ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Холмачалла лелорна Росгвардино кхо зуда лаьцна Нохчийчохь


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Росгвардино а, полицино а, холмачалла лелорна бехке а йина, кхо зуда лаьцна Нохчийчохь. Оцунах лаьцна хаам бина республикерчу пачхьалкхан телевизионо. Сюжетехь дуьйцуш ду, дIалаьцначаьрца профилактикан къамел дина хиларх лаьцна. Кхаа зудчух цхьаннах лаьцна аьлла, иза жинашца тайна ю аьлла.

ГТРК "Грозный" телеканалан репортажна тIе тидам бахна Кавказ.Реалиин редакцин. Бинчу хаамца, шеконца лецнарш гучубаьхна хилла Росгвардин "Юг" олучу батальонера гIуллакхъхоша а, Соьлжа-ГIаларчу полицин декъо а.

Пачхьалкхан телевизионехула гайтинчу репортажехь лецначаьрца кхетош-кхиоран хиллачу къамелехь дакъалаьцна меттигерчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро Эльджуркаев Адама. Корреспондента дийцарехь, цо диагноз хIоттийна холмачалла лелорна шеко йолуш лаьцначу кхаа зудчух цхьаъ жинашца ийна ю аьлла – исламехь иштта олу вочу синойх.

Iедалшна оккультизм лелош бу аьтлла хета нах хьийзо болийра Нохчийчохь 2013-чу шарахь, гуттар чIагIделира иза 2019-чу шарахь. Лецнарш дима а гуш-хезаш дохко бовлий къамелаш деш хуьлу, камери хьалха бехк цабиллар а доьхуш. Иштта Iедалша хьийзабо оккультан гIуллакхаш дойтуш лела нах а.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь 2019-чу шарахь Эльджуркаевс дийцира, дIалецначарна таIзар до нах Iехоран зулам дарна. Iилмано кхеторехь, башхалла яц ламастан исламан медицинина а, холмачаллина а, пал тасархошна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG