ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дахначу денойн хиламаш а, церан комментари а


Къилбаседа Кавказ
Къилбаседа Кавказ

15 шо хьалха тΙемаш бина, Ιедало бехказа ваьккхина волу 51 стаг лаьцна Кадыровн ницкъаша. Доьза байна шайн махкахой моттаргΙанаш а йоцуш лоьхий-те Нохчийчоьн Ιедалша? Товбецан-беттан 10-гΙачохь 6 шо кхочу Басаев Шемал кхелхина. Иштта бу Фуллер Элизабетас тахана комментарешна юхьара эцна кху денойн хиламаш.


Бекхам баран система, аьлча а, Ιедал Нохчийчохь шена пачхьалкхо къастийначу низаман гурара даьллийла гойтуш бу кху денойн цхьа хилам – хьалхара тΙом хилла 15 шо зама яьллачул тΙаьхьа, герз карахь оьрсашна дуьхьал лаьттинчу къонахойх 51 стаг лаьцна махкахь. Иштта бу кеп-кепарчу хьостанийн хаам, шайлахь интернехула болх бен Кавказан Узел-агенталла а йолуш.

Тамаше-м ду, амма нохчо цецвоккхуш дац иза. Оьрсийчоьно амнисти а кхайкхийна, и лелаш йолу цхьа хан-зама а яьлла, парггΙат бехаш хиллачу нахана тΙе куьг дахьарх, кхеташ ду, тешнабехк олу. Чохь-арахь цхьамма и бар-м лан дезаш хуьлу, ткъа сила йолчу пачхьалкхо бечу оцу балхах геноцид бен ала догΙуш а дац. Иштта лаьцначех цхьамма дуьйцу Кавказан Узел тΙехь, шегара Кадыровн наха 17 шо хьалха ша лелийна маса топ дIайоьху, ткъа ша-м иза хьалхара тΙом дΙабаларцана дΙаеллера Масхадов Асланан Ιедале, бохуш.

Фуллер Элизабет: «Оцу хаамо синтем бойъу, бахьана маситта ду. Цхьаъ делахь, Кавказан Узело а билгал доккху иза – 1994-чу -1996-чу шерийн тΙамехь дакъалаьцнарш жоьпаллех мукъабаьхна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думано, терроран тохаршкахь хилла боцурш».

ШолгΙа делахь, боху Фуллера, Оьрсийчоь къерахилла яра 1997-чу шарахь Масхадов Аслан лигитимехь президент хаьржанийла. Цуьнца, цул тΙаьхьа 4 бутт баьлча, машаран барт а тΙечΙагΙбира Ельцин Бориса. 1999-чу шарахь Басаев тΙамца Дагестане вахча бен а ца долийра Масхадов лигитимехь хилар дацаре дан.

КхозлагΙаниг, шайн цΙахь Ιаш я халкъана пайде белхаш беш беха хьалхарчу тΙеман бΙаьхой лецар, уьш кхерорхьама хила а тарло, таханлерчу тΙемашна юкъа ца гΙертийта, гΙаттамхошна гена баха.

ДоьазлагΙа делахь, къонахалла а гойтуш, Масхадов Асланан куьйга кΙел тΙемаш бира хΙетахь цхьаболчара, бохуш, Масхадовн накъост хиллачу кхечу дуьненахь волчу Кадыров Ахьмадан цΙе а язъеш, ткъа бисинарш сийсаз а беш нисло тахана уьш лецар, аьлла хета хиламийн комментаторна Фуллер Элизабетина.

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан Юкъараллин хIусамехь къамел деш полковника Таранов Андрейс Нохчийчохь эскарера салтий дахначу шерашкахь доьза бар тΙететтира нохчийн администрацина. Оцу къамелна ша реза вацар дΙахкхайкхийра Кадыров Рамзана.

Ткъа хилларг хΙун дара, хΙун ду нехан тидамза дуьсуш дерг, зуьй Фуллер Элизабетас.

Полковника Тарановс шен къамелехь ца бохура, байначу нахах хилларг къайлахьош могΙара нохчий бу, ткъа бохура, Кадыровн гонаш бу. Амма резавацар мел лакхарчу озехь ша Кадыровс дΙакхайкхинехь а, цо, кΙеда аьлча, доцург дуьйцу, билгалдоккху Фуллера.

