ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ресторанаш а, клубаш а буьйсанна дIачIагIа омра делла Путина  


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира дехкар тIедожийна регионин куьгалхоша буьйсанна (сарахь 23.00 даьлча Iуьйранна 6 даллалц) ресторанаша а, самукъадоккхучу меттиагаша а болх бар.

Цул сов, губернатошна хьехар дина COVID-19-на дуьхьал вакцина тоьхна боцучу 60 шарал сов хан йолчу бахархошна смоизоляци юкъаяккхар, цхьана баттана уьш цIеран болх бечу роже а бохуш. Президента динчу хьехарийн тептар ГIадужу-беттан 20-хь зорбане даьккхина Кремлан сайта тIехь.

Динчух лаьцна хьалхара хаам дIабахьийта безаш бу президенте Лахьанан-беттан 30-гIа де тIекхачале, цул тIаьхьа - хIора баттахь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG