ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсионераш "къанбайта" цалуург мила ву?


Пенсийн реформина дуьхьал гуламаш кечбеш ю Оьрсийчуьра профессионалийн юкъараллаш а, оппизици а

change.org сайта тIехь яржийначу петицина буха куьйгаш яздина 2 миллион сов вахархочо

Дуьненан футболан чемпионат схьайоьллачу дийнахь даржийра нах пенсе бохуьйту хан тIехьатотту, аьлла. "Лужники" стадионерчу репортажашна тIаьххье гайтира телевизионаша премьер-министро Медведев Дмитрийс оцу хьокъехь аьлларг. Са ма гатде, бохура, пенсе бахана бехачаьрга, шух хьакхалур бац хийцамаш.

Бохура, юккъерчу хьесапе диллича, Оьрсийчоьнан вахархочун оьмар яхъелла, ерриг а Европехь ду нах пенсе дуккха а тIаьхьа боьлхуш. Дустарш а далийра, амма ца дуьстира Оьрсийчуьрий, Европерий пенсеш.

2019-чу шарахь долор ду керлачу реформин декъахь къаной пенсе хьийсор. 15 шарахь шарбийр бу и керла некъ – 65 шо кхаьчча хьийсош хир бу пенсе борша нах, зударий – 63 шо кхаьчча. 2028-чу шарахь божаршца юьззина шен бакъоне ер ю реформа, зударшца – 2034-чохь.

ДIадахначу шоьтадийнахь Iедало низаман проект кхачийна парламенте. Оццу дийнахь къайлах информаци яьржина, Кремл кхоьру нах протесташка бовларна, аьлла. Цхьаболучарна хетарехь, нагахь санна халкъан резадацар дестачу далахь, даима а санна, Путина, ша диканиг а хуьлуш, юхайоккхур ю Медведевс яьккхина "вон гIулч".

Профессионалийн юкъараллаша шаьш кийча юйла хаийтина Iедало къадийначунна дуьхьалйовла.

Пикеташ хIиттор дихкина

Чемпионат йоьдучу юкъанна цхьана а тайпа протесташ хила йиш яц Оьрсийчохь – ФСБ-нера бакъо йоцуш гулам кхайкхор дихкина.

Шинарийдийнахь Пачхьалкхан Думин цIенна хьалхара лаьцна дIавигина карахь "Пенсийн "реформа" – талор" йоза тIехь долу плакат каралаьцна лаьттина "Яблоко" партин Москохарчу декъан лидер Митрохин Сергей. Цунна бутт хан тоха тарло чохь яккха.

Ша полицино лаьцна вигале иза кхиина Маршо Радиона интервью яла.

"Путина деллачу дашца ца догIу стаг пенсе воьду хан тIехьататтар. Цо ша президент мел ву хир дац бехира иштаниг. Амма рогIехь дарже хуъушехь яьккхина и гIулч: 55 шо кхачаза мел йолу яхархо, 60 шо мел кхачаза волу вахархо вацор ву хIинца Iедало. Пенсе баххалц а бехар бац дукхахберш. Iаламат доккха талор ду халкъанна Iедало дийриг. Пикеташ, митингаш, массо тайпа дуьхьалонан акцеш йолор ю оха, кху полицин карайирзинчу пачхьалкхца къийсалур ду ма-хуьллу, йинарг йоккха харцо юйла хоуьйтуш," – элира Митрохина.

"Аьрру фронт" а яц реза

Нах пенсе боьлху хан ша президент а волуш хийцалур яц цкъа мацах Путина алар дагадоуьйту "Аьрру фронтан" хьалханчас Удальцов Сергейс а. "Хуьйцийла дац пенсе воьду хан!" цIе а йолуш, тIебогIучу беттан 4-чохь Москох митинг хIотто дохку шаьш, аьлла, Iедале пурба доьху кехат чуделла "Аьрру фронто а", "Моссовет" юкъаралло а.