Цо дагалоьцу, дуккха а зама хьалха Нохчийчохь да воцу кешнаш толлуш лабаратори кхолла, аьлла, президент лаьттинчу Медведевс омра дина хилар а, иза шен, Кадыровн, бехкана кхолланза йисина хилар а. 2008-чу шарахь Соьлж-ГΙала веъначу Европан Кхеташонан парламентан ассамблеян куьйгалхочо Хаммарберг Томаса а бехира, ша гΙодийр ду и лабаратори кхолла. Амма оцу къамелах а пайда ца ийцира Кадыровс.

Цу тΙе, байнарш хьахош Тарановс буьйцурш нохчий а бацара – каронза висина 927 эскархо вара.

Фуллер: «Дуьстича, нохчийн бакъонашларъярхоша чΙагΙдо, доьза вайна волу 5000 стаг - тΙемалой хилларш а, маьрша нах а - 1994 чу шарахь дуьйна оьрсийн эскархоша леццарх байна бу, бохуш. Юкъараллин хIусаман кхеташонехь стохка, Лахьан-баттахь, къамел деш, инарла Лебедан цΙе лелаечу машаран миссин куьйгалхочо Мукомолов Александра цул а доккха терахь далийра. Эскархойх а, маьрша нахах а вайнарг 8500 ву, бохура цо. Оцу юкъабогΙучух тера ду тΙаьххьарчу итт шарахь байна нохчий а».

Басаев Шемал, Ичкерин тΙеман баьчча, вийна 6 шо кхочу деношкахь. Цуьнца доьзна Басаевн дахаран цхьа агΙо карлайоккху комментатора Фуллер Элизабетас.

Фуллер: «Нохчийчуьрчу тΙеман боламашкахь Басаевна кхочу деза дакъа а, цо 1995-чу шарахь Буденновскехь закъалтана нах лецар а, иза веле хьалха а дара массо агΙор тидина. Амма кΙезиг хууш дара, цо шех тоьлла тΙеман стратег веш, 1992-чуй, 1993-чуй шерашкахь Ломан Карабахерчу тΙамехь дакъалаьцнийла».

Басаевн васт карладоккхуш, хΙетахь цуьнан мостагΙийн могΙаршкахь хиллачу эрмалойн инарлан Баласян Виталийн дагалецам бовзийтира зорбано бутт хьалха. Баласян Ломан Карабахехь министран гΙовс Ιийна ву. Цо, шена дуьхьал тΙом бина вара, аьлла доцуш, дикачу агΙор дагалоьцу Басаев Шемал.

«ТΙаьмехь суна дуьхьал лаьттина нохчий – тΙеман низам долуш, майра къонахий бара. Уьш цхьана а кепара бустийла дацара азербайджанхошца. Басаев вацара бехке, азербайджанхоша джихΙад кхайкхича веанера иза Карабахе, яздо Баласяна.

Оха дуккхаза а рацеш чухула хьоьхура Басаевна а, цуьнан накъосташна а, хΙара шун тΙом бац, шайн цΙа дΙагΙахьара шу, бохуш. Амма тхан къамелаш эрна дара. Ницкъаца кхето безаш нисделира, боху эрмалойн инарлас.

Цо дуьйцу, 1993-чу шеран аьхка шайн дакъоша азербайджанхошкара схьаяьккхира маситта юьрт, Басаевс куп тоьхна меттиг а нисъеллера царалахь. Нохчий а кхелхира хΙетахь, дуьхьало еш, амма шаьш церан декъий дΙаделира Басаевна, иза къонаха хилар а лаьрра, чΙагΙдо Баласяна.

«Эрна хиллера азербайджанхошкахьа гΙо дахар, царна тΙом бан ца хаьа, эрмалой эшон ницкъ кхочур бац церан» - Басаевн и дешнаш а дагалоьцу эрмалочо.


Фуллер Элизабетина хетарехь, оьрсаша а, нохчийн цхьана декъо а уггаре дукха наьΙалташ хьежийначу Ичкерин охΙланех ву Басаев. Амма тахана хетарг, кхана кхечу бΙаьргашца гуш дуьне ду хΙара, чΙагΙдо эксперта. Басаевн мах хено билгалбоккхур бу, аьлла хета цунна.
XS
SM
MD
LG