ТIекхочийла долу линкаш

"ВКонтакте" социалан машанера "Карфаген" агIо дIакъевлина Оьрсийчоьнан "Роскомнадзор" урхалло.

«ВКонтакте» социалан машанехь кхоьллина ю «Карфаген» олу агIо. Цуьнан долахочо шен Iалашо ю «вайнехан къам цIандар» аьлла яздинера цу тIехь. Вуьшта аьлча, интернетехь шайн сурташ дохкуш а, комментареш юьутуш а болчу зударшна а, юкъа-кара божаршна а дуьхьал виртуалан тIом болийна мила ву ца хуучу стага.

Цо кхайкхамаш бо цу нехан гергарчаьрга, цаьрца «йист яккха» бохуш, яздо "Открытая Россия" сайто. Карфагенах лаьцна иштта дийцина «Дождь» телеканало а, «Медуза» сайто а.

Нохчийн зударий интернетехь оьзда лела Iамош ду шаьш бохучу анонимаша сийсазбеш хьийзабо мехкарий а, зударий а, кегийра нах а, яздо цу зорбанан гIирсаша.

Ма дарра аьлча, «Карфагенан» долахочо я долахоша лелош дерг вуно доккха питана ду, нохчийн кIоман гIиллакхашца аьттехьа а догIуш дац иза аьлла хета нохчийн юкъараллан жигархочун, нохчийн философна Ааьрсби Абу-Бакарна.

Аьрсби: "Вайн таханлера гIалаташ а, сакхташ а вайна массерна а бала болуш волчун лазаме ду. Уьш нахала дахарх дарба хир дац цкъа а. Иза питана ду. Нахана юкъахь оьгIазло алсамйоккхуш хIума ду иза. Цкъа делахь, иза гинчу нехан дегнаш дохадо. ШолгIа делахь, иза кхочуш болчу нахана вас йо цо.

Цуьнах дов хила тарло. Иштта деш дац дарба. Беркат иштта долуш дац, тIаккха бусалба дино а иштта ца хьоьху вайна иза. Цуьнца доьзна ду вайн гIиллакхца дерг а, оьздангаллица дерг а. Иза нийса некъ бац. Суна иза нийса ца хета. Иштта дан ца деза! Цуьнан шен некъ бу. Вайн вархIа дайшкара дуьйна вайн къоман кхетаме бирзина. Iадате иза дирзина шен некъ бу цуьнан.

Нагахь хьо цхьа гIалат нисдан лууш велахь, и стаг юьстах а ваккхий, цуьнга шега ала иза. Цунна оьшучехь гIо де, цуьнан дог эца, цунна иза юьхьдуьхьал а ца детташ, цуьнан юьхь а ца йохуш. И амал ю вайн къомо ларйинарг.

ГIалат ца волуш цхьа а вац. Сакхт ца дужуш цхьа а вац. Хьуна хьайга кхана хIун догIу а ца хаьа. Цундела ларамца цхьаьна лелийна ду иза. Иштта бен некъ ца го суна ".​

Зудабераш сийсаз деш бусалба дин а хьехадо «Карфаген» агIон тIехь йозанаш дечу наха. Ткъа мел догIуш ду иза бусулба динца? И хаттар делира Маршо Радионо бусалба дешар дешначу стаге Джабраил-Хьаьже.

Джабраил-Хьаьжа: Нехан скхташ дийцар а, гучудахар а бусалба динехь дика лерина дац. ХIунда аьлча, и къа шена латийначун, Деле тоба а дина, кхета а кхетта, кхин ца далийта йиш ю. Ткъа иза дIасадаржийначо цу стеган сий дойу. Ша диканиг до бохуш, ша зулам юхатуху бохуш, иза дагадеанчун лело бакъо яц.

Цхьана сайт чуьра схьа а оьцуш, сурташ нахалдахар... бусалба стеган сакхт шена хиъча иза къайладахьа дезаш ду. Иза нахалдаккхар кхин а доккха къа хила там бу иза дIасадаржочун. Неха сакхташ лахьочул шен сакхташ лахьо деза.

Иза иштта хилча и питана сацор ду аьлла хетарлора Нохчийчуьрчу даима а сема долчу Iедалша. Амма, гарехь, церан куьйгаш тIекхаьчначух тIера дац «Карфагенна».

Цо яздийриг шен тидамехь латтон а, цу агIонехь дIахIитточу сурташка хьежа а лаам хилла дIаязвелла ву 56 эзар гергга стаг. Иза доккха терахь ду, цу тIе беккъа нохчий мотт буьйцу нах а бен буьтур бац аьлла цуьнан долахочо билгалдаьккхина хилар тидаме эцча муххале а.

Дустуш аьлча, масала, оццу «ВКонтакте» йолчу Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан агIоне язвелла вац 8 эзар гергга стаг а бен.

«Карфаген» хьахийча, иза дика гIуллакх ду олуш стаг каро хала ду нохчашна юкъахь. Амма цуьнан долахо я долахой кхоьруш болчух тера дац шаьш сийзаз бечу нехан метта шаьш нисдаларх.

Таханлера Тунис гIала лаьттачу меттиган гергахь 2300 шо хьалха лаьтташ хилла Карфаген олу гIала. Цу хенахь ницкъ болчу Риман коьрта мостагI хилла иза. Ткъа Карфагенан уггаре а луьра мостагI хилла Риман буьйранча сенатор Катон Воккхахверг. Сенатехь дийцаре деш долу хаттар мьулхха а хилча а, шен къамел дерзош хилла цо «цул сов, суна хетарехь, Карфаген йохийна дIаяккха еза» олий.

«ВКонтакте» кхоьллина «Карфаген» йохо цкъачунна лаам ца гайтина цхьаммо, шинариндийнахь иза дIакъевлина Оьрсийчуьра "Роскомнадзор" ца йийцича.

XS
SM
MD
LG