ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин белхахоша теристашна йиттина Краснодаран кIоштахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Социалан машанашкахь видео яьржина, Росгвардин белхахоша федералан территори санна билгалъяьккхинчу Сириус цIе йолчу хIордаца йолчу меттехь садоIуш болчу туристашна етташ яьккхина йолу. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино.

10 минот йохалла йолчу видео тIехь Росгвардин ши эскархо ву шайх эххар ведда кIелхьарваьллачу стагана чхьонкарш тухуш. Эшам хилларг ву шеца йолу зуда ницкаллин структурийн белхахойх ларъян гIерташ дуьхьалхIоьттинарг.

"Кубанские новости" новости газетан телеграм-канало дийцарехь, и стаг а, цуьнца йолу зуда а хилла, малар а молуш, хIорда йистехула долалуш. Хууш доцчу бахаьаница цаьршинца довдаьлла Росгвардин белхахойн.

Росгвардино тIаьхьо дийцина, шайн белхахойн тIе тидам бахна хиларх лаьцна, юкъараллин къепе йохийначу нахана. Оцу хаамехь чIагIдарехь, низам дохор сацаде аьлла шайга дехар дича, дуьхьал оьгIазалла гайтина цаьршимма.

Зуда а, стаг а дIа а лаьцна, полисхошка дIаделла, хаам бина Росгвардин векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG