ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рослесхозан хьаькаме Нохчийчоьнан Iаламан ресурсийн министран дарж кховдийна Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Федералан хьаькамна критика йинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехказавала гIоьртина. Ехачу постехь жоп делла цо социалан машанашкахь Рослесхозан урхалхочо Советников Ивана хьуьнан бахам лелорехь эвсаралла гайтаран рейтингехь Нохчийчоь пачхьалкхехь уггар гIад дайна регион лерича.

Кадыровн дешнашца, республикехь хьуьнан бахам эвсара лелош цахиларан проблема дуьххьал дIа йоьзна ю тIеман тIаьхьенах.

"Интересе ду, хьуьнан фондера хIинца а минаш дIаяханза эзар гектар латта лело муха дала воллу иза Нохчийчохь?", - дера жоп делла Кадыровс, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан уггар а жима регион хилар дага а доуьйтуш, цундела кхечу агIор мах хадо беза цуьнан, вукху субъектех къаьсташ олуш.

Яккхийчу регионашкахь къайлах хьун хьокхуш хилар баккхийчу барамашкахь ду, кхузахьчул а аьлла, Нохчийчоьнна тIера терго дIаяккха гIоьртина Кадыров.

Къамел дерзош, Кадырвс хьехна Советниковна "хьуо гениале хиларх масала гайта", Нохчийчохь Iаламан ресурсийн а, гонахара Iалам Iалашдаран а министран даржехь болх бе аьлла.

36 бараман буха тIехь хIоттийнера регионийн рейтинг. ВорхI тобанашка бекънера уьш: Iалам лардарна мел оьшург муха латтадо, муха Iалашдо, хьун муха кхиайо, муха меттахIоттайо, хьуьнхахь цIе ца ялийта сезонашкахь болх муха бо, экономикан болх а муха бу хьожуш.

  • Хьалхо Кадыровс критика йира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарьна Песков Дмитрийна, Украинан дозана тIехь волчу шена инарла-лейтенантан чин делча ша декъал ца варна, амма Оьрсийчуьра дIавахна тележурналист Ургант Иван "патриот" ву аларна. Цул совнах, регионан куьйгалхо "тIеман партин" векал хиларе терра, дуьхьал хилира, Украинаца дийцарш кхин дIа а дахьа деза аьллачу Песковна.
  • Анонониман шен шина хьасташна тIетевжина, "Медуза" гIирсо хаамбира хIетахь, телефонехула Песковна кхерамаш туьйсуш бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG