ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РБК: Кадыровс критика йина Лапин даржехь лакхаваьккхина


Лапин Александр
Лапин Александр

Оьрсийчоьнан лаьттахуларчу ТIеман эскарийн Коьртачу штабан куьйгалле хIоттийна инарла-полковник Лапин Александр – чIагIдо РБК агенталло шинарин дийнахь, шайн тIеман министраллерчу хьастанна тIетевжина, тергойина Свобода Радионо.

ГIадужу-бутт баллалц Оьрсийчоьнан эскарийн "Центр" тобанан урхалла деш вара Лапин Украинехь тIом боьдучу юкъанна. Цо буьйралла дечу эскарша Лиман гIала дIатесначул тIаьхьа, инарлина шога критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, "Вагнеран ЧВК" кхоьллинчу Пригожин Евгенийс а. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш, чIагIдарехь, макъаваьккхира Лапин, тобанан урхалла дечуьра а велира.

Хьалхо Лапин лаьттахуларчу ТIеман эскарийн Коьртачу штабан хьаькам хIотторах хаамбира шайн хьастанна тIетевжина "Ура.ру" гIирсо а. "Проект" ресурсо шен талламехь чIагIдора, "Ура.ру" ресурсо тIеман министраллин дехарца Лапинна пиар-стратеги лелош ю бохуш, Кадыров цунна чукхохкавеллачул тIаьхьа.

Украинехь тIом боьдучу юкъанна Лапина буьйралла дира Лисичанск йоккхуш тIемаш бинчу эскарийн. Товбеца-беттан 4-чохь Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира цунна – Луганскан кIоштахь и гIала схьайаккхарна.

Шен телеграмехь масех пост хIоттийра Кадыровс Лапинна лерина, инарла "похIмаза" стаг ву а олуш, бехкевира иза тIамна гена а ваьлла, куьйгалла дарна. Кадыровс иштта йаздира, "Коьртачу штабера лакхарчу хьаькамаша гIо доху" Лапине бохуш.

"Известия" газето шайн хьасташна тIетевжина чIагIдо, Лапин дарже хIотторах, 2018-чу шарера схьа дуьйна лаьттахуларчу ТIеман эскарийн Коьртачу штабан урхалла деш хилла Тонкошкуров Василий Минпромторге балха дехьаваьлла аьлла.

Керла шо карадеачхьана цхьа могIа патриотийн телеграм-каналаша къедораш йира чохьарчу политикехь даржашка нах хIиттош, цхьа баккхий хийцамаш хир бу бохуш. Иштта дуьйцура, Тулан кIоштан губернатор волу Дюмин Алексей Минпромторган куьйгалле хIоттор ву, йа тIеман министраллин бохуш. Официалехь цкъачунна бина хаамаш бац кадрашкахь хийцамаш барх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG