ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров хеставайша массара а!


Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша тIеман аренашкахь гайтина «хьуьнарш» дийца даьхча, бела бахьана долу нахана, яздо "Кавказ.Реалиино"

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира хастийна Нохчийчоьнан куьйгалхо. Ша хIора шарахь хIотточу «Йоккхачу пресс-конференцехь» цо дийцира, стенна елла Кадыров Рамзанна «Оьрсийчоьнан Турпалхо» цIе: «даьндаргашна кIел гIерта, сацалуш вац, мел IадIе аларх а».

Президентан багара и дешнаш довллушехь, хаийтира Кадыровс ша цуьнан дуьхьа муьлххачу а хенахь вуйла дерриг а дан кийча. Пресс-конференци йирзина а яцара цо шен телеграм-каналехула хаитича, «эшахь, ойла ца еш, дахар Оьрсийчоьнна а, вайн президентна Путин Владимирна а дIадала» ша а, шен накъостий а кийча хиларх. Буха яздира оццу пафосца: «Хьан гIашсалти Кадыров Рамзан».

Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацехь айдина дуьйцу Путина аьлларг, хаамбо махкарчу Iедална герга йолчу "Кавказ.Реалиин" хьостанаша. Путина ша а Кадыровна хастамбеш белахь, шайн гIуллакхаш дика хир ду, аьлла хета Нохчийчуьрчу хьаькамашна.

Кадыровгара дийлинчу «хьуьнарех» муьлхарш дара президента дуьйцурш? Оцу хаттарна жоп дала гIоьртина мехкан куьйгалхочун пресс-гIоьнча Керимов Iаьлви. Цунна хетарехь, 2014-чу шеран ГIуран-баттахь тIемалой мехкан парламентан цIенна тIелетча, оцу чохь бисина хилла нах арабахар хила тарло Путина дагалоьцург.

«Кадыров, парламентан кертах букъ а гIортийна, ша верна кхерам боллушехь, лаьттира дакъошна омранаш деш», - дуьйцу Керимовс. Цо бахарехь, «бIеннашкахь» хилла и тайпа операцеш.

Кадыровс ша а дуьйцу кест-кеста ша гайтинчу «майраллах» лоций. Дуьйцу куьйгалхочун оцу мехаллах цуьнан гоно а. Амма боьлу бахархой.

Дагалоцур вай «паччахьан хьунарех» цхьадерш.

Туьйра №1: «1500 тIемало хьалхара ведира»

Кадыров гича, «фурррр» аьлла, дIасабевдда тIемалой. Иштта дийцира цо ша цхьана "Грозный ТВ-н" видеорепортажехь, шена уллехь Ичкерин тIеман министр лаьттина Хамбиев Мохьмад а, баьччин Радуев Салманан машен лелийна, хIинца Пачхьалкхан Думин депутат волу Делимханов Адам а лаьтташ.

Кадыровс дийцарехь, ша жима воллушехь, вахана иза БIаьчи-Юьрта, 1500 тIемало гулвеллачу метте. Аравалале, шен дега, Кадыров Ахьмаде, хаийтина а хилла цо, ша цига воьдийла, «цаьрца» юкъаметтиг къасто воллийла. Да шек хилла кIант ларориг хиларх, амма майра Рамзан къар ца велла.

«Юкъах мина а йихкина», вахана иза тIемалошна юккъе. Бакъду, ца вахана ша цхьаъ: накъостех 3-4 вара, я 5 вара – иза хIинца билггал дага ца догIу цунна. Амма ца хилла уьш «кхо-виъ-пхиъ бен».

Машенахь тIебоьлху хIорш, го цхьаьна урамехь лаьтташ 200 тIемало. Кадыров-жимханиг гушшехь, дIасахьаьлха Ичкерин тIемалой. Ткъа кхо хIун до? Дера ло царна юьртара бовда цхьа сахьт хан, ца бовдахь, «ас шу массо а хIаллакдийр ду», олий. Эццахь кхералой, Рамзанна тIевогIу тIемалойн баьчча, «оха ахь боххург до», олу цо, буьйр до шен накъосташна БIаьчи-Юрт йита.

