Iамеркан низамхоша Russia Today телеканале "арахьарчу агентийн" могIара язло аларна еш "адекватан дуьхьало" ю "Хаамийн гIирсех – арахьарчу мехкийн агентех" долу низам юкъадаккхар, дуккхазза баьхна Оьрсийчоьнан векалша. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Russia Today телеканална болх бан дуьтучу хьелех терра хьелаш "Маьрша Европа/Маршо Радиона" Оьрсийчоьно а кхачийча нийса хир дара, аьлла хета корпорацин куьйгаллана. Ерриг а Штаташкахула дийнахь а, буса а телашца лела телехьожийлаш ю Russia Todey-н болх беш – ткъа Оьрсийчохь кхечу пачхьалкхийн телевизионийн яц юьззина бакъо телашкахула, эфирехула лела теле-, радиохьостанаш схьаелла.

"Iамеркан Аз", "Маьрша Европа/Маршо Радио", Маршо Радион оьрсийн сервисан медиапроекташ "Фактограф" ,"Сибирь.Реалии", телеканал "Карара Хан", ГIезалойн-башкирийн Маршо Радион сервис (AzatliqRadiosi), медиапроекташ "Idel.Реалии", "Кавказ.Реалии", "Крым.Реалии" ю "арахьарчу агентийн" статусе яьхначу Юстицин министраллан тептарахь.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо латточу гранташца еха кеп-кепарчу платформашкахула (интернет, радио, телегойтийла, видео) 23 Малхбузерчу а, Къилба-Малхбалерчу а Европан, Кавказан, Юккъерчу Азин, Гергарчу Малхбаленан мехкашкахь 25 маттахь шен информаци яржайо коммерцица йоьзна йоцчу "Маьрша Европа/Маршо Радионо". Оьрсийн маттахь Маршо Радионо шен болх болийра 1953 шарахь. Iамеркарчу Iедалхойн бакъо яц редакцин политикаца доьзначу гIуллакхашна юкъагIерта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG