ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориална" тIехIиттина Оьрсийчуьра академикаш а, "Ельцин-центр" а


"Мемориална" гIортор еш Астраханера пикет
"Мемориална" гIортор еш Астраханера пикет

Оьрсийчоьнан Iилманан академин академикаш а, кхиболу бевзаш болу Iилманчаш а - "1 июля" клубан декъашхоша - кхайкхам бина "шаьш тIехIиттина хилар хоуьйтуш Оьрсийчоьнан Iедалш дIакъовла дагахь долчу "Дуьненаюкъара Мемориална" а,"Мемориал" бакъонашларйон центрна а.

И шиа вовшахтохаралла юкъатоьхна ю НКО-"иноагентоаш" реестрна, и шиъ бехке еш ю "арахьарчу агентех" низам дохорна.

Иттаннаш Iилманчаша, шайна юкъахь 20 гергга академик а волуш, бинчу кхайкхамехь шаьш дуьхьал хилар хаийтина "кхоьллинчух бахьана а дина, "Мемориал" юкъаралла дIакъовла гIертарна". Оцу кхайкхамехь дуьйцуш ду, "Мемориал" боккха серладаккхаран болх дIахьуш ю, биц ца балуьйтуш миллионаш цхьана а хIуманна бехке боцу репрессеш лайна нах а, кхелхинарш а, байинарш а, ткъа иза хIаллакъяр ду "къам эсах даккха гIортар, вайн дайта йиш йоцу, инзаре репрессийн зама юха а цаяийта" аьлла.

"Меморилна" гIортор еш дIахьедина иштта Ельцин Борисан Екатеринбургерчу Центро а. Цу тIехь аьлла ду, юьйцург уггар шира Оьрсийчуьра бакъонашларйон вовшахтохаралла хилар, болх беш йолу 30 сов шо а долу. "Вайна дагадогIу, мел лакхара мах хадабора Оьрсийчоьнан хьалхарчу президента оцу вовшахтохаралло дечуьнан, историн нийсо юхаметтахIоттош цо къахьегарна гIортор еш", - аьлла ду дIахьедарехь, кхел "нийсонца" хир ю аьлла сатесна хилар а хоуьйтуш.

Сhange.org сайта тIехь петици кхоьллина, "Руки прочь от "Мемориала" (Куьйгаш дIадаха Мемориална уллера) цIе а йолуш. Публикаци ечу хенахь цунна кIел куьг таIийнера 17 эзар гергга стага.

Социалан машанашкахь флешмоб ю дIахьуш – пайдаэцархоша хуьйцуш ю шайн аватараш "Мы" (Вай) дош, "Мемориалан" логотипах тардина а дуьллуш. ЦхьамогIа гIаланашкахь цхьалха пикеташ хилла и вовшахтохаралла ларъян Iалашонца.

ДIадахначу еарин дийнахь хиира, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратура Лаккхарчу кхеле суьде яьлла хиларх лаьцна, "Дуьненаюкъара Мемориал" цIе йолу бакъонашларйон вовшахтохаралла дIаяккхар тIедожош, ткъа Москван прокуратуро гIалин кхеле лехам хьажийра "Мемориал" бакъонашлайон центр дIаяккхар хьокъехь.

Бахаьана санна дуьйцуш дара юх-юха а "арахьарчу агентех" льцна низам дохор, ткъа билггала аьлча, оцу вовшахтохараллан материалашна тIехь йогIуш йолу маркировка цахилар. Цул сов, бакъонашларйон центр бехке йина экстремисташна а, террористашна а гIотор ярна, политикан тутмакхашна цара гIортор еш дийриг бахьана долуш.

"Мемориалехь" аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша лелориг "политикан Iаткъам бар" ду, "иза дIаяккха низамца богIуш цхьа а бух цахилар", билгал а доккхуш.

ХIоьттинчу хьолана оршотан дийнахь комментарий йина Кремлан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Цо элира, Путин Владимирна "чIогIа мехала ду, муьлхха а НКО-ш (коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохараллаш) Оьрсийчоьнан низамашкахь лелар" аьлла. Цуьнца цхьаьна, Песковс дийцарехь, "Мемориалан" "дукхахенахь дуьйна проблемаш ю Оьрсийчоьнан низамийн нормаш ларъярехь". Прокуратуран лехам комментари а ца еш битира цо.

Дуьненаюкъара историн-серладаккхаран, гIоьналлин , бакъонашларйон юкъаралла "Мемориал" НКО-"иноагентийн" реестрна юкъатоьхна 2016-чу шарахь. Бакъонашларйон центр "Мемориал" дуьххьарлера вовшахтохаралла яра 2014-чу шарахь Оьрсийчохь "арахьара агенташ" лаьррачу коммерцица йоьзна йоцчу организацешна юкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG