ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь уггаре дукха тутмакхаш болу пачхьалкх ю Оьрсийчоь


Нохчийчоь -- Чернокозовора набахте, Стаиг.‎16, ‎2007
Нохчийчоь -- Чернокозовора набахте, Стаиг.‎16, ‎2007

Европан Кхеташонна юкъайогIучу 47 пачхьалкхах уггаре дукха чубоьхкина нах болу пачхьалкх ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна бинчу талламан жамIаш довзийтина журналисташна Европан Кхеташонехь Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь.

Таллам бинарг ю Швейцарера Лозаннерчу университетан криминалан талламийн школа. Цо бинчу хаамца, 2015-гIа шо чекхдолуш хIора 100 000 стагах набахташкахь хан токхуш вара 439,2 тутмакх.

Цу гайтамца Оьрсийчоь дуккха а хьалхаяьлла кхечу Европерчу пачхьалкхелла а. Оьрсийчоьнна тIаьхьа йогIуш ю Литва (100 000 вахархочух 278 тутмакх), Гуьржийчоь (100 000 вахархочух 275 тутмакх), Азербайджан (100 000 вахархочух 223,4 тутмакх).

Оьрсийчохь болчу тутмакхийн терахь доьазза алсам ду Европан Кхеташонан декъашхойн пачхьалкхийн юккъерчу гайтамал а (100 000 вахархочух 115 тутмакх).

Делахь а, тутмакхийн терахь лахлуш ду Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу 12 шарахь. Иштта 2005-чу шарахь дуьйна иза лахделла 23% (574 тутмакхан тIетара 439 тутмакхе кхаччалц). Берриг а чубоьхкина болчу нехан терахь лахделла 20 процентана (823 643 тIера 642 470 тIе кхаччалц),

Лозаннерчу университетан Iилманчаш дийцарехь,чубоьхкинчарна юкъахь уггаре дукха бу адам дийна зулам динарш. Уьш бу Оьрсийчохь 27,8%, берриг а тутмакхаш схьаэцча. Европерчу пачхьалкхашна юкъахь и терахь уггаре лакхара ду Албанехь – 39,9 % (Европехь юккъера гайтам бу 13,2%).

Оьрсийчохь адамаш дайарна таIзар дина нах дIабаьхча, шолагIчу меттехь бу наркотикашца доьзна зуламаш динарш -- 25%. Кхин а цхьана гайтамца Оьрсийчохь хIора 100 000 стагах наркотикаш лелийна аьлла чувоьллина ву 90,3 стаг -- хьалхара меттиг Европехь.

Тутмакхашна юкъахь баларш ду Оьрсийчохь 10 000 тутмакхана юкъахь 61,1 стаг. Ерриг а Европехь и гайтам юккъерчу барамехь шозза лахара бу.

Европан Кхеташонан хьалха кечдинчу документаша билгалдоккхуш дара, Оьрсийчохь чубоьхкина нах латточу меттигашкахь тутмакхашна ницкъ беш хилар, иза цу пачхьалкхарчу низамаша дихкина делахь а.

XS
SM
MD
LG