Удальцовс а, накъосташа а къастийначу дийнахь футболах мукъа ю арена, цундела митинго новкъарло йийр яц чемпионатна, аьлла хета царна, кхойкху массаьрга а шайн протестан барамашка.

"Iедал, суна гарехь, галдаьлла кхузахь. И низам тIеэцийта арабевлла леларш дохкобевр бу шаьш диначух. Халкъанна луург ца дахь, деба тарло претесташ. Массо а политикан юкъараллаш евр ю дуьхьал. Шорлур бу протестан болам. Пенсех дерг референдумехь къасто деза", - аьлла Удальцовс.

"Оьрсийчоьнан дукхахйолчу регионашкахь, юккъерчу бараме диллича, адам 65 шарал сов ца деха. Аьлча а, валлалц къахьега бохург халкъах къа цахетар ду.

ШолгIаниг – Оьрсийчохь белхаш бац, официало гойтучул а лакхара ду терахьаш. Беш вац а бохуш, къайлах болх беш верг Iоравоккхучу метта, Пенсин фондах воккхуш ву. Иттаннаш миллионашкахь бу и нах. Баккъал а дахде адаман дахар, оьшу хьелаш а хIиттадай, белхаш ло – тIаккха мегар ду пенсин хан яхъярх дийца даккха", - аьлла хета "Аьрру фронтан" лидерна.

"Тхайн дуьхьа ца лела тхо"

20 гIалахь шен "Коррупцина дуьхьал лаьттачу фондан" кехат чуделла пенсийн хьокъехь митингаш яйта аьлла, хаийтина Навальный Алексейс. Вовшашна ген-генара гIаланаш ю цо охьаягарйинарш.

"Коррупцина дуьхьал лаьттачу фондан" юристо Жданов Ивана бахарехь, митингаш гIитто луург цхьа Навальный хилла ца Iа – гIаланашкарчу жигархой а бу. Оцу меттигашкахь яц йоьдуш футболан чемпионат, цундела дац цигахь протестан боламна дуьхьало йойла, аьлла хета Навальныйна.

Цкъачунна офсайдехь Iа "да-президент"

Проект кечйинарг министрийн кабинет ю, олий, "цIанло" пенсийн реформех лаьцна шайга хаттар дича Кремлера хьаькамаш. Цкъачунна пачхьалкхан лидерна хууш хIума дац, иза вац оцу проектан авторшлахь, элира президентан пресс-гIоьнчас Песковс.

"Левада-центро" бовзийтина ша пачхьалкхехь шуьйрра хийцамаш мел оьшу аьлла халкъе бинчу хаттаман жамI. Хийцамаш ца хилча ца бовлу боху 57 процент бахархоша (хьалха и процент яра 42). 2024-гIа шо чекхдаьлча а вуьсийла лаьа Путин президентан даржехь ах гергга бахархошна, ца лаьа – 27 процентна, боху статисташа.

"Левада-центран"директорна Гудков Левна хетарехь, "даржехь вуьсийла лаьа къечу, дешна боцчу, ярташкахь бехачу къаношна, кегий гIаланийн а бахархошна, аьлча а, шайн дахарх догдиллинчу нахана".

"Цара сатуьйсу Путина ша гIентахь чIагIлуш дийцинарг кхочуш даре. Духьалберш – уьш дешна а, политиках кхеташ а болу, Москох, кхечу мегаполисашкахь беха нах бу. Цара, гарехь, ца тесна Путинехьа кхаьжнаш, я тесна, цуьнан меттехь кхин лидер а ца гина. Хала ду хиндерг тахана ган: дийца а дийцина, дуьтур ду халкъо пенсе воьду хан лакхаяккхар, я баккъал а протесте доккхур ду? Суна хетарехь, чемпионат йолало хан а ларйина, хIоьттина Iедал и къиза проект юкъаяккха, амма шен векалша дечу къамелашна коррекци йийр ю гурахь, "да-президент" дийцаршна юкъа а вулуш", - аьлла хета Гудковна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG