ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Россия-24: Кадыров - Гринчевская


Россия-24 телеканалерчу журналисто Гринчевская Екатеринас интервью эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера. Ша Кадыровс инстаграмехь йина цунна анонс, «тахана Iуьйранна 10 сахьт даьлча хьажа» цуьнга аьлла.

Ткъа оццу инстаграмехула Гринчевскаяс а яздина ша бинчу балхах лаьцна. «Кхаа сахьтехь садеттар, цу тIе 3 кофен кад бу Кадыров Рамзанера эцначу интервьюн барам! Наггахь нисло эскпрессонал а атта хьуна чусадоуьйту адам. Камершца «хьо» форматехь къамелдечу, нийсса бIаьргаш чу а хьоьжуш, бегаш а беш, вела а луш волчу стагал тоьлуш мила хир ву! - яздо журналисто.

«Ткъа тайна, хьо озайолуьйтуш болчу, хазахеташ шеф тIе а оьцуш, интервью луш а, иза доггах ларвеш хьийзачу божарша малхбаленан шарм ло белхан эвсараллина», - яздо Гринчевскаяс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG