ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерке тховкIело йоьхучу оьрсийн терахь рекорде даьлла


Шрек Карл

ПхоьалгIа шо ду Оьрсийчуьра уьдучу нехан барам бесташ лаьтта. Путин президентан дарже юхавеъча йолаелла тренд ю иза.

2017-чу шарахь Iамеркан Штаташка тховкIело ехна Оьрсийчуьрчу 2664 вахархочо – лурчахчул 39% дукха ду и терахь. Статистика Маршо Радиона йовзийтира Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн чоьхьарчу кхерамзаллин министралло.

"РИА Новости" агенталло бечу хаамца, Путинан пресс-гIоьнча Песков Дмитрий шек ву Маршо Радионо гайтина мухIажирийн и барам бакъдолчуьнца богIу бохучух.

"Тхуна ца хаьа, иза мел бакъ ду. Ма-дарра аьлча, харц информаци хIорд санна дукха ю, хIора терахь талла дезаш хуьлу. Аьл-аьллачух теша мегар дац, - боху Песковс.

Маршо Радиога официалехь кхачийначу терахьаша иштта боху. 1994-чу шарахь яьккхира Оьрсийчуьрчу мухIажирша Штаташка тховкIело ехарца рекорд – 2127 стаг.

Ткъа 2012-чу шарахь, Путин кхозлагIа президентан дарже охьахуъушехь, кхиа буьйлира мухIажирийн могIа. Iамеркехь ваха бакъо ехнарг 2016-чу шарахь 1912 стаг хиллехь, 2017-чохь церан терахь 752-нна совдаьлла.

Муьлш бу дехарш дийраш?

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало ца довзуьйту, муьлхачу бахьанашца йоьху мухIажирша тховкIело. Ткъа хила тарлуш долу бахьанаш ду чкIуран бос, дин, къам, политикан хьежамаш, борша-сте хиларца йоьзна проблемаш.

Штаташка тховкIело ехначу Оьрсийчуьрчу бахархойн терахьаш
Штаташка тховкIело ехначу Оьрсийчуьрчу бахархойн терахьаш

Оьрсийчуьрчу мухIажиршца болхбечу бакъоларъярхоша дийцарехь, шайн даймахкахь 2013-чу шарахь "гомосексуализмна пропаганда яр" доьхку низам арадаьлча бевддарш бу дукха. Алсамбевлла шайн бизнесна ницкъхоша, рейдерша гIелоеш махкахбевлларш а.

Маршо Радионо хьалхо дийцира, Москох а йитина, 2012-чу шарахь Вашингтоне дIавахначу журналистах, телерепортерах, ша гей хилар лечкъош а воцчу Мамонов Романах лаьцна. Политикан тховкIело йийхира цо 2013-чу шеран Iай, Оьрсийчоьно гомосексуализман пропаганда йоьхку низам тIеэца долийча.

МухIажиран некъ, статус къастош хьоьгу бала мел хала бу хууш волу Мамонов Iамеркан No More Fear фонде волонтер хIоьттина, кхечу мехкашкахь хьийзош, Штаташка уьдучу гомосексуалисташна гIодан.

30 шо долу адвокат Влад, цо ша бахарехь, "парггIат садаккха меттиг лоьхуш лелла", цундела ехна Iаьмерке тховкIело а. Шеца цIахь, Оьрсийчохь, юкъаметтигаш лелла кIант вийра гей-клубера араволуш, дуьйцу цо. Цуьнан цIерачарна ца хаьа иза гей вуй, ткъа Оьрсийчохь дукха баланаш эгна цунна тIе кхиболу божарий санна ша цахиларна.

"Со кхийтира сайн махках вала дезар дуйла, хIунда аьлча, хир дацара сан Оьрсийчохь паргIат дахар, карор вацара партнер а", - боху цо. 2016-чу шарахь тховкIело йоьхуш кехаташ чуделла Штаташкахь Влада.

Горшков Алексей, ЛГБТ-жигархо, Нью-Йоркехь веха. Цо дийцарехь, тховкIело йоьхучу ЛГБТ-хошлахь алсамбевлла иммунодефицит цIийх йоьлла нах. Уьш маках баьхнарг ду, Горшковна хетарехь, Оьрсийчохь иммунодефицитна дуьхьал ден дарба тоаме дацар.

Канадехь а, Европерчу мехкашкахь а хаало Оьрсийчуьра уьду нах алсамбовлуш хилар. Цхьана декъанна, иза дозу Нохчийчохь а, кхечу Кавказан республикашкахь а 2017 шарахь дуьйна гейш хьийзо болорца.

28 пачхьалкхах лаьттачу ЕвроБертан миграцин статистико гойтучу терахьашца, Оьрсийчоьнан бахархойх 12600 стаг ву тховкIело йоьхуш. Царех 4885 – Германига. Уьш, дукхахберш, Кадыровн режимах уьду нохчий бу. Немцойн махкара терахь довзийтинарг ю Берлинерчу Миграцин политикан институтан векал Гулина Ольга.

Оьрсийчуьрчу ЛГБТ-н юкъаралло кхушеран юьххьехь хаамбина ша Нохчийчуьра вада аьтто баьккхина ламастехь йоцу ориентаци бахьанехь Iедало хьийзочу 114 стагна, аьлла. Гейш хилла ца Iаш, кхерамехь беха церан доьзалш а бу кIелхьарбаьхначаралахь.

***

Iамерке тховкIело йоьхучу Оьрсийчоьнан бахархойн могIаршлахь ю кхин а цхьа категори – дукха хьолехь пачхьалкхан низамхоша бехк боццушехь бехке ийзийна бизнесхой.

Нью-Йоркерчу юристо Палант Бориса беккъа шена тIебаьхкина нах багарбо:

"Цхьаъ банкир ву, ткъа дукхахберш къона совдегарш бу", - элира цо.

Кхечу Нью-Йоркерчу юристо, Джонсон Эндрюс, элира ша стохка болх бира Оьрсийчуьра вевдда, тховкIело еха веъначу 25-30 стагца, аьлла. Оцу нахах ах "политикан бахьанаша" арабаьхна бара, амма кхоалгIа дакъа, Оьрсийчоьно шайна дуьхьал бехктакхам айбича, бевдда бизнесхой бара, боху Джонсона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG