ДIадахначу мукъаденошкахь Дагестанан коьртачу шахьарахь ХIинжа-гIалахь дIабаьхьира «Цхьанакхеттачу Кавказан форуман» шозлагIа гулам. Къилбаседа Кавказерчу массо а республикашкара декъашхой бара цигахь дакъалоцуш. Регионехь лаьттачу проблемех коьртанаш оцу цхьанатохарехь а йицира. Форуман чулацамах а, цигахь тIеэцначу сацамех а лаьцна Маршо Радиога дийцира цигахь дакъалаьцначу бакъонашларъярхойн «Нохчийн къам кIелхьарадаккхаран комитетан» куьйгалхочо Бадалов Руслана.
Бадалов Руслан: "Коьртаниг дара - иза шолгIа форум хилар. Регионехь болх бечу бакъонашларъярхойн а, юккъархойн а уьйраш чIагIъяр а, латьтташ долу хьал вовшашна довзийтар а, иза гIарадаккхар а яра коьрта Iалашо. ХIинжа-ГIалахь оха дийцаре диллинарг дара Оьрсийчохь ксенофоби яьржина хилар".
Кавказан бакъоларъярхоша, доккхачу декъана, коьрта тидам тIебахийтира Оьрсийчохь къаьмнашна юккъара меттигаш телхина хиларна. Кавказхошна дуьхьал кIаьржа болх дIахьош бу оьрсийн юккъараллехь цхьаболу ницкъаш, билгаладаьккхира гулбеллачара. Цара цхьана эшшара куьйгаш а айдина, Оьрсийчоьнан Iедалшка кхайкхам бира, къаьмнийн юкъметтигашкахула йолу министралла меттахIоттае, аьлла. Нохчийн бакъонашларъярхочо Бадалов Руслана ша а агIонча ву, боху, оцу хIуманна, амма и министралла болх беш хила еза, чIагIдо цо.
Бадалов Руслан: "Хьлаха хилла ю и министралла. Иза кхоллархьама кхоллахь, цунах гIуллакх хир дац. Iедалан урхаллаш массо а болх беш хила еза машар чагIбарна тIехь, ойланаш цIена хила еза президентана тIера прокуратурана, полицина, кхечу урхаллашна тIекхаччалц. Нагахь санна иза ца хуьлий, тIаккха эрна хир ду и министралла кхоллар.
Форуман кхечу декъашхоша а лаккхара мах хадабо шаьш шина дийнахь ХIинжа-гIалахъ бинчу белхан. Нохчийн юккъархочо Альтемиров Дика цхьанакхетар тIеоьцу кавказхойн уьйраш чIагIъен барам санна.
Альтемиров Дик: "Суна хетарехь, де дийне мел долу, кавказхойн барт чIагIлур бу .Кавказхой цхьа вежарий бу, цхьаьна махкхахь бехаш а бу. Барт хила беза, аьлла, и къамелаш а дира цигахь. Оха регионехь льатта кхидолу хьал а дийцаре дира: нах идор а, байар а".
Форумо Оьрсийчоьнан куьйгалле кхайкхам бина, Къилбаседа Кавказан хьокъехь ойла а еш, машарна политикан бух биллар а, цхьацца конфликташ ерзочу хенахь, белхан коьрте ницкъ ца хIоттор а хьоьхуш.
РогIера ц кхеташо вовшахкхетар ю БуьритIехь, Къилбаседа ХIирийчоьнан коьрта шахьарахь.