Туьйра №2: «Ас тIе ца ийцира Умаров Доккас кховдийна гергарло»

ШолгIа туьйра Кадыров Рамзана дийцира шен гонна спортзала чохь.

ДагадогIу цунна, Соьлжа-ГIалахь, кхаа Турпалхочун хIолламна уллехь лаьтташ бара тIемалойн баьччанаш Умаров Докка а, Бараев Iаьрби а, Цагараев Мохьмад а. «Сох 500 эзар доллар ло бохуш дуьйцу хан ю иза. Го суна, хевшина Iаш бу хIорш. Юсупца цхьаьна машенахь царна тIе а вахана, улле охьахаа дагадеи суна. Кхин цхьаъ а ву тхоьца, иза ас машена чохь вуьту, эшна меттиг ягIахь, маса-топ тIееттар ю ахь, олий. Делахь а ца ийшира иза дан, пхи минот ялале бовду Iаьрби а, АхмадовгIар а. Уьш ма бу-хьуна 150 стаг! (кхечу версица 200-300 - ред).

Амма массо а ца бевдда хIетахь, бухасецна «Кавказ-Имаратан» амир хинволу Умаров Докка. Цо «дийцина» Кадыровга шена иза мел дукха веза:

"Хоьтту соьга Доккас: «Хьога вистхила мегар дарий?» «Дика ду, окей», боху ас». Олу Доккас тIаккха Рамзане: «Хьо а, хьан да а вен веза аьллера соьга Iаьрбис. Цуьнга оха боху: «ХIара ву хьуна, вен хIинца!» Амма иза веди. Суна товш ву хьо, лаьара хьоьца гергарло таса». Реза ца хуьлу Рамзан, олу: «Ца оьшу суна хьоьца гергарло».

Туьйра №3: «Бараев Iаьрби ведира»

"Бакъ ду хьуна, шина-кхаа накъостца ГIала базара вахана со - патармаш эца. ДIахьаьжча, Бараев Iаьрби ву-кх вогIуш. «Вита со, хьо вен гIерташ цхьа а вац, ахь со ца хьевичхьана», боху кхо соьга. Бараевца ву хьуна 300 тIемало (кхечу версица – 100, ред). Со вийначунна ши миллион доллар лур ду ма аьллий Бараевс! (хьалхарчу версица – ах миллион, ред.)».

Кадыровс дийцарехь, тIаьхьо аьлла цуьнга Бараев Iаьрбис: «ХIетахь хьо дуьхьалвогIу гича, хьоьца Iотта ца вала, со кхечу агIор дIавахара хьуна».

Туьйра №4. Буса йина кIело

Оцу дийцаро гойту Кадыровна математика вуно балеяьлла хилар.

«Iаьлараний, ЦIоьнтараний юккъехь кIелоне нисделла тхо, 11 стаг, 28 минотехь тIом би оха, сахиллалц (!) леташ хIаллакви царех 38, ткъа тхох лазий 11, цхьаъ кхелхи…».

Туьйра №5. «ШайтIанашна» дуьхьал цхьаъ ша

"ШайтIанех» (Ичкерин тIемалой бу буьйцурш – ред.) яьккхина яра Бена, Читигов, Абу-Валид, кхиберш, со юьрта чувахара сайца цхьа тапча бен а йоцуш…»

Туьйра 6. Къен ву Кадыров

"Кризис эккхале дайина ас сайн мел долу ахча, - элира Кадыровс, шен пресс-конференцехь цхьамма шега, муьлхачу валютехь кхаба деза ахча, хаьттича. «Цундела дац сан я долларшкахь а, я соьмашкахь а, я еврошкахь а кхаба ахча. Бутт боьрзуш алапа дала мега, цунах айса дендолучун ойла еш Iа со. Дац тхан, мича дахьа деза бохуш, корта лазабаххал ахча».

Интернетехь ду хIорш а, кхидолу а Нохчийчоьнан куьйгалхочун «хьуьнарш» довзуьйту туьйранаш, ю церан кеп-кепара версеш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG