ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СемаIашкахь хилларг дицдича, юха а вайна тIехIуттур ю и тайпа къийзалла


Нохчийчоь -- Федералан эскарш СемаьIашкахь, лахьанан-бутт 21, 1995
Нохчийчоь -- Федералан эскарш СемаьIашкахь, лахьанан-бутт 21, 1995

СемаIашкахь маьрша нах а бойуш хиллачу зуламан 22 шо кхачара Нохчийчохь цхьанна а кепара хьахош а дац. Ур-аттала оцу юьртахь а дац цуьнах хьахош хIума. Бахархой, иза дицделча санна Iаш бу. Карх ца долу, йиш яц, тIаьхьо зIене вер ву, бохуш къамел дира меттигерачу бахархоша.

Иштта хьал цхьана СемаIашкахь хилла Iаш дац. Иштта озалуш бу шайна тIехь динчух дийца а, хьахо а кхечу, Iазап лайначу яьрташкара бахархой а. Амма бакъонашларъярхошкахь кхоччуш тоьшаллаш ду эскархоша шинна а тIамехь динчу зуламашна. «Мемориалан» белхахо Байсаев Iусам, ша а оцу юьртара вахархо ву. Цунна хазарехь хууш дац цигахь хилларг. Маршо радиога цо бийцира оцу кIоршаме зуламах шен дагалецамаш.

Байсаев: «8-чу дийнахь буьйса а яьккхина, Iуьйранна шайн хIума а йиъна, молучо къаркъа а мелла байина бу цара нах. «Мемориало» юьртахь 1-2 баттахь цигахь болх беш лаьрра ву 103 стаг. Карахь долу бераш а ду царна юкъахь. Ткъа уггаре а баккхий берш 100 сов шо долу баккхий нах бу».

Адамаллана дуьхьал аьлла мах хадочу, маьрша нах бойуш, багош динчу оцу зуламан куьйга бехкеберш а билгалбевла бу шайна а, дерриге а дуьненна а бохуш кхин дIа а дуьйцу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусама.

Байсаев: "Цигахь хиллачунна бехке бан йиш ерш бу: Софринера бригада, Москохара а, цуьнан гуонахьара кIошташкара ОМОН а, Оренбургера СОБР а, «Витязь» олучу чоьхьарчу эскарера лерина тоба а".

СемаIашкахь и бохам хилале, эскархошца дийцарш а деш, барт бина хилла меттигерачу бахархоша. Амма цига веанчу инарлас Антонов фамили йолчо, питане а, зуламе а къамел а дина хилла. Цул тIаьхьа къемат де хIоьттинера СемаIашкахь аьлла кхин дIа а дуьйцу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусама. Ала догIу, цхьадолчу хьосташа иза Романов Анатолий ву боху. Иза Соьлж-ГIалахь хиллачу эккхарх, тахана а меттахь Iуьллуш ву шен дегIан дола а ца далуш.

Байсаев: "Хан яьллачу хенахь, оцу дийцаршна юккъегIоьртинера Антонов аьлла псевдоним йолу йолу инарла. Иза Романов Анатолий ву. Цо ултиматут хIоттийра юьртана. 200 масатоп а, кхидолу герз а, цхьа бмп а схьало бохуш вара иза. Баккхий наха, дехар а дина, юьртара тIемалой арабевлира. Оьрсий чубогIучу хенахь юьртахь уьш бан а бацара".

Бакъонашларъярхо Байсаев Iусам тешна ву мацца а СемаIашкахь дина адамаллана дуьхьал дина зулам мацца а тулург хиларна. Иза нохчашна чIогIа оьшуш хилар, билгалдаьккхира цо.

Байсаев: "Тахана вайн халкъан юкъахь барт а хилла, массара а и болх дIабаьхьнехьара цунах гIуллакх хир дара. Некъаш ду цунна. Цхьана хенахь вай къаста ца дира вай дIадохор - юхадеара иза. Хьалхара тIом бирзича а ца къастийра - юхадеара иза. Тахана вай къаста ца дой иза, вай уьш жоьпе ца узий - юхадогIур ду. Вай, тахана дерриге а диц а дина, кечбеш а, доьшуьйтуш, ларбеш лелочу доьзалшна юха а хьалхахь хIуттур ду иза".

СемаIашка, ШаIми-юрт, СаIди-кIотар, Алды, Соьлж-гIала а, шортта ю Нохчийчохь адамаллана дуьхьал олу зуламаш оьрсийн эскархоша дина. Ши-кхоъ бен эскархо а вац набахте хьажийна. Оцу хенахь дина зулам талла болх болийча, Оьрсийчохь гIовгIа йолало, вайн Даймохк ларбина кIентий бехк боцуш байа гIерта нохчий олий. Цундела, дукха нах беха шаьш хьийзинчарна кхел Деле дIа а елла.

XS
SM
MD
LG