ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчух пусар ца дечун бере а ца хуьлу ларам


Нохчийн зударий бакъонех а, уьш хьоьшуш хиларх а дагабевлла Нохчийчуьра бакъоларъярхой. Айдина хаттар юккъараллехь ира лаьтта. Шел гIийлачунна куьг тIекховдор ледара гIирллакх лоруш делахь а, иза а даьржина леладаьлла ламаст ду махкахь.

Гулам нисбелла шуьйрра даздечу Нанойн денца. Иза вовшахтоьхнера «Зударий - кхиамехьа» цIе йолчу цхьанатохаралло. Цуьнан куьйгалхочо Базаева Липхана йовзийтира Iалашо.

Базаева: «Зударшна бен ницкъ сацо беза. Тхайн ойла а, тхайна цунах хетарг а дIадовзийта аьлла къамел дина оха. Баьхкинчара цунах лаьцна шайна хетарг элира. Къинхетаме хила беза божарий зударшца. Уьш сийсазбан мегар дац».

ХIора шарахь аьлча санна, Оьрсийчохь а айдо доьзалехь къизала лела олий. Хаддаза дуьйцу иза федералан телехьожийлашкахь. Амма хьовсархойн самукъадоккхучу кепехь бен дац иза хьахош. Хьал ишта хилар гойту Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думано тIеэца кечдинчу «Доьзалехь йинчу гIелонна таIзар лахдар» олучу низамо.

Низам цкъачунна тIеэцна дац, амма чекхадаккха тарлуш ду. Шайна хетарехь, цо долу хьал кхин а талхор ду, боху Базаева Липхана.

Базаева: «И низам дика а хила мега, амма тхуна хетарехь, доьзалехь лела къизалла низаме ерзош санна хета тхуна. Ницкъбар магош санна хета».

Доьзалехь юкъаметтигаш талхар толлуш, юккъе маслаIат дан гIертачарна наггахь дицло девне даьллачу зудчун, стеган бераш. Царна хуьлу гIело, ден-ненан девнаш луьстучу хенахь, церан бакъонаш йицло, боху Соьлж-ГIалахь хиллачу гуламехь дакъалаьцначу юккъархочо, «Нохчийчоьнан йозуш йоцу юккъаралла» шех олучу цхьанакхетараллан куьйгалхочо Мациев Мамис.

Мациев: «Вайн гIиллакхашца дерриг дIанисдина дара, доьзал боьхча, дас а, нанас а дан дезарг. 7 шо кхаччалц ненаца дуьтуш дара бер, ден агIор дерриг латто дезаш дара цунна. Иза ша тайпа «алименташ далар» дара-кх».

Доьзалехь даьлла дов дерзо атта ца хуьлу. Къаьсттина нохчашна юккъахь иза цхьана а низамца дерза а ца ло. Бахьана -нах массийта низамца бехаш хилар ду, аьлла хета дуьйцу Мациев Мамина.

Мациев: «Оьрсийчоьнан низам а, нохчийн Iадаташ а, ШарI а ду вайна юккъахь лелаш. Цунах хуьлу и кхачамбацарш. Советан заманахь атта дара. ХIетахь Iедало шен низамашка лардойтура. ХIинца кхин хьал ду».

Доьзалера дов, доьзалш бохар шуьйра гIарадалар чIогIа эхье хIума лорура хьалха. Цхьана стага аьллачу дашо а дерзадора и санна дов. ХIинца я иштта баккхийчийн ларамбеш дацахь а, я кхечу бахьанашца делахь а, милла а хьанна а тIекхойкху, эхь а ца хеташ шайн чуьра дов даржа а до…

